ТIекхочийла долу линкаш

Марзхойн къизалла бахьана долуш коме йоьжначу гIалгIайн йоьIан хьокъехь керла талламаш дIабахьар тIедожийна Европерчу адамийн бакъонех йолчу кхело Оьрсийчуьрчу Iедалшна.

Цхьаццаболчу кхолламех лаьцна хезча я дешча, легашка шад хIоттар бен, кхин ала дош доцуш, вуьссу стаг. Ишттачех бу ГIалгIайчуьрчу цхьаьна къоначу йоIан кхоллам а. 20I0-чу шарахь дуьйна комехь ю иза, дийна хилар бен кхин цхьанна а хIуманна гуьнахь а йоцуш, шеца а, шена гуонахьа хуьлуш дерг хаа синкхетамчохь а йоцуш.

Вайнехан юкъараллехь ишттачу хьелашкахь хуьлуш ма-хиллара, цунна шений, цуьнан нанний бисна цу йоIан бала. Кхин дIа берш, и йоI дакъазйоккхуш декъа хилла ларалуш болу цуьнан дехой, и йоI дакъазйаккхарна коьрта куьгбехке ларалуш болу цуьнан марцIхой – уьш берриш а хIуммаъ ца хилча санна бехаш бу.

Ткъа хилларг хIун муха дара аьлла дийцича, цецволу адамийн къизаллех а, харцонах а. ХIетахь I9 шо долу гIалгIайн махкара цхьа къона йоI ядийнера Галашка юьртарчу наха, цуьнца марел дан Iалашонца. Йисина, и йоI лелош Iийна нана а, уггаре а хьалха и йоI ша а цу нуьцкъала шена коча тасса гIертачу марелна реза ца хиларна, нанас иза юха цIаерзаяйайтинера. Амма ишттачу хьелашкахь хуьлуш ма-хиллара, йоьIан дехой а, баккхий нах а юккъе а гIоьртина, шен лаамна дуьхьал иза ша ядийначуьнга юха а дIаеллера цара.

Амма цу марелах йоIана доьзал а, ирсе дахар а, керла гергара нах-м тешна а ца хиллера, цунна цунах, олуш ма-хиллара, жоьжахате хиллера. Хьалхарчу дийнахь дуьйна марцIхоша чу-ара яла бакъо йихкина, я ур-аталла шен ненаца телефонехула зIене яла а бакъо дIаяккхина йолу иза ши-кхо кIира а далале шеконечу хьесапехь цомгуш хила йолаелира.

Кхин дIа цуьнца хилларг Маршо радионе дийцира и гIуллакх шен тидамехь латтош йолчу Москохарчу „Астрея“ цIе йолчу адамийн бакъонашларйаран юкъараллин белхахо волчу Аветисян Григора. Кхеташ долчу бахьанашца я цу юкъаралло а, я Маршо радионо а цIе ца йоккху къизаллин закъалт хиллачу йоьIан а, цуьнан ненан а.

Аветисян Григор: „Керлачу доьзалехь бутт баьккхина цуо. Бутт баьлча цуьнан могашаллийца проблемаш юьйлаелла. Шозза йигина из лоьрийн цIийна, цадевзачу дIаьвшанах ун а даьлла. Цунна лазарш оьхуш хилла, пхенаш ийзош, бетах чопаш хуьлуш. Ишта гучудаьллера, цуьнан марнанас иза цхьана дIакъевлинчу чоьнахь йаллийна хилар а, мобилан телефонехула мукъане а маьрша шен ненаца зIене яла йиш а йоцуш.

Ткъа наггахь - йоццачу ханна - цара цуьнга нене телефон тохийтича, цуо латкъамаш беш хиллера, шеца марнанас лелочу къизаллийна. Ши бутт баьлча иза юха а лоьрийн цIийна кхачийнера синкхетам чохь а йоцуш. Лоьраш цецбевлла, шайн дан хIума дац бохуш, гIорасиза биснера. Цара цуьнан анализашна тIехь йинчу комментарешкахь, дукха цецбуьйлуш, хIиттийна вуно дукха айдаран хьаьркаш ю. Ткъа и йоI ши де даьлче коме йирзинера“.

МарцIхойн къизалло коме кхачийначу йоьIан гIуллакх Страсбургерчу адамийн бакъонах йолчу кхеле хьажийна йолчу „Астрея“ юкъараллин векало Аветисян Грегора дийцарехь, гIалгIайн лоьрашна кхеташ дара, цу йоIана дIаьвш даийна хилар. Амма муьлхарниг, хIун дIаьвша ду цунна делларг къастадан ницкъ ца тоьънера церан.

Лоьрийн гIорасизалелла а а цецвоккхуш ду амма гIалгIайн талламхойн лелар дара бохуш дуьйцу цуо. Цара йоьIан нанна массийтаза дацаре жоп деллера, и зулам талларан гIуллакх схьаделлахьара аьлла иза шайн тIееъча. Масех шарахь къийсаеллера нана меттигерчу Iедалошца, и зулам цаьрга таллийта гIерташ, амма вукхара тергал а ца йинера.

Эххар а Москохарчу „Бакъонийн инициатива“ а, „Астрея“ а цIе йолчу шина адамийн бакъонашларйаран юкъаралло и гIуллакх шайн тидаме а эцна, меттигерчу кхелашка латкъамаш бан болийча, мелла а хийцамаш хила мега-кх аьлла сатийсам кхоллабеллера.

Масала, 2012-чу шарахь ГIалгIайчуьрчу кхело массийтаза бух боцуш, харц леринера меттигерчу талламхоша цу йоIан дуьхьал динчу зуламан бехкталламан гIуллакх схьаделла ца тикар. Амма полисхоша кхелан сацам тергал ца бинера. Даханчу 20I4-у шарахь йоьIан ненан кадаьллера, „Астрея“ юкъараллин гIоьнца дуьненаюкъарчу кхеле яла. Кху деношкахь цу кхело Оьрсийчоьнан урхалле кхайкхам хьажийна, и йоI коме йожаран хьелаш таллар цунна тIе а дожош.

Адамийн бакъонашларйархочо Аветисян Григора дуьйцу.

Аветисян Григор: „ Страсбургерчу кхело кхайкхам бар – иза бохург дац, цу гIуллакхах цуо сацам бина баьлла. Я сацам муха хир бу билгалдаьлла бохург а дац иза. Амма иза вуно позитиве сигнал ю, цу кхелана тхан латкъам бух болуш хеташ хилар гойтуш йолу. Иштта цу кхело тIедожадо оьрсийн пачхьалкхана, тхан латкъамна тидам бар. Шога хеттарш а хIиттадо цуо оьрсийн Iедалшка.

Цундела оха сатуьйсу, Iедало цу проблемина тIе шен тидам бохуьйтур хиларе а, иштта цуьнгахула ГIалгIайчоьнан Iедалшка и проблема кхочур хиларе а. ХIунда аьлча, дискриминаци ю цигахь йинарг. Зудчуьн дахар дахар лоруш а доцуш санна“.

ХIинца Европерчу адамийн бакъонийн кхело шена тIе тидам бахийтинарг цхьаъ хилла ца Iа Къилбаседа Кавказехь зударшна хIусамдайша а, марцIхоша а ницкъ барца доьзна шайга даьлла гIуллакх бохуш дуьйцу Аветисян Григора.

ГIалгIайчохь цхьаьна агIонан къизалла а, вукху агIонан, -шайн нахана юккъехь йолу цIе ларйичахьана, - кхин дIа дерг бе-башха а ца хетаро а, ткъа и йоI йина а, кхиина а йолчу ненан а, йоIан шен а цхьа а бакъо ца хиларо а хIаллакдинчу къоначу адаман кхолламо карладоху, иттанаш а, бIенаш а зударшца цу кепара Нохчийчохь а, ГIалгIай чохь лелош йолу харцонаш.

Цхьа а бакъо йоцу хьайба нус а, хIусамнана а долуш санна, цаьрца долчунна я дуьненан а, я адамийн а, я Делан а низамаш а ца лардеш, шайна товш- мегаш а дерг лелон шайн бакъо ю моьтту цхьаболчу нахана. Масалаш дийца ваьлча, олуш ма-хиллара, кханий, ламий уьш кхача а лур дацара.

Цхьа хIума-м ду шеко а йоцуш: юкъаралла могуш я цомгуш хиларан билгало ю цу юкъареллехь зударийн, берийн, я шуьйра аьлча массо а гIийлохчийн бакъонаш ларйеш я хьоьшуш хилар.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG