ТIекхочийла долу линкаш

Ирландехь бусулба зудчунна эшам барна гIуда тоьхна туьканан долахочунна


Туьканан корехь лаьтташ ю бусулба духар гойту манекенаш.

Туьканан корехь лаьтташ ю бусулба духар гойту манекенаш.

Цхьана бусулба зудчо Ирландера туька кхеле елла, шега коьртахь, дино ма-бохху, тиллина йовлакх долуш болх ца бойту аьлла. Дукха хан яц цу пачхьалкхехь цхьана нохчийн мухIажаро, ша коьртахь хIума а йолуш туькана яхча, шеца ларам боцуш хилла аьлла, кхеле а яьлла, толам баьккхина.

Кху деношкахь хаам баьржина, Ирландехь цхьа бусулба зуда кхеле яьлла, ша болх бечу туьканара дIаяьккхина ша, шен коьртахь хиджаб хилар бахьана долуш, аьлла. Таворайте Лорета цIе йолу и зуда Ирландерачу „Даннес Сторз“ туьканийн машанахь болх беш хилла, ша бусулба дин тIеэцале.

Цхьана дийнахь, ша им диллинчул тIаьхьа, коьртахь, бусулба дино ма - яздара, хиджаб а йолуш, балха еана хилла иза. Ткъа туьканан куьйгалло шайн туьканийн машанехь лелош дерг цхьана кепара юкъара духар ду, цуьнца коьртахь хIума лелор догIуш дац, аьлла, дихкина цунна мас къевлина балха яр.

И санначу хьолехь оццу Ирландехь цхьана нохчийн мухIажаро, кхеле а яьлла, толам баьккхинера. Масех шарахь дуьйна Дублинехь ехаш йолу Бисаева Хеда цхьана дийнахь шен кIантаца мачаш юхкучу туькана яхана хиллера.

Коьртахь бусулба Iедалехь тиллина хиджаб а йолуш йолу хIара, шен кIанта мачаш тIеюхучу юкъана уллохь собар деш а йолуш, туьканан хехо тIевеана, цу чуьра сихонца араяьла аьлла кхуьнга. Иштта дуьйцу Бисаева Хедас цу дийнахь шеца Iоттаделлачух лаьцна.

Бисаева Хеда: „Бахьана хIун ду аьлла ас хаьттича, хехочо шена ца хаьа, хьаькамо хьо араяккха аьлла соьга, элира. ТIаккха кIанте, иштта боху кхара соьга, аьлла, дIа арадели тхойша. Ара а даьлла, схьавалаве хIинца шайн хьаькам, эли оха".

Иза схьавалийча, цо а цхьа а хIара ду аьлла бахьана ца дийци. Мелла а къовсамаш а, дIасааларш а хилира тхан цигахь. Эххар а, хIара шуна иштта дуьсур дац, аш юьйцург харцо ю, шуна моьттург бакъ дац, аьлла дIадахара тхо“.

Ингалс мотт дика хууш йолчу Хедас а, цуьнан кIанта а шайца цу кепара кIоршаме хиларан бахьана даладе аьлча, цхьа а хIара ду аьлла, дийца бахьана ца хиллера туьканан белхахойн. Амма эххар а кхеташ хилира, цу туькан долахочо бекъа цхьа бусулбачаьрца болчу цабезамна хIорш цу чуьра арабаха аьлла шен белхахочуьнга омра динийла.

Хеда: "ТIаьххьара а элира цо, масех кIира хьалха кхузахь лелаш цхьа зуда яра, коьртахь хIума а йолуш, цуьнца цхьа кIант а вара, ткъа цу кIанта шега цхьа хьашт доцу хIума элира, тIе а веана, аьлла. Доцца дийцича, шу кхуза кхин дахка ца магадо ша, аьлла элира цо. Кхин цхьа а хIара ду аьлла бахьана а дацара. Царна ца тайнарг йовлакх дара“.

Цхьа а даьлла хIума а доцуш, шайца и кеп хIотторна вас хилла нохчийн мухIажар кхеле яьллера, шен дин а, динца догIуш долу духар а бахьана долу гIело йина шена, аьлла.

Хеда: „Кхеле делча, вовше къинтIера а девлла, хIума дан деза вай, аьлла, кехат даийтинера соьга. Шу ас сайна къинтIера даха, соьгара даьлла хIума а дац, аьлла, жоп дахьийтира ас. Цу юкъахь масех статья ю, рассизм а ю, дискриминаци а ю, йовлакх бахьана долуш гIело яр а ду, дуккхаъ хIума ду цу юкъадогIуш. Юха кхеле-м уьш дикка кечам а бина, баьхкинера, ма-дарра аьлча, юьхьенца мелла а тхох ца бешаш кеп а лелош бара уьш.

Шайца шайн адвокаташ а бахкийнера цара. Тхо-м, тхаьш бехке ца хиларх терра, паргIат дахнера цига. Пхеа сохьтехь хилира и процесс. Харцдерг тола йиш яц, Даламукълахь, цундела уьш ийшира. 1500 евро гIуда туьйхира царна. Тхуна лаахь, кхин а алсамох компенсаци цаьргара яккхархьама кехаташ чудала йиш ю а элира кхелахочо“.

Ирландехь ехаш йолчу нохчийн мухIажаран Бисаева Хедин масало гойту, кхиинчу юкъараллашкахь муьлха а стаг шен бакъонехь къовса а, цу къийсамехь тоьлла аравалала йиш юйла.

Масех адвокат а, кхелашкахула девнаш къасторан доккха зеделларг а долчу Ирландин уггаре а яккхийчарех йолчу туьканийн машанца иккхинчу къовсамехь толам баьккхина Хедас, шена белшаш гIортон ярабевлла цIеяххана адвокаташ а, я хаамийн гIирсийн векалш а ца хиллехь а. Цу тIехула дIа бIаьрг тоьхча, туьйранерачу Давидан, Голиафан къовсамехь террачу девнехь бакъдерг тоьлла.

Дукхахьолехь нуьцкъалчийн агIо лоцуш йолчу Оьрсийчуьрчу кхелех болчу дагалецамашца бехаш болчу Европерачу кхечу вайнехан мухIажаршна доккха масала ду и Бисаева Хедас гайтинарг, ша-башха прецедент лара мегар долуш. Нагахь санна хьо бакъвелахь, амма хьайца харцо а, гIело а йийцинехь, иза ловш а ца Iаш, кхеле валар а, хьайн бакъо къовсар а жамIа доцуш ца дуьйссийла гойтуш долу масала ду иза.
XS
SM
MD
LG