ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ичкерин векал вийначу нахана кхел еш ю Туркойчохь


Туркойчоь -- Онлу Медет, Анкара, 22Охан2013,
Туркойчоь -- Онлу Медет, Анкара, 22Охан2013,

2013-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 22 дийнахь Туркойчохь Анкарахь вийра бизнесхо, Ичкерин цу махкахь лараме векал меттигера вахархо нохчо Онлу Медет. И зулам динчу нахана тIехь кхел ю йоьдуш кху деношкахь.

Онлу Медет вийначу дийнахь полицин хьостанаша хаам бира, иза шина стага вийна, царах цхьаъ уьш тΙехь баьхкина машен лелош хилла, шолгΙачо Онлуна цуьнан белхан офисехь тапча йиттина, аьлла.

Онлу Медетан накъосто ЧΙанга Джамила иштта дийцира хиллачух лаьцна.

ЧΙанга: " Шен ламаз дан кечлуш хилла Медет. Баьхкинчара, ара а вехна, тапча йиттина вийна иза. Дала цунна гечдойла. Сан доттагI ма вара иза. ЧIогIа дика стаг а вара. Полици лохуш ю и вийнарш. Хетарехь, цунна карор а бу".

Истанбулерчу вахархочо Онлу Медет вевзаш хиллачу Исаев Сосламбека а довзийтира Маршо Радионе шена хаа аьтто баьлларг.

Исаев: "Зулам диначу шиннах цхьаъ машен лелош хилла, шолагIниг и вен неIаре вахана хилла. Ламаз дан кечлуш вийна иза, тапча йиттина. Массара а дуьйцург ду иза Оьрсийчуьрчу ницкъаша вийна бохург. Массо а нохчийн гIуллакхе хьожуш ма вара иза. Дукха нохчий хIаллакбина кху тIаьххьарчу хенахь. Деношкахь лазийна цхьаъ ву хIинца а дарбан цIийнехь".

Онлу Медетан 63 шо дара. Цуьнан дай, шайн Даймохк а битина 19-чу бIешарехь кхаьчнера Туркойчу.

Онлу Медетан накъосташа гIо а деш, дIабаьхьна Туркойчохь иза вийна зуламхой лохуш болуш таллам. Цунах лаьцна иштта дийцира Онлу Медетан хIусамнанас Лайлаъа.

Онлу Лайлаъ: «Цунна тIаьхьалелаш цуьнан шен накъостий а, нах а ма-бу. Болуш бу. Цара дика болх а бина. Делахь а, хIара доккха гIуллакх долун дела хала а ду».

Онлу верна бехке веш, шо даьллачул тIаьхьа лецира 47 шо долу турко Алуч Мурат. ХIетахь цо бохура, шена Кремлехьа болчу нохчаша Онлу верна Украинехь тоьлла дахар нисдийр ду аьллера.

Туркойчура Дейли Ньюс газето чIагIдарехь, Онлу Медетна гонахара кхин а пхи стаг вен тIелаьцна а хилла зуламхоша, амма иза чекх ца даьлла Ичкерин векал вийнарг лацар бахьана долуш. Алуч Мурат а, Пельтек Омер а лацале 8 баттахь царна тIаьхьа терго еш лелла хилла полицин белхахой.

Вевзаш волу нохчийн къомах волу журналист Шишани Мурад хилира кху деношкахь Туркойчохь. Онлу Медет вийначу нахана тIехь йоьдучу кхелах лаьцна иштта дийцира цо Маршо Радион дехарца. Шишанис дийцарехь, масуьйттоза кхелан кхеташо хилла. Амма кхел дIаерза хьалхе ду, лаьцна стаг ша Онлу вийна хиларна къера хиллехь а.

ЧIогIа хала ду Онлун доьзална, иза вийна стаг волчу кхеле эха бохуш вара Шишани Мурад.

Онлу Медет вуьйчу дийнахь камераш яьккхинчу видеон тIехь гуш ву ши стаг. Царах цхьаъ Оьрсийчура Езбулатов Ризван ву аьлла хаамаш баьржинера Туркойчурча зорбанан гIирсашкахь. И стаг карарчу хенахь мичахь ву а, ян йохург зуламхочуьнан бакъйолу цIе ю-яц а хууш дац.

XS
SM
MD
LG