ТIекхочийла долу линкаш

Доьрзуш долчу КIиран Хиламаш


Нохчийчоь -- Соьлжа-ГIаларчу даздаршкахь Кадыров Рамзан хелха волуш, 05Лах2012

Нохчийчоь -- Соьлжа-ГIаларчу даздаршкахь Кадыров Рамзан хелха волуш, 05Лах2012

Кадыров Рамзана «Комсомольская Правда» газетана еллачу интервью тΙера беламе хΙуманаш. Нохчийн лаьмнашкарчу тΙемалоша даккхий дараш дина шайна тΙегΙертачу Ιедална. Дагестанехь зенаш хилла тΙемалошна, вийна коьрта баьчча а, могΙара хьалханча а. Иштта бара кху денойн битамаш.


Нохчийчуьра хьал а зуьйш, мехкан финансех, Оьрсийчуьрчу демократин хотΙах а лаьцна ша динчу хеттаршна Кадыров Рамзана делла жоьпаш зорбане даьхна «Комсомольская Правда» газето.

И интервью а, Къилбаседа Кавказера кхидолу керланаш а тидар дийхира Маршо Радионо регион дика евзачу журналисте, комментаторе Фуллер Элизабетига.

Беламе Стаг ву Кадыров...

Фуллер: «Кадыров Рамзанца, и емалван догΙуш, дуккха а дукха хΙуманаш ду. Амма цуьнан уггаре а луьрачу критикаша а дередо, иза самукъане стаг хилар - велар ца эккха йиш йоцу хΙуманаш цо дуккха а дуьйцу».

«Комсомольская Правдана» елла интервью а яц беламечу хΙуманашна беркъа, боху Фуллер Элизабетас. Москохахь Путинна резабоцу нах арабовлар нийса дарий, аьлла, журналисто хаьттича, дацара, боху Кадыровс. Амма интервью оьцучо, иза демократица догΙуш-м ма ду, аьлла, тΙе а тоьхна, хоьтту: Соьлжа-ГΙалахь могуьйтийла дуй нахана гуламашка бийлар?

Демократи-м тхан кхузахь а ю, бакъду, Москохахь санна кхайкхамаш бан тхан нахана дага а-м догΙур дацара, ша цхьа Умаров Докка схьаэцча-м хаац, ГΙалин мэро бакъо елча а, Путинна дуьхьалбаьккхинчу гуламе нах гΙур бацара, боху Кадыровс. Оцу къамело елар оьккхуйту шегахь, дуьйцура Фуллер Элизабетас.

Кадыровн коьрта лазам бу, аьлла, хета ингалсхочунна Фуллерна, Москохарчу "Роснефть" компанино ша юьллур ю хьалха баьхна мехкдаьтта чекхдоккху завод юьллуш яцар.

Комментаторна беламе хета, Кадыровс массийтта шарахь дуьйцу махкарчу тΙемалой терахь даима а цхьаъ хилар.

Набахтера Балийна "ТIемалой-м" бац-те Нажи-юьртарнаш?

Фуллер: «Комсомольская Правдано» дагадоуьйту, цо шо шаре моссаза долу а Нохчийчохь дийна бисинчу тΙемалойн терахь 50-нна тΙера 70-не кхоччуш далош хилар. Кадыровн чот метта а йогΙур йоцуш йоьхна ю ( цо ша экономикан Ιилманийн кандидат ву, бохуш, дозаллаш дахь а). Цкъа цо 70 террорхо висина ,бохура, тΙаккха - 40-50, тIаьххьара а бохура, махкахь цхьа а террорхо вац. Халахеташ делахь а, ца хоьтту «Комсомольская Правдано» цуьнга, хΙун башхалла ю тΙемалочунний, террорхочунний юкъахь».

Фуллер Элизабетас рогΙехь туьдург ду Кадыровн администрацино махкахь тΙемалошна дуьхьал латтабе къийсам жигара баккхар.

Фуллер: «Дахначу кΙиранах ас дагадаийтира, Кадыровс нохчийн полисхошна а, эскархошна а хьалха Дагестанан дозанехь лерина операцеш дΙакхехьар жигара а даккха, шена дика жамΙа гайта, аьлла, дина омра».

И гΙуллакх кхочушдеш юьхьанца бина тΙом низамхойн аьтто боцуш бирзира. Гарехь, Нажи-Юьртан кIоштахь тΙемалоша царна, хΙилланца уьш гура чу а бигина, шина агΙор тΙе герзаш диттина. Кхо полисхо вийна, бохура Iедало, ткъа Маршо Радиоца зΙене ваьллачу тΙемалочо, шаьш Кадыровн ницкъех 4 вийна, 13 лазийна, аьлла, хаам бира. Доцца аьлча, Iедало лахдеш дуьйцу шена хиллачу зенан терахь а дац кΙезигчех.

Кадыровс бехке до доккха деъна ло, иза тΙемалошна а доцуш санна иштта новкъа. Еарий дийнахь тΙемаш дΙабоьлхуш бу,аьлла, хаам бира официалехь. Фуллер Элизабетина го сурт иштта ду: Нажи-Юьртан а, луларчу Дагестанан Казбековски а кIоштахь кхаа декъе екъаеллачу тΙемалойн тобанех леташ бу шина мехкан ницкъаш а, эскархой а. Дараш хилларг цкъачунна Ιедал ду. Ткъа тΙемалойх лайлахь цΙийн ларш бен а ца карийна къепе хΙоттош хьийзачу агΙонна.

Фуллер: "Хьоло, гарехь, Ιедал юьхьΙаьржонах ларлуш декхаре хуьлу, Кадыровн доларчу набахтешкара, тΙе Ιаьн духар а доьхна, тΙемалой бара, аьлла, хьалхо байъина нах санна, хΙинца керла нах байъа».

Фуллер Элизабетас дагалоьцург ду, ши кΙира хьалха Веданана уллерчу Теза-Кхаьллахь, тΙемало бара, аьлла, набахтешкахь кхобуш хилла кхо кΙант халкъана вийна дΙагайтар.

Комментатора кхидΙа тидам тΙеберзабо Дагестанехь кху кΙиранах хиллачу тΙемашна.

Шелоно ГIаттамхой Ярташна Герга Уьйзу

Фуллер: «Дагестанехь, мелхо а, тΙемалошна хилла зенаш дΙадахначу кΙиранах. Бахьана, хетарехь, шелонах къехкаш, тΙемалой ярташна гергаэхар ду. Ши тΙемало вийра кху кΙиранах Хасу-Юьртана уллерчу Муцал-Аулехь. Цхьаъ царех меттигерчу тΙемалойн тобан хьалханча Касумов Мохьмад ву, боху».

И Фуллер Элизабентас хьехабе хилам еарийн дийнан бара. Ткъа оршот дийнахь мехкан кхечу маьΙΙехь, Карабудахкентан кΙоштахь вийна виъ тΙемало, царех цхьаъ Дагестанерчу гΙаттамхошна стохка коьрте хΙоттийна баьчча Даудов Мохьмадхалил –Амир Салихь- вара. Иза, гарехь, чов хилла а волуш, кΙелхьарвала гΙиртина, амма гΙел а велла, шел а велла, дΙаваьлла.

Фуллер: «51 шо дара Салихьан, уггаре а шога а, дика тΙемаш бен баьчча а ларалора иза Дагестанехь. Оьрсаша цунна бехке дора массех доккха эккхийтар цо дайтина хилар. ХΙинжа-гΙалахь – цхьа полисхо а вуьйш, 40 лаза а веш эккхийтар даррий, Раздобудько Виталий а, Хорошева Мария а лелхаррий».

Ιедалан карах белла берриг а Даудовн доьзал, цхьа воΙ лурчахчул хьалха, шолгΙаниг-лурчаха, кхоалгΙаниг - иза леччу дийнахь вийна. Ткъа цуьнан зуда йийра Москохахь лурчаха, эккхийтар дан еъна, аьлла.

Дагестанан чоьхьарчу гΙуллакхийн министра Магомедов Ιабдулрешеда шайн махкахь 300 тΙемало ву боху, 12 тобанахь. ТIемалойн коьрте мила хΙоьттина, цкъачунна хууш дац.

Иштта дара даханчу кΙиран тидарш. Уьш деш дакъалаьцнарг яра журналист, комментатор Фуллер Элизабет.
XS
SM
MD
LG