ТIекхочийла долу линкаш

Бозбунчаллаш лелийна Iедалхой лецна ГIалгIайчохь


ГIалгIайчоь -- ГIалгIайн президент Евкуров Юнус-бек, Магас, 30Гезг2011

ГIалгIайчоь -- ГIалгIайн президент Евкуров Юнус-бек, Магас, 30Гезг2011

Дуьххьара мехкан пенсийн фондан коьртехь берш низамхоша лаьцча, хьалхе иза хIунда ца дина, бохуш, хеттара могIарерачу бахархоша. Цхьаннах а лачкъийна дацара нанойн капитал олучу сертификаташца Iедал а, наной а Iехош хIума лелош хилар.


Тахана ГIалгIайчура пенсийн фондан урхаллан коьртера виъ лаккхара белхахо ву, оцу зуламана бехке а вина, лаьцна, шайн юккъахь оцу урхаллан куьйгалхо Вышегуров Мовла а волуш. Ала догIу, цуьнан цIахь, низамхоша таллам бича, миллионашкахь ахча а, дукха инзаре мах болуш дешийн а, детийн а хIуманаш карийна хилар.

Талламхойн шеко яц даржхочун алапах цо иза эцна ца хиларх. Вышегуровн гIовсо махкахь эцна гучуяьккхина масех петар, уллерачу гергарчерна тIеязйина йолу. Ша Вышегуров Мовла Пятигорскерчу талламан изолятор чохь ву. Ши де хьалха, дог лаза а даьлла, дарбанан хIусаме охьавиллина иза.

Талламахоша къастийна и бозбунчалла муха лелош хилла. Цхьаннахь а лачкъийна а доцуш, офисаш йиллина хилла, масех шо хьалха цхьана наха, нанойн капитал дIаоьцу шаьш, аьлла, тIе а язйина. Цунна дуьхьала ахча луш хилла цара жима процент шайна а йоккхуш.

Ишшта иттех, ткъех стагана, дийцарехь, иза делла цара. ЦултIаьхьа, бозбунчаллийн кампани шуьйра дIайолаелла. Наношкара и сертификат схьа а оьций, цунна дуьхаьала цхьа жимма ахча а лой, диснарг цхьа йоца хан яьлча лур ду шаьш олуш, цаьрга долалла хуьйцуш долчу документана т1е куьг тIаIадойтуш хилла оцу тобано.

И кехат шайн каракхаьчча сихонцна низамо магочу гIишлошяран, ян кхечу агIора, дIадерзош хилла, шайна алссам са а йоккхуш. ХIинца, талламхоша бахарехь, кхело дIалийцинчеран бехк тIечIагIбахь, набахтешкахь ехха хенаш йохура ю цара.

Ши шо хьалха Iедалан даржашкахь болчу бозбунчаллашка беш болу кхайкхам санна дIахьедар динера ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Шаьш тIе а баьхкина лачкъийна долу ахча юхадерзадахь, царна таIзар ца дан дош деллера цо.

Амма тахханалц цхьа а стаг гучу ца ваьлла шегара даьлларг дийца тIевеана.
Нанойн капиталаца йолу ситуаци Нохчийчохь а яц башха дика. ХIора шарахь индексаци хуьлучу оцу сертификатана мах лакхаболуш бу. ХIинца иза, дуьхьала ахча а луш, цхьаболчу наха оьцу 250 эзар соьмах.

Цуьнах Iехабелла а дукха бу. Лариса цIе йолчу зудчуьнан йоI ишшта шена ахча хира ду, аьлла, теша Iехаеллера бозбунчаллахойх. ХIинца цуьнгара а, кхечаьргара а ишшта ахчанаш гулдина йолу и зуда чуйоьллина ю. Амма тахана а и сертификат оьцуш нах кIезиг бац махкахь, бохуш, дийцира оцу зудчо.

Лариса: Дайна цуьнан иза. Пенсийн фонде цо арз дича, цигара ю, ян кхечанхьара ю а ца хаа, телефон етташ ю цуьнга, шаьш 100 эзар сом а лур дара, и сертификат шайна йохка, бохуш. Цунна ца лаьа иза йохка. Ша юхкур яц, аьлла, цо. Макка бохуш ю и зуда.

Иза чуйоьллинчул тIаьхьа цхьа ши стаг веана хIара йолчу, шаьш хьо бахьанехь иза чуюллуш а ю, бохуш. Хазанехасанна дукха бу цу юккъахь зе хилларш.

Оццул Iедалша оцу нанойн капиталаца беш болу мах низамехь бац, бохуш, кхайкхош далахь а, цхьаболу наной шаьш а бац совцуш. И документ ирх а дахийтина, хьанна а иза схьалуччух духку цара. Царах ца кхета Маржан цIе йолу зуда. Маршо Радиога, оцу хьокъехь йист хуьлуш, цо ишшта элира.

Маржан: Берашка дешийта, я кхечу хIуманна луш ду Iедало и ахча. Цхьаболчара иза духку. Аса духкур дацара иза. Цхьацца болчу зударша, шайн дуккха а бераш доллушехь, уьш кхиъ до царах ахча ло, бохуш.

Къилбаседа Кавказехь коррупци а, кхин долу низамехь доцу кIоршаме хIуманаш даьржина хилар шуьйра кхийкхош ду федералан Iедалша. Амма тидаме ца оьцу цара шаьш гIортор еш долчу меттигерчу Iедалшкара иза хуьлуш хилар. Ткъа могIарерчу бахархошна ур-аттала банкехь кредит эца а дац атта, йогIуш йолу кепек дIа ца елча.
XS
SM
MD
LG