ТIекхочийла долу линкаш

Даймахкана хийраллехь бехаш бара аьлла, бусулбанийн даздаршна юьстах ца буьсу Европера нохчий. Мелхо а, шаьш ДегIастанах, цигахь бераллехь дуьйна лелийначу Iадатех а, дахаран рожах а хаьдда хиларна, уьш шаьш хIинца бехачу хийрачу мехкашкахь кхин а чIогIа бусулба динан арканаш лардан а, бусулбанийн даздаршкахь вовшех марзо эца а гIерта.



ГIурбан де Европерчу нохчаша тайп-тайпана даздо, амма иза тергал а ца деш, цу дийнахь сагIа а ца доккхуш буьсу доьзалш, лехча а, карон атта дац, нагахь санна цхьа тховкIело а, хIусам а йолуш, дIатарбелла болу вайнах вай схьаоьцуш хилча.

Бакъду, Малхбузехь беха нохчий, цигахь цхьанхьа а йоккха къелла ца хиларна, шаьш урс хьаькхначу бежанан я уьстагIан жижиг вовшашлахь декъаран метта, мелхо а, и сагIа дуьнентIехь уггаре а гIийлачаьрга, гIурбан дийнахь, хаспа дан хьовха, жижиган кийла эцар а доккха Делан совгIат хеташ бехачу мисканашна дIакхачон гIерта.

Венехь еха Белита а иштта шайн доьзална тIера доккхучу гIурбанах гIийлачарна сагIа дан сацам бинчарех.

Белита: „Кху Европехь меца цхьа а стаг вац. Цундела оха тхайн доьзалехь, вовшех дага а девлла, сацам бина, гIурбан уьстагI бен ахча цхьана бусулбачу нахана гIо деш йолчу фонде хьажон. Москохахь ю „Солидарность“ цIе йолуш ишттаниг фонд, масех шарахь гIийлачарна гIо деш. Йоллучу Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а дукха бу гIурба дан йиш йоцурш, царна гIо до цу фондо. Тхуна иза иштта нийса а хета“.

Германехь вехаш масех миллион бусулба стаг хиларе терра, цигахь гIурбанца а, кхечу сагIица а долу хIума дуккхаъ шерашкахь дуьйна, нохчийн вайнзаманахьлера мухIажиралла дIа а доладалале, Iарбийн а, туркойн а мехкашкарчу бусулбачара дIа а нисдина, цхьана хорше хIоттийна ду. Дукха бу цигахь доллучу дуьнентIехь мацаллийца бала хьоьгучу бусулбачарна а, бусулба боцучарна а сагIа дарехь къахьоьгу жигархой.

Берлинерчу вайнехан диаспоран векал а, Немцойн-Кавказхойн доттагIаллин кхерчан куьйгаллехь а волчу Душуев Рахьмана дуьйцу, Германин коьртачу шахьарахь бехачу вайнаха гIурба даран башхаллех лаьцна.

Душуев: „Кху Германе хIора шарахь тIеоьхуш керла-керла нохчийн доьзалш бу. Царех цхьаболчара гIурбан сагIа цIа дохьуьйту, шайн гергарчарна. Амма дуккха бу тайп-тайпанчу меттигашка гIийлачарна сагIа хьажош. Масала, Сомали я кхечу Африкерчу мацалла ловчу метте. Иштта туркойн махкахь а, Гуьржехахь а бу хала бохкуш вайнехан доьзалш, цига а хьажадо кхузарчу наха гIурбан сагIа“.

Белгехь еха ю шен доьзалца Кагерманова Хадижат. Маршо Радио шеца зIене яьлча, гIурбанна бийначу уьстагIан чуьйраш юьлуш йоллура иза. Брюссел-гIалина генайоцчу юьртахь ехачу цо дийцарехь, оццу юьртахь дIатарбеллачу кхин а масех нохчийн доьзалца барт а бина, цхьаьна кертахь дан сацам бира цара кхушарахьлера гIурба.

Кагерманова: „Тхо хIинца урс хьаькхначу гIурбан уьстагIийн дакъош дIадерзош ду. Сарахь схьагуллур болуш хьеший а бу шортта. Шуьнехь вайн нохчийн кхачанаш хир бу, Дала мукъалахь: бIараш а, ахьаран галнаш а, далнаш а. ЧIепалш-хингал а хир ду. Бусулбачеран дезденош дукха доцу дела, оха берашна а цу денойн деза хилар довзийта лууш, царна цхьацца совгIаташ а кечдо. ГIурбан де а, марха досту де а, цIахь дацара аьлла, даз ца деш а, цу денойн хьурмат ца деш а ца Iа тхо. Изза берашна а хьоьху“.

Европехь карарчу хенахь вехаш, тайп-тайпанчу хааршца, ши бIе эзар герга нохчийн мухIажар ву. Тайп-тайпана ду церан Iер-дахаран хьелаш, массо а бац, меттигерчу Iедалша кехаташ а делла, дIатарбелла. МухIажирш бехачу готтачу а, халачу а юкъараIойлашкахь хан йоккхуш берш а бу шортта, кху Европехь саца янне а бакъо а йоцуш, къайлаха леларш а бу.

Амма, нагахь санна дахаран хьелаш мелла а цхьана хорше а дирзина, дIатарбелла вайнехан доьзалш хилча, уьш гIерта шайн керлачу Iойлашкахь къоман Iадаташ а, бусулба динан бехкамаш а ларбан.

ГIурбан дей, марх къобал до дей цу Iадатех а, динан коьртачу даздарех а хиларна, Европа мел ю дIасабаьржинчу нохчийн мухIажирша терго йоцуш ца дуьту и ши де. Вовшашна мел генахь хиларх а, тIеттIакхача а, марзо эца а гIерта уьш.

ТIекхача аьтто боцучара, мел кIезиг а, телефонийн зIенаца вовший декъал а бо. Ишттачу деношкахь кест-кеста хеза, мацах нохчийн къам Сибреха а, Юкъерчу Азе а дIадохийначу хенахь вайн дай-наноша вовшашна беш хилла болу ловца: „Юха деш, ДегIастанахь дойла вай гIурба“ бохуш болу.
XS
SM
MD
LG