ТIекхочийла долу линкаш

Ичкерин эскаран Украинера бIаьхой


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала, ГIур, 1994 шо.

Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала, ГIур, 1994 шо.

Кху деношкахь Оьрсийчоьнан талламан комитетан кортехь волчу инарло Бастрыкина Александра, массо а цецвоккхуш, дIахьедар дира, Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш Украинин Iедалан карарчу хенахь куьйгалхло волчу Яценюк Арсенийс оьрсийн эскархошна тIехзь къизаллаш лелийна аьлла.

Цу гIуллакхо юха а тIе тидам бахийтина Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь украинахоша дакъалацарна а, цу тIамехь къизаллаш лелош берш муьлуш хилла бохучунна а.

Оьрсийчоьнан талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александара дийцарехь, Яценюк Арсений цкъа дуьххьара «Арго» цIе йолчу Iазапхойн тобан декъашхо хилла, цул тIаьхьа иза дIакхетта хилла «Викинг» олучу Музычко Александра куьйгалла дечу Iазапхойн тобанах. Музычко ву нохчашна дика вевзаш волу Нохчийчохь хиллачу украинахойн тIеман тобанан куьйгалхо хилла Сашко Билый.

Оьрсийчоьнан талламан комитетана хетарехь, хIинца зуламхо хилла аьлла шеко йолу Яценюк УНА-УНСО олучу националистийн вовшахтохараллан тешаме агIонча а хилла, Дудаев ЖовхIара «Къоман сий» олу орден елла а хилла, Бастрыкинан дешнашца аьла «оьрсийн оккупанташ байарна» луш йолу.

Бастрыкинан комитето чIагIдарехь, Яценюк Арсенийс Соьлж-ГIалахь Октябр-кIоштахь 1995-чу шарахь Дечкен-беттан 7-чу дийнахь, къиза хьийза а бина байина, «Оьрсийчоьнан армин декъашхой». Ткъа ГIура-беттан 31-чу дийнахь 9 дарбанан хIусам йолчехь а, Минутка майданахь а тIемаш беш хилла иза. Кхузахь сихха тIе тидам бохуьйтург ду Минутка майданехь цу хенахь цхьа а тIемаш хилла цахилар.

Бастрыкина дина дIахьерна цкъачунна тIаьхьа кхуьуш къезиг нах бу. Украинин куьйгалхой а, политикан жигархой а, говзанчаш а кхеташ бац цуьнан Iалашонах. Цундела забарш яр бен кхин дисина хIума дац шайна бохуш комментареш йо цара.

Кхин баш кхеташ бац Бастрыкинна дагадеанчух Нохчийчурча тIамехь дакъалаьцна болу нах а. Царах ву Нохчийчоьнан эскаран коьртачу штабан куьйгалхочуьнан гIоьнча хилла Ичкерин парламентан депутат Исханов Хьусайн. Яценюк Арсений юьйцучу хенах, я цул тIаьхьа Нохчийчохь хиллехь шена иза гина хир вара бохуш вара иза.

Исханов Хьусайнна хетарехь, Бастрыкина и дIахьедарш дар дика ду. Цара юха а дагадоуьйту нахана Оьрсийчоьно Нохчийчохь вуно къиза тIом бина хилар.

Кхин цхьа хIума а билгалдоккху Исханов Хьусайна. Нагахь Яценюк Нохчийчохь тIом беш хиллехь тахана цунна гонаха Украинин Iедалехь охьахевшина нохчий хир бара, цуьнца тIемаш бина.

Нагахь Оьрсийчоьнан Iедалхоша иза илла-билла Соьлж-ГIалахь ГIура-беттан 31-чу дийнахь 9 дарбанан хIусам йолчехь а, Минутка майданахь а тIемаш беш хиллехь, цо катоьхна болх беза Нохчийчоь Оьрсийчоьнах йозуш йоцуш хилар къобул дан бохуш вара Исханов Хьусайн.

Цо дуьйцу шена гинчу украинахойх лаьцна. Уьш верриг а I2 стег вацара боху цо. Уьш а дукха хан ялале дIабахара. Ткъа Яценюк царна юкъахьхиллехь шена вевзар вара бохуш вара Исханов Хьусайн.

Тахана иза вай дуьйцуш хилча ца хьаийча цадовлу вай, муха юкъаметтига лелайора, масала, нохчаша шаьш йийсаре лецна болчу оьрсийчн салтташца а, эпсаршца а. И юкъаметтигаш нохчийн агIор вуно лараме яра бохуш тоьшалла до Масахдовн гIонча хиллачу Исханов Хьусайна. Церан кхолламах лаьцна а дуьйцу цо.

Кху тIаьхьарчу 20 шарахь Оьрсийчоьнан Iедал векалша дукха дуьйцу нохчийн къизаллах лаьцна. Дерриг а махкахь деха адам тешийна ца Iаш дерриг дуьне а тешийна цара аьлла хетало цуьнах. Ткъа, Исхановс дийцарехь, цхьа а къинхетам бина дIавахийтина салти я, эпсар цаваьлла иза иштта дацара аьлла тоьшалла дан кийча волу.

Цхьаболчарна хетарехь, Яценюк Арсений Нохчийчохь цахилла аьлла дIахадо хьалхе ду. Цигахь тIемало санна цахиллехь а политикан тобанца кхаьчна хилла мега иза аьлла хета царна.

Нохчийн Республикан Ичкерин вице-президент хилла ву Абумуслимов Сайд-Хьасан. Вай хьехочу заманчохь политикан делегацин декъашхошца зIенаш латтийна ву иза. Украинера еанчу делегацица а каметтигаш лелина Абумуслимов Сайд-Хьасана. Нохчийчу 1995-чу шарахь баьхкинарш Украинера РУХ олучу тобанера политкаш а, журналисташ а бара, царна юкъахь Яценюк шена цагира бохуш дуьйцу цо.

Оьрсийчоьнан талламан комиетан куьйгалхочо Бастрикина хьехадо кхин а цхьа Iазапхойн тобанаш яра Нохчийчохзь йийсаре лецна оьрсий хьийзош бохуш. Цо дуьйцург мел бух болуш ду, аьлла шега хаьттича Абумуслимовс элира иза оьрсийн куьйгалхоша дIахьочу пропагандин дакъа ду аьлла. И цара лелодо массо а хенахь бохуш вара историн Iилманча а волу Абумуслимов Сайд-Хьасан. Масаллаш а даладо цо цу хьокъехь.

Ши-кхо шо хьалха Бостонехь Марафон дIахьош ши бомба эккхийтира ЦарнаевгIера шина вашас. И боьха зулам динарш нохчи ма хила хьара аьлла синтем байна бара и бохам хилла аьлла хезча вайнах. Иза муха нисдеалла, хIун балано лаьцна хилла, оьшург мел дерг а долуш, Iаш волу и ши стаг, аьлла хеттар кхоллало.

Цу наха лелийнарг цхьана а кепара нохчийн гIиллакхашца а, церан синкхетамца а догIуш дац, цундела нохчаша къобул дан йиш йоцу зулам ду иза бохуш дийцира Абумуслимов Сайд-Хьасана.

XS
SM
MD
LG