ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европера вайнах а бу ГIурба даздеш


Европехь бусулбанаш ГIурбанца декъалбеш арахецна даздаран сурт, репродукци
Европехь бусулбанаш ГIурбанца декъалбеш арахецна даздаран сурт, репродукци

Цхьаццайолчу Европерчу пачхьалкхашкахь бехачу бусулбанийн бакъо ю шайн дезденошкахь балхара а, дешарера а мукъабовла. Ишттачех ю Австри а.




100 шо сов хьалха бусулба дин керста динца нисдеш, официалан динан тIегIанна тIе даьккхина хилар бахьана долуш, кхечу Европерчу пачхьалкхашлахь бусулбачаьрца долчунна цхьамогIа гIоле агIонаш ю Австрехь.

Цигахь, масала, школашкахь Iедал бусулба дин хьеха декхарийлахь ду, нагахь санна и дин лелош долу пхи бер цу дешаран кхерчахь вовшахкхеттехь. Дуьххьарлера Европера пачхьалкх яра Австри школашкахь бусулба дин хьеха йолаелларг – 1982 шарахь дуьйна хьоьхуш ду и дин цу махкахь.

Иштта Европехь дуьххьара университетехь бусулба дин хьоьху хьехархой Iамон а, арахеца а йолаелларг а Австри ю.

Цу могIарехь ду Австрехь бехачу бусулбанийн шайн дезденошкахь – ткъа уьш, хууш ма-хиллара, шиъ бен данне а дац - балхара я дешарера мукъабовла йиш хилар.

Школашкахь, масала, бусулба дешархоша ГIурба я Марха досту де тIекхача масех де дисинчу хенахь. шаьш бусулба ду, школера мукъадахарахьара цу дийнахь, аьлла, школан куьйгалле кехат яздичхьана, кхаа дийне кхаччалц мукъа хила йиш ю дешархойн.

Университеташкахь а, кхечу лакхарчу дешаран тушпхьанашкахь а ду изза хьал. Кхаа дийнахь а ца лахь а, цхьана дийнахь муххале а мукъавоккху иштта Iедалан балхахь верг а.

Цундела паргIат шайн доьзалехь бусулба динехь дезденойх марзо эца йиш ю меттигерчу бусулбанийн. Кху деношкахь ГIурбанах санна.

Австрехь шуьйра кхиина бусулба дин лелочийн инфраструктура- туьканаш, базарш, маьждигаш, хIума юу чоьнаш. Ур-аталла бежан-котам лелон ферманаш а ю. Цундела ГIурбанна урс хьакха бежана я уьстагI лохучарна хало ца хуьлу уьш карон.

Туркоша я Iаьрбаша лелочу ферманашка а боьлхий, цигахь шайна оьшу хьайба схьа а хоржий, циггахь цунна урс а хьокхийтий, схьадахьа цара иза. Ткъа и даьхний лелон ферманаш мичахь ю ца хуучарна хьоьхур ду уьш муха карон еза муьлхачу а бусулба сурсаташ духкучу базар дIавахчхьана – ткъа уьш Венехь а, кхечу яккхий гIаланашкахь а ког баьккх-баьккхинчехь ю.

Делахь а, доккхачу декъехь Австрехь бехачу вайнаха кхин некъ хоржу шар-шарахь деш долу ГIурбан сагIа даккха. Дуккхахчара цхьацца юкъараллин а, дикадаран а цхьанакхетараллашка дIало ахча, тIемаш болчу я мацалла ловчу меттигашкахь нахе ГIурба дайта. Я Нохчийчуьрчу шайн гергарчаьрна тIедуьллу, шайна тIера сагIийна хьайба а дийна, иза декъар.

Венехь ехачу 32 шо долчу Тамарас шайн доьзало хIора шарахь тайп-тайпана кхочуш до ГIурба даккхар, бохуш дуьйцу.

Тамара: „Иза дан аьтто берг цIадахьийта хьожу ахча, цIахь а ма буй дуккха а гIийла нах. Иштта тIемаш болчу а, мацалла йолчу а меттигашка дохьуьйту. Цхьаццаболчара кхузахь а дойту, уьстагIий долчу меттигашка дIа а боьлхий. Фермашкахь шаьш урс а хьокхий, жижиг дIасадоькъуш а хуьлу.

Муьлхачу агIор дича а, Дала къобал дийр ду иза, Даламукъалахь. Кхушара оха цIадахьийтира, вайн цIахь 7-8 бIе туьма доьху бохура уьстагIех. Вайн и шиъ бен дезде а дац, кхузахь нах и шиъ даздан гIерта, вовшашка хьошалгIа а боьлхуш, самукъа а доккхуш“.

Изза некъ хоржу 45 шо долчу СовдатгIеран доьзало а. Амма коьртаниг, боху Совдата, шен ка я долуш, цхьа а вайнехан доьзал юьстаха ца биса гIерта ГIурбан сагIа даккхарх.

Совдат: „Кхузахь дукхахчара, туркоша а, Iарбоша а жа лелочу дIа а боьлхий, цигахь урс хьокху гIурбанна. Цхьаболучара вайн цIахь къе бохкучарна а, гIийла бохкучарна а, олий, ахча дIа а дохьуьйтий, цигахь сагIа доккху. Кхечу пачхьалкхашка, Iаьржа бусулба нах бехачу къечу меттигашкахь ГIурба дойтуш берш а бу. Мухха а дахь а, и ГIурба, цуьнан декъа ца вогIуш цхьа а ца Iа-кх, хIуъа дой а“.

Тамарас ма -дийццара, ГIурбан дийнахь вовшашка хьошалгIа баха а, вовшех марзо а эца а гIерта Европехь беха вайнах. Бакъду, дукха бу царна юкъахь я ГIурба дан а, я кхидолу дезденош лардан а аьттонаш боцурш.

Эзарнашкахь керла схьаоьху мухIажирш а, иштта эзарнашкахь хьалхо схьабаьхкина, амма хIинца а цхьа а бакъонаш йоцуш я кехаташ доцуш, Iедалан сацаме хьоьжуш Iаш берш бу уьш, шайн кхолламе дела денна гIийла ла а доьгIуш.
XS
SM
MD
LG