ТIекхочийла долу линкаш

Ичкерин Iедалан Антверпенерчу кхеташонера


Бельги - Нохчийчоь Республикан Ичкерин министрийн кабинетан кхеташонехь, Антверпен, 01ГIу2013

Бельги - Нохчийчоь Республикан Ичкерин министрийн кабинетан кхеташонехь, Антверпен, 01ГIу2013

Нохчийн Республика Ичкери Оьрсийчоьно тIемашца йохийнехь а, къоман цхьана декъо шен дахар хIинца а дузу деккъа дIа маршонан некъаца. Кху деношкахь Бельгехь шен рогIерчу кхеташоне гулбелира Ичкерин куьйгалхой. Оцу барамна гергаоьзна хIиттийра Антверпенехь спортан къовсадаларш а.




Нохчийн къоман иэсехь цкъа а хилла доцу, хIинца юкъадаьлла сурт гора Антверпенехь – Бельгин шолгIачу шахьарахь. Шайн-шайн жуларшкахь Iачу, ханна уггаре жимчу чкъорах болчу нохчаша, бераша, буьйцург бара уьш баьхк-баьхкинчу пачхьалкхашкара меттанаш. Данерчу бераша вовшашца - оцу мехкан мотт, Голландерчара – голландийн, Белгерчара – францойн, Германерчара – немцойн. Ткъа ненан мотт ? Иза а кхетабора цара…

ШолгIа тидам. Кортош сирбелла итт-пхийтта шо хьалха даймахкарчу Iазапо лаьхкина Европе кхачийначу Ичкерин кIентийн а, мехкарийн а. Амма хьуна хьалха уьш бевзаш хиллехь, хIинца а довзалуш ду церан юьхь-сибаташ. Оцунна а «элхьамдуьлиллахI» олуш бара пхийттех шарахь дуьххьара Анверпенехь вовшахкхетарш.

Ичкерин Iедалан дас, аьлча а, хьалха вице-премьер Iийначу, тахана долахь мохк бацахь а, йохаза юьсучу министрийн кабинетан хьалханчас - Лондонера Закаев Ахьмада - кест-кеста гулбо шен го кхеташонашка. Хуьлу барамаш, хIинца Анверпенехь хIоьттинарг санна, Европан маьI-маьIехь.

Хьалха Данехь а, Полшехь а меттигерчу полицино Оьрсийчоьнан лаамца лоьцуш, тIе куьйгаш кхехьнехь а, Белгехь Закаевга а, я цига баьхкинчу кхечу бевзаш болчу нохчашка а претензеш йолуш вацара бухарчу Iедалх стагга а. Цундела маьршша гулбала а, хенан мур бийцаре бан а, Iалашонаш билгалъяха а аьтто хилира ичкерийхойн.

Кхеташонехь дийцаре динчу массех гIуллакхашлахь дара Европехь бехачу нохчийн доьзалшна шайн къоман маттах, нохчаллах уьш херлур боцу некъаш бахар а, Оьрсийчоьно набахтешкахь Iазап кIел кхобучу нохчашна дуьнене орца дехар а, Кремло къомана тIехь яллийна а, яллаен а гIело дуьненан трибунале кховдор а.

Иштта дийцаре дира Ичкерин паспорташ а, безамна цуьнан ахча арахецар а, Дудаев ЖовхIаран а, Масхадов Асланан а Iедалехь луш хилла орденш, мидалш лелаяхар а. Кестта хIиттон кечбечу барамашлахь дара нохчийн къам Сибрех хьажийна 70 шо кхачар билгалдоккхуш Европан шахьаршкахь гуламаш дIабахьар.

Закаев Ахьмадан кхеташонерчу къамелан кийсиг ю хIара.

Закаев: «Вай дохийна 70 шо кхачарца доьзна кху Европехь, Париж елахь а, Брюссель елахь а, Берлин елахь а, Лондон елахь а, оцу меттигех цхьанхьа вай гулам дIахьор бу. ТIаьхьо девзар ду шуна цунах дерг. Иза вай тахханехь нахала даьккхина, майдане диллахь, и гулам дIа ца бахийта а, хила деззачу агIор жамIаш а деш, тIеэца еза резолюци чекх ца ялийта а, кхидерг а дохон новкъарло енъерш алссам хир бу, цундела вай иза стенгахь хIоттор бу жимма тIаьхьа хоуьйтур ду.

Вай тахана цхьана доллучуьра кхин цхьа хIума а ала луур ду суна. Кху вай кечдинчу Ичкерин паспорташна гонаха дуьйцу, цуьнан мах буй-баций, бохуш. Делан возалора, кхуьнан мах бан а ма бац – нохчийн къоман паспорт ду хIара!

Вай хIоттийна болу и 58 евро мах – иза кхунна тIехь хIара деш къахьегначу нахана дIадалал а дац. Оццул мах а ца хIоттийча, ца дало хIара паспорт. Вайна лаарх кхоллалуш ма дац хIумма а. Вайн Iедало уьш дайтина. Вешан ницкъаца дойтуш а ду. ХIорш почтехула дIакхачоран а, кхечу кху тIехь бечу белхан а мах бу иза.

Нахана хIара оьшуш хиларан коьртаниг хIун ду? Махках бевллачу нахана аьтто хир болуш, пайде хир долуш ду паспорташ. Ткъа оцу тIехь къахьегар ду вайна коьртаниг.

Тахана вайн векалш бу массанхьа а. Цара тIебаьхкинчу нахаца белхаш а бо. Цундела хIара а (паспорташ), вай геноцидах лаьцна дуьйцург а санна, политикан хьолехь доккха маьIна долуш хIума ду.

Геноцидан 70 шо кхачаран ачо, чов гойтуш тIаьхьало ю хIара паспорт а, цо гойту къомана тIера иза хIинца а йирзина йоцийла а, ерза герга йоцийла а. ХIара паспорт вайна деза аьлла, вайна тIехь йина а ю и геноцид-чов. ХIара паспорт вайн хила деза аьлла, вай иза юкъадаккха, вайн лаам бохон. Хьолах вай кхета, дIадаьлларг а, леларг а вовшахдаккха йиш йоцуш гуш а ду, вайн халкъан кхолламехь долуш дерг ду иза.

РогIера хаттар. "МухIажирийн" кхеташо олийла вай цунах, берриг а арахь болчу вайнехан векалш юкъахь а болуш, цхьа урхалла тайпа го кхоллар, и тоба билгалъяккхар ду вайна оьшуш. Вайн оцу тобанца къахьега а деза. Массо хIуманна тIехь церан болх дIабахийта хьовса а деза.

Тахана махкара арататтаделла адам баккъал а цIахь долчу ирчачу хьоло халчу хIоттийна, дохийна ду. Ткъа оцу нехан некъ сийсабеш арабевлла лелаш нах а бу вайна юкъахь. Европерчу пачхьалкхийн Iедалшка къаста ца бало иштанаш. Вай гIо дийр ду Европана оцу тIехь. Баккъал а боьхна баьхкина нах тIеэцийта а, церан аьтто хилийта а, церна лаам чекхбалийта а вай накъосталла дан деза. Цунна лерина комисси кхуллур ю вай.


Закаев Ахьмад, Ичкерин лидер, Aнтверпен, 01ГIу2013

Закаев Ахьмад, Ичкерин лидер, Aнтверпен, 01ГIу2013

​Нехан гIуллакх талхо ца кхуллу и комиссии, кхуллу гIо оьшучарна накъосталла хилийтархьама. Зуламна араевлла лелаш тобанаш ю. Цара цIа а оьхуш, цигара хьал даладелла ду а бохуш, кхуза нах бахьана а доцуш схьалеста а бохуш, цигарчу структурашкахьа болх бо. Ишттачийн доьзалш кхузахь бу, доьшуш а, дерриг Европано луш долу диканиг дIагулдеш а, ткъа шаьш зуламаш леладеш а бу. Иштанаш вай Iорабохур бу. Комиссино Европерчу Iедалшца болх бийр бу».

Ичкерин паспорташ декъар шакъастийна тема яра кхеташонехь. Йоцчу пачхьалкхан васт шайца лелоррий бен кхин цхьа а ницкъ боцуш дIадоькъучу царех хIун до?

Оцу хаттарна жоп луш, Закаев Ахьмада а, цуьнан гIовса Ферзаули Iусмана а, кхеташонан кхечу декъашхоша а дийцира, и паспорташ карахь долчу нохчийн мухIажиршна тхов-кIело ялар аттачу дер ду, цара мехкийн Iедалшна Ичкерин Iедаллий бен шаьш къобал ца дойла гойтуш хилча, бохура кхеташоне баьхкинчара.

Цул совнаха, и паспорташ шайца леладечу нохчаша хоуьйту дуьненна а шаьш паргIатонах хьоьгуш бехийла а, шайн дахар маьршачу Нохчийчоьнца бен дузийла доцийла а, аьлла ду кхеташонан жоп.

Ткъа шаьш паспорташ Европано арахеца а магош кечдина а, цуьнан пурбанца доькъуш а ду. Муьлххачу а нохчочун, Чеченпрессан сайта тIехь интернетехула анкета а юьзина, паспорт схьаэца йиш ю, лаахь Кадыров Рамзанан а тIехь, къоман маршоне хьогам лаьттийла дуьнненна гайтаррий бен зен хир дац цунах а, элира Маршо Радионе Закаев Ахьмада.

Иштта бара Антверпене гулбеллачу политикаша бинчу белхан боцца чулацам. Ткъа кхечу меттехь, гIаларчу цхьана спортан комплексехь гулбира Ичкерин спортан департаментан куьйгалхочо Тахаев Руслана Европера схьагулбина нохчий паргIат охьатохарх латархой. Дуьненаюкъара нохчийн турнир аьлла цIе тоьхна болу и барам бара массех бутт хьалха Туркойчохь вийначу Ичкерин векалан Онлу Медетан хьомара.

Барамах лаьцна Маршо Радионо ша кечйина материалаш рогI-рогIехь йовзуьйтур ю.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG