ТIекхочийла долу линкаш

ГIалгIайн салтийн дайн комитет


Гlалгlайчоь --Евкуров Юнус-Бек, Гlалгlайчоьнан куьйгалхо.

Гlалгlайчоь --Евкуров Юнус-Бек, Гlалгlайчоьнан куьйгалхо.

ГIалгIайн махкара эскаре баханчу кегий нехан а, цигарчу тIеман дакъойн баьччийн а юкъаметтигаш тоярхьам кхуллуш ю салтийн дайн комитет. Цу юкъахь 4-5 стаг хир ву. ХIинцале а виъ декъашхо хаьржина. Уьш бу эскарехь хиллачу а, карарчу хенахь армехь болчу а кегийрхойн дай. Оцу керлачу юккъараллин белхан коьрте хIотто стаг лохуш ву хIинца.

Евкуров Юнус-Бек ша а эпсар хилла ву. Цундела цунна дика хууш ду эскаран низам дохор чолхе дерза мегаш хилар. ТIаьхьарчу хенахь меттигаш ю гIалгIайн эскаре баханчу кегийрхойн цигахь девнаш дийлина.

Уггаре а коьртаниг ду цара нуй-горгам ца хьакхар а. Оцу тIехь кхетош-кхиоран болх дIахьур бу керлачу комитето.

ГIалгIайн бакъонашларъярхо «Машр» цIе йолчу цхьаьнатохараллин куьйгалхо Муцольгов Мохьмад а вац реза, махкахь салтийн дайн комитет кхолларна. Цунах цхьа а пайда хир бац элира цуо Маршо радиога вистхуьлуш.

Муцольгов Мохьмад: «Цунах пайда хир бац аьлла хета суна. Соьга хаьттича, салтийн нанойн комитето дик болх бо. 20 сов шарахь болх беш бу уьш. Нах а ца къестабо цара, хьо муьлхачу махкара валахь а, бусулба валахь а, керста валахь а. Дай муха лела беза цига? Дукха хаттарш ду цигахь. Соьга хаьттича, цьнах гIуллакх хир дац».

Муцольгов Мохьмада бахарехь, эскаре баханчу кегий нахера, я церан гергара наха аьрзнаш до цаьрга.

Муцольгов Мохьмад: «Дукхах долу аьрзнаш хуьлу эскаре баханчергара. Бахьана ду тIеман тIаьхьалонаш. ДОСААФ-н тIехула баланаш бу уьш. Кхачамбацарш хилахь, тIеман прокуратура ма ю цу гIуллакхана лерина. Соьга хаьттича, и дайн комитет кхолларх пайда хир бац».

Кавказехь даиман хилла тIеман гIуллакх лоруш а, сийлахь а хеташ. ГIалгIайн махкара хIора кхайкхарехь хIинцалц 100 стаг вохуьйтура эскаре. И терахь 600 а, 700-не а хьалакхачо дагахь ду шаьш боху Евкуров Юнус-бека. Оьрсийчоьнан пачхаьлкхана оьшуш бу, могуш а болуш, кхин хеттарш а ца деш омарш кхочуш деш болу буьрса салтий.

XS
SM
MD
LG