ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIала яьккхина де


Ельцин Борис, Масхадов Аслан
Ельцин Борис, Масхадов Аслан

ТIеман коьрта буьйранча Масхадов Аслан коьртехь а волуш, Соьлж-ГIала лаьцна Iачу Оьрсийчоьнан тIеман дакъош гоне лецира нохчийн эскаро I9 шо хьалха. Иштта юха схьаяьккхира мехкан шахьара Кремлера. И «ЖихIад» цIе тиллина операци дагайогIурш дуккха а бу.

Тахана, оцу операцийн мах хадош, цхьаболчу наха дуьйцуш ду, гIала дуккха а ахча а делла, эцна яра бохуш. Иштта ца хиллехьара, иза схьаяккхаулар а яцара, аьлла хета царна.

Дуьххьара дIа иштта шайна хетачун бахьана даладо цара, и операции хир ю аьлла, кIира а, ши кIира а хьалха хууш дара бохуш. Дицдо цара цхьа хIума. Оцу хенахь, хIора дезде дара иштта цхьацца хIума хила мега, оцу дийнахь тIемалой чубогIур бу, бохуш, къамелаш хилла хилар. Цхьа бутт дIа ца болура, иза иштта хира дац аьлла, эладитта ца даьржаш.

Марсхьокху-беттан 6-чу дийнахь доладелира дерриг. Сатоссучу хенахь, Соьлжа-гIала массийта агIора чу а баьхкина, дуьххьара дIа оьрсийн эскархоша куп тоьхначу меттигашна гонаш динера тIемалоша.

Ханкалара а гIо деана, некъаш къевлинера. БIьаргаш кхоьру, куьйгаша до бохучу кепехь яра и тIеман операци.

Оцу хенахь журналист болх бина ву, тахана ша бизнесхо волу Мусаев Руслан. Цо Маршо Радиога дийцира, цу дийнах лаьцна шена дагадогIург.

Мусаев: «ТIемалой чубогIур бу, гIала схьайоккхур ю, кхузахь гIуллакх доцург схьавала, зударий-бераш дIа ара даха бохуш, хабарш ма дарий дуьйцуш. Журналисташ а болуш, дIасалелаш гора, тIам тIе лелаш болу нах дукха баьржинера гIали чохь. Литвара схьавеана цхьа корреспондент вара Витас Батайтис цIе йолу.

Тхойшиъ базарана уллехь Грибоедовн цIарах урамехь вехаш вара. Пхи сахьт долучу хенахь, Iуьйрана, гранатомет тоьхна гIовгIа яьлла, маьнги тIера чувуьйжира со.

Араваьлча, мажошйолу нах бу «АллахIу Акбар» бохуш, лелаш, стиглахь беракеманаш а дара».

Шина кIирнах лаьттинчу тIеман тасадаларшкахь, официала болчу хаамашца, 500 ца кхоччуш оьрсийн эскархо вийнера, цхьа эзар ах эзар лазийнера. Иштта лар йоцуш вайна ву ши бIе ца кхоччуш салти а, хIетахь хиллачу милицин белхахо а.

Ша ерриг йохийна ю 87 танк а, 23 машен а, 3 беракема а. Соьлжа-гIала а, Гуьмсе а, Аргуне а, ша верриг чувахана хилла вара цхьа эзар ца кхоччуш тIемало. И операци иштта дIачекхъяларан бахьана, журналист хиллачу Мусаев Русланна го, могIарерачу наха царна массо а агIор гIо деш хиларна.

Мусаев: «Цу хенахь ша верриг аьлча санна, тIом бечу нахана гIо деш вара. Шаьш яьккхина йолу кепек царна дIалуш а, чу садиллина бара. Вайн наной а, дай а бара уьш. Цу хенахь хIинца санна барт боьхна а, бацара нах. Цхьа Iалашо яра. ШолгIа тIом санна къиза а бацара хьалхара тIом. Дукха а яхь а йолуш, дика нах дийна а бара. ХIора нохчочунна лууш ма дара нохчий толийта. Уьш тола а ма безара».

Марсхьокху - беттан 20-чу деношкахь динчу дагадовларшца барт а бина, машар хIоьттира Нохчийчохь. ХIинцалц вовшех маса тоьпийн Iалашонехула вовшех хьежна болу эскархой а, нохчийн тIемалой а, цхьана комендатурашка а кхетта, махкахь къепе лардан хIоьттира.

Цул тIаьхьа, Хасу-юртахь машаран дийцарш а дина, Москохахь Кремлехь, Ичкерийн президента Масхадов Аслана а, Оьрсийчоьнан президента Ельцин Бориса а, бертан кIела куьг таIийра, тIом сацош бу аьлла.

Оцу бертан коьрта артикл яра, кхин дIа йолчу ханна, къийсаме долу муьлхха а хаттар, дийцаршкахула бен къастор дац аьлла. Историкан Байсаев Iусамана, хетарехь, нохчашка, шайна схаьелла йолу маршо латта ца ялар, беккъа церан шайн бехк бац. Маршо Радиога цо иштта элира.

Байсаев: «Дукхаъчара, вайн вешан бехк бу олий тIелоцу иза. Хир бу цхьана агIор, дола ма дарра, иза дIа чекх ца далар. Юха шолгIа тIом балар бехк а, вайна тIехь хир бу. Амма коьрта бехк Оьрсийчоьнан пачхьалкхан куьйгалхойн бу. Хьалкъо хаьржинчу президентаца, кхин дIа а къамел а деш,и хьал машаре дерзо лиънехьара, иза дан хала дацара.

Нохчийчохь оцу хенахь хилла йолу цхьайолу тобанаш, кхиин новкъа а яцара цу хIуманна. Оьрсийн куьйгалхой, шаьш оцу бертан кIела куьг таIочу дийнахь дуьйна, шолгIачу тIамна кечлуш бара, ницкъ вовшахтухуш».

I997 шарахь дуьйна, Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх санна лаьттинера. Тахана а и хан дагалоцуш, дукхачу наха, хала хиллехь а, шаьш баккъал а маьрша дара олу.

Тахана и ойланаш гучу а ца йогIу наха. Амма лакхахь ма аллара, иза дагчохь, цхана геннарчу сонехь, и сатийсам хила мега нехан. Цунна уьш емал бойла а дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG