ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уггар хьалха шаьш муьлш лору аша?


Нохчийчоь -- Нохчийн эвла.
Нохчийчоь -- Нохчийн эвла.

ТIаьхьарчу заманахь нохчашна юкъахь кест-кеста къовсамаш гIуьтту, къомах а, динах а боьзна болу.

Цхьаболчарна къам хьехо ца оьшу аьлла хета, бусулба хилчхьана. Вукхарна хетарехь, уггаре а хьалха лара дезаш ду, Делах тешаш а волуш, къомах мила ву бохург. КхолагIчара дин коьрте дуьллу, тIаккъа къомах мила ву бохург а хьахош. Уггаре а хьалха шаьш Оьрсийчоьнан бахархой, я дуьненан бахархой хетарш а бу вайнахана юкъахь.


Ткъа шуна муха хета? Уггаре а хьалха шаьш муьлш лору аша?

Иштта хир ду Маршо Радион хΙокху кΙиранан хаттар.

Хетачух лаций телефон тоха тхоьга. Горгали а баийтина охаьйилла а мегар ду телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене. ПрахIе зΙе тухуш: код +420, лоьмар 724 01 9832.

СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65.

Иштта имейл даийта а мега Маршо Радионе: nc@rferl.org
XS
SM
MD
LG