ТIекхочийла долу линкаш

Шемахь лелийначу къизаллех мацца делла а жоп дала дезар ду


World -- Nadim Houry, Human Rights Watch's deputy director of its Middle East and North Africa division, undated

World -- Nadim Houry, Human Rights Watch's deputy director of its Middle East and North Africa division, undated

Дуьненаюкъарчу Хьюман Райтс Вотчо Шеман президентан Ассад Башаран режим бехке йина цо адамаллина дуьхьала зуламаш дарна. Хьюман Райтс Вотчо бахарехь, Iедало дайтина ду и зуламаш. Оцу вовшахтохаралло арахецначу рапортехь дуьйцуш ду Iедалан ницкъаллийн векалша ток етташ а, пIелгийн мIараш йохуш а, къиза етташ а хилла хиларх лаьцна. Хьюман Райтс Вотчан Юккъерчу Малхбалехь а, Къилбседа Африкехь а долчу декъан директорца ХIоурИ Надимца къамел дира Маршо радионо, цара Шемахь хьесапе эцначу зуламийн хьокъехь.

Маршо радио: 200 интервью йинера Хьюман Райтсо и рапорт кечдеш. Шайца къамел динчу наха елла информаци муха теллина аша? Уггар а шу инзара даьхна тоьшаллаш муьлханиш дара?

ХIоури Надим: И къамелаш хIокху тIаьхьарчу цхьана шарахь гулдина ду. Дукхах дерш, Шемана лулахь йолчу Либехь, Урдунехь, Туркойчохь, Иракъехь а гулдина ду. Иштта, Шеман къилбаседехь а гулдина. Къамел динчарах дукхах берш лецна латтийнарш бу я и нах лецна нах латточу центршкахь болх бинарш бу.

Оцу къамелашкахь кхета а, тIелаца а уггар хала дерг, оцу наха набахтешкахь лаьцна латточу хенахь лайначу къизаллийн билгалонаш яра. Цул сов, дукхах болчеран догIмаш тIехь хIинца а ю оцу къизаллийн лараш – букъа тIехь а, дегIан тайп-тайпанчу меженашна тIехь а.
Иза боккъалла онда къизалла ю, нагахь санна хьуна оцу ницкъан лараш 2-3 бутт баьлча а гуш елахь.

Рапортана юкъа яхана мел йолу, нах чохь латтош хилла центраш – уьш ша ерриш а 27 ю – оха тайп-тайпанчу нахера, тайп-тайпанчу меттигашкахь эцначу интервьюш тIечIагIдина уьш хилар. Оцу кепара тхан аьтто баьлла и информаци юьззина юйла а, бакъ юйла а къастон. Цхьаъ я шиъ елахь бен интервью хилла, тхан бух карон аьтто ца баьлла. Иза оха рапорт юкъа ца яхийтина.

Маршо радио: ХIун нах бу аша къамелаш динарш? Маса шераш долуш бу уьш? Политиках мел хьакхабелла бу уьш?

ХIоури Надим: Чубоьхкина а, тIехь ницкъ бина а хилла нах дукхах хьолахь 18-ттий, 35-ттий шерашна юкъара нах бу. Амма оццу хенахь тхан къамелаш хилла лаьцна нах латточу центршкахь тIехь къизаллаш лелийначу 11 шо долчу берашца а. Иштта, цхьа воккха стаг а вара 74 долуш. Иза а лаьцна дIа вигина, оцу нах латточу центрехь чIогIа йиттина, хьйизийна. Уьш массо а божарий бара. Делахь а, царна юкъахь цхьа моггIа зударий а бара.
Iедална дуьхьала хиллачу протесташкахь дакъа лаьцнарш бара уьш, дукхах берш.

Царах цхьаберш, Iедалшна дуьхьала йолчу митингашкахь дакъа лоцучарна гIортор ярна бехке бина бу. Вуьйш, протестийн митингашкахь хиллачара карахь латтийна хилла йозанаш яздарна хьийзийна бу. Кхин берш, митингаш вовшахтухуш гIо дарна а, оппозицина ахча гулдарна а. Ткъа цхьацца берш, герз карахь дуьхьало йинарш санна лецна бара.
Хьалхарчу исс баттахь лецначарна юкъара массо а аьлча санна, масала, маьршачу митингашкахь лаьттина а, маьрша жигархой а бара. Царах дукхах берш, масала, цхьацца информацин хьостанаша хааме даьхначу митингийн суьрташна тIехь гинчех тера дара.

Цул сов, Шеман Iедалан къайлахчу сервисан векалша хIиттийначу цIейозанашца лецна нах а бара шортта. Уьш дуьхьалонан митингашкахь хилла а, я митингакша дуьйла бохуш кхайкхамаш бина а нах бара. Царна юкъахь университетийн цхьанаIойлера стдуенташ бара, цара шайн доттагIашка дехар динера, шайн гIишлонна тIехула оппозицин байракх дIаолла, аьлла. Делахь а, оццу хенахь, вайна шортта божарий го 18 а 35 а шерашна юкъара - уьш лацаран бахьана, Iедална дуьхьала болчу боламна гIортор еш ю бохучу меттигашкахь бехаш хилла бу уьш. Шеман Iедалан къайлаха ницкъаша цига баьхкича караа баьхкина, лецна бара уьш.

Маршо радио: Оцу къизаллашна жоьпаллехь берш Iедалан муьлхачу тIегIанера нах бу? Шуна бевзий уьш?

ХIоури Надим: Оха тхайн рапортехь гулдинарг, ша дерриг а тоьшаллашна тIехь гулдина ду. Бакъдерг аьлча, уьш дукхах дерш, лецна латтийна хиллачу наха дина тоьшаллаш ду.
Цара цIераш ехира цхьаболчу лаккхара тIегIанерчу инарлийн. Уьш, и нах лецна латточу центршка хьовса баьхкина хилла. Царал а гена стенга кхочу вай? Билггал йолу цIераш яц тхоьгахь. Тоьшаллаш дан билггал долу документаш а дац тхоьгахь. Амма цхьа хIума ду дика хууш: иза цхьана я шина къизачу инарло дина хIума дац.

Ерриг а пачхьалкхехь хиллачу 27 набахтийн маша билгалбаьккхина оха. Уьш Шеман маьI-маьIнерчу тайп-тайпанчу гIаланашкахь ю. Масех къайлаха сервис ю цигахь къизаллаш лелош ерг. Цундела, тхоьга хаьттича, Iедало магийна политика иза хиларан, къамел а доцуш, тоьшалла ду иза. Ткъа цо, шен агIора, адамаллина дуьхьала зуламаш дина хилар къастош йолу комисси кхоллар тIедожадо.

Маршо радио: Дуьненаюкъарчу Криминалан Кхеле дала деза боху аша и гIуллакх. Шемаца долчу хаттарехь Оьрсийчоьно позици юьхьарлаьцчи, тамаша бу, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташо иза дан реза хилахь.
Цхьа а кхин агIо юй, адамаллина дуьхьала зуламаш динарш жоьпалле озон?

ХIоури Надим:
Карарчу хенахь, тхоьга хаьттича, тхан уггар а кIезга сингаттам Дуьненаюкъарчу Криминалан Кхелаца боьзна бу. Бакъду, Оьрсийчоь тахана дуьхьала ю оха иза цига дIадаларна. Оьрсийчоьнехьа йолу цхьа аргумент ю, тхо цунна къера а ду – оппозицин тобанаша а, цхьадолу, адамаш даларан бахьана доккхуш долу зуламаш дина боху аргумент ю иза.

Беккъа цхьа некъ бен бац, бехке верг – иза милла велахь а - жоьпе озон, и гIуллакх Дуьненаюкъарчу Криминалан Кхеле чудалар. Нагахь санна, шен накъост Асад Башар а, цуьнан Iедал а адамаллина дуьхьала зуламаш дарна бехке дац бохучуьнца Оьрсийчоь паргIат елахь, иза цунах тешаш елахь а, цо цхьана а кепара сагатдан хьашт дац и гIуллакх Дуьненаюкъарчу Криминалан Кхеле даларх.

ГIуллакх цу кхеле луш ца хилча, ши некъ хила тарло бехкениш жоьпе озон. Цхьа некъ – Адамийн Бакъонийн Кхеташоно кхоьллинчу, Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн мандат долчу комиссе талламаш байтар бу. Кхелан сацамаш беш йолу хьукхмат яц иза. Иза кхел а яц. Амма цара тоьшаллаш гулдо, ткъа уьш, юха кхелехь лелон йиш йолуш ду.
ШолгIа некъ, юкъара низамаш долчу пачхьалкхашка, масала, Европера пачхьалкхашка, тIейогIучу хенахь шаьш долчу веана Шеман Iедалера стаг кхеле озавайтар бу. Тхо-м, дог дохуш ду, эххаре а, Шемахь керла Iедал а хIоьттина – ханна делахь я гуттаренна а долу керла Iедал делахь а – цо Дуьненаюкъарчу Крминалан Кхеле и гIуллакх къастадайта бакъо лур ю бохучух.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG