ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СинIаткъаман Цамгарийн Дарбан ХIусам Cхьайиллина Нохчийчохь


Оьрсийчоь --Iедална товш боцчу нахана Москохарчу Сербскийн институто cинIаткъаман цамгарш тIекхуллу аьлла хIоттийначу гуламера сурт, 17Sep2003
Оьрсийчоь --Iедална товш боцчу нахана Москохарчу Сербскийн институто cинIаткъаман цамгарш тIекхуллу аьлла хIоттийначу гуламера сурт, 17Sep2003

Цу тайпа цамгарш йолчу нахана хаьжийна йолу дарбан хIусамаш гIаланашна а, яьрташна а йистошкахь йохкуш ду Iедал. ХIинца йиллинарг а ю Шела-гIалина йистехь. Болчу хаамца, 500 ца кхоччуш стаг тIеэца йиш хир ю цигахь.


Церан хьашташна тIехьожуш хир ву 600 белхало а, лор а. СинIаткъаман говзанчаш Нохчийчохь тоьаш боцарна, цхьаберш луларчу мехкашкара а балийна. Царна чохь Iан гIишлош а ю йина.

Оьшуш хилахь, кхечу республикашкара цомгушнаш а тIеэца йиш ю Шеларчу дарбан хIусаман. Ишшта цигахь хир ю хьажа стаг воцуш бисинчу къанойн центр а.

СинIаткъамца бала хьогучу нахана дарба деш йолу интернат схьаеллар къобалдеш тIеэцна юкъараллехь. Хууш ма-хиллара, Нохчийчохь хIора юьртахь аьлча санна, массех стаг хуьлу коьртаца цамгар йолуш.

Царех цхьаберш нахана юкъабовлийта кхераме долун дела, цIахь сецабо гергарчара. Амма церан а дан хIума дац, цамгар чIагIъеллачу хенахь.

1995 шарахь 12 шо хилла Соьлжа-гIалара вахархочун Индербаев Iелин. СинIаткъаман цамгар кхетта волу иза тIом болабелча, цIера араваьллачул тIаьхьа, вайнера. Карийна, I6 шо даьлча, стохка ГIебарта-Балкхаройн махкахь, синткъаман дарбан хIусамехь. Iелин нанас Байсарис дийцира Маршо Радиога иза муха вайнера а, карийначу хенахь муьлхачу хьолехь хилла а.

Индербаева: "ТIом болалучу хенахь, цIера араваьллачуьра, дIавахна-кх иза. 16 шарахь цигахь мацалла лайнера цо. Иза гIийла волундела, цуьнгара юург дIайоккхуш хиллера дегIана тоьллачара. Мацалла хьегна волу иза юург сихха дIаяа гIерташ хуьлу. Йисина кампет а, печени а, кисана юьллу".

ХIинца Индербаева Байсарис ойла йо, шен кIант Нохчийчохь йиллинчу интернате дIавелча хIун дара теша, бохуш. «Ненан орца» цIе йолчу организацийн куьйгалхочунна Межидова Зайнапна, цу тайпа дарбан хIусам Нохчийчохь еллар чIогIа оьшуш дина хIума ду, аьлла хета.

Межидова: "Адамаш чIогIа балехь ду, хIинца а меттахь Iохкуш а бу.ТIамо йина чов ю иза хIинца а дIаяланза. Шаьш хIун дуьйцу а ца хууш, чIогIа гIийла бохкуш нах бу вайн. Кхин хIумма а ца хилча а тоьур ду, тIамо заьIап дина вай бераш а. ЧIогIа оьшура вайна ишшта цомгушчу нахе хьажа а, гIайгI бан а.

Дика дагаеана хIума ду иза. Дела реза хуьлда иза дагадеанчуьнна. СинIаткъаман дарбан хIусам яр дика болх бу, цигара дарба оьшуш берш алсам ца бовлийтархьама, бан безаш шортта болх бу Нохчийчохь. Оцу хIуманна терго йо кхуза веъначу муьлххачу хьешо".

Бахьана - цIахь бехаш болу нохчий, вовшашца а, берашца а, дукха дера хилар ду. Къомо лайна баланаш байбеш, болх бан беза лоьраша а, синIаткъаман говзачанаша а, бохуш, кхин дIа а дийцира Межидова Зайнапа.

Межидова: "Вайна реабилитации ян езаш яра, хIунда аьлча, 15-16 шарахь боьдуш тIом а болуш, хIинца а идош вай бераш ду. ГIо дан а дезара, хьажа а дезара могашалле. Реабилитаци ян езаш яра кегийрхошна.

СинIаткъаман могашалла дукхачу нохчашна шайна а хууш доцуш галъялла ю. Иза гуш ду хIора дийнахь, некъашца дIасалелачунна. Дош дешера далахь, девна кIелхьара вала некъаш ца лоху цхьаболчу нохчаша. Ишшта дIадоьдахь, цхьа а тIом а оьшур бац махкахь, Шелахь йина дарбан хIусам а еса лаьттар яц".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG