ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кавказ - Европехь уггаре а къиза тIеман дов лаьтта меттиг


Къилбаседа Кавказ - Дуьненаюкъарчу кризисийн тобан лого, The International Crisis Group logo

Къилбаседа Кавказ - Дуьненаюкъарчу кризисийн тобан лого, The International Crisis Group logo

Дуьненаюкъарчу кризисийн тобано Iора дьаккхина шен рогIера рапорт. Цо дийцарехь, кху шеран хьалхарчу 6 баттахь Къилбаседа Кавказехь вийна лаххара а 242 стаг, 253 – чевнаш йина ву. Цу вовшахтохараллана хетарехь, Къилбаседа Кавказераниг Европехь уггаре а къиза тIеман конфликт ю.

Дуьненаюкъара кризисийн тоба (The International Crisis Group) олуш йолу вовшахтохаралла кхоьллина 1995-чу шарахь. Карарчу хенахь цуьнан куьйгалхо ю Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан адамийн бакъонашкахула Лаккхара комиссар хилла Арбур Луиза. ХIора шарахь 90 гергга рапорт арахоьцу цу организацино, карарчу хенахь кху дуьнентIехь йолчу 50 сов конфликтехь хуьлуш дерг дуьйцуш.

РогIера шен рапорт Iора даьккхина цу тобано баханчу баттахь. Цуьнан цIе ю «Къилбаседа Кавказ: Интеграцин халонаш: пачхьалкхан урхалла, харжамаш, бакъо коьрта хилар». Ткъа кху беттан 7-чу дийнахь Москох хилира и рапорт довзийтар.


Дуьненаюкъарчу кризисийн тобано дийцарехь, Къилбаседа Кавказераниг уггаре а кIиза тIеман дов ду Европехь. Рапортаца а догIуш, 2022-чу шарахь цу конфликтехь вийна 700 стаг, 525 – чевнаш йина ву. Ткъа кху шеран хьалхарчу 6 баттахь цигахь вийна лаххара а 242 стаг, 253 – чевнаш йина ву.

Адамашна тIехь ницкъ бар уггара лакхара ду Дагестанехь. ШолагIчу меттехь . Нохчийчоь, тIаккха – ГIалгIайчоь. Бакъонашларъярхоша шайн рапортехь билгалдоккху 20I2-чу шарахь ГIалгIайчохь хьал алсам телхина хилар.

Къилбаседа Кавказехь долу хьал карзах даьлла хиларан бахьана ду территорешна гонах долу девнаш дIадерзийна ца хилар а, административан дозанаш а, латтанаш а, ресурсаш а къийсар а, къаьмнийн юкъаметтигаш галйовлуш хилар а, дин бух тIехь цакхетамаш хилар а, Iедална политика нийсо лелон ца хаар а, низамаш коьрта хилар дохор а.

Дуьненаюкъарчу кризисийн тобанна хетарехь, цу регионера бахархой хедаш бу ОЬрсийчоьнан пачхьалкхах. Цуьнан бахьана ду и регион Оьрсийчоьнан Федерацин кхечу регионашца дIаийна ца хилар.

Рапортан авторшна хетарехь, 1999-чу шарахь Путин Владимир Iедале веача цо болх бира Советан Пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа автономешна кхаьчна йолу маршонаш дIайохуш. Эххаре а цо кхоьллира центран карахь тIех дукха бакъонаш йолу пачхьалкх.

Дуккха а Къилбаседа Кавказера бахархой Москох долчу федералан Iедалша сацамаш тIеоьцуш шаьш юьстах дуьсу аьлла хеташ бу. 2011-чу шарахь парламентан харжамаш дIахьош а, 2012-чу шарахь президентан харжамаш болуш а Iедалша лелийначу харцонаша пачхалкхан легитималла лахйина бахархойн бIаьргашкахь.


2013-чу шарахь Пачхьалкхан Дума реза ца хилира цхьацца меттигашкахь губернаторш бахархошка харжийта. И бакъо цара дIаелира меттигерчу депутаташна. Цу тайпа регионашна юкъахь ю Къилбаседа Кавказан 7 субъект а. 2004-чу шарахь дуьйна и бакъо яра Оьрсийчоьнан президентехь.

Цу кепара, дукхах болчу бахархой аьтто бац демократин кепехь Iедалшна Iаткъам бан а, политикан дахарехь дакъалаца а,-бохуш яздо Дуьненаюкъарчу кризисийн тобано.

Цо билгалдоккха 20 шарахь ницкъаллийн структураш лелийначу харцонаша бакъо тоьлур ю бохучух нехан тешам байина хилар. Бакъонашларъярхоша дуккха а меттигаш гучуяьхна нуьцкъала адамаш дIадигина а, уьш хьийзийна а, дайина а. Амма цу нахана а, байинчеран гергарчерна а бакъо ца карайо махкахь, аьлла ду рапорт тIехь.

И дерриг а цхьаьнатоьхча адамийн тешам бов Iедалан институташка болу. Дуккха а Къилбаседа Кавказерчу бахархошна, коьртачу декъана бусулба нахана хетарехь, низамаша а, Iедалан кепаша а шайх тешам байина. И бахьана долуш уьш тIегIерта бусулба низамашна а, Iадаташна а. Цара шайна аьхна йолу дахаран кепаш кхуллу къаьсттина Къилбаседа Кавказан малхбалерчу республикашкахь бохуш, жамI до кризисийн тобано.

Рапорта тIехь хьехарш а дина кризисийн тобано Оьрсийчоьнан Iедалшна а, Къилбаседа Кавказерчу республикийн куьйгалхошна а, Оьрсийчоьнан къоман террорана дуьхьал йолчу комитетана а, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думанна а, Къилбаседа Кавказерчу мехкашкарчу диндайшна а, Европан Кхеташонна а.

Иштта, бакъонашларъярхошна хетарехь, Оьрсийчоьнан Iедалша леррина программа кхолла еза Къилбаседа Кавказе Оьрсийчоьнца интеграци яйта. Регионерчу Iедалша тIамца доьзна доцу некъаш лаха деза, тIемалошна дуьхьал лаьтташ. Пачхьалкхан Думо амнисти кечъян еза Къилбаседа Кавказерчу тIемалошна.

Цул сов, Оьрсийчоьнан Iедалша хийца еза махкара политикан система, демократин кепаш юкъаялор Iалашонца, ткъа Европан Кхеташоно сацо ца деза Къилбаседа Кавказехь йолчу конфликташна мониторинг яр, алсам тидам тIебахийта беза цунна, Оьрсийчоьнна тIеIаткъам бан беза Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бина сацамаш кхочуш байта.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG