ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн оппозици юха а арайолуш ю


Абадиев Идрис -- ГIалгIайн парламентан хьалхалера депутат, Несар-гIалин йистерчу шен хIусамехь интервью луш, 16ГIу2011
Абадиев Идрис -- ГIалгIайн парламентан хьалхалера депутат, Несар-гIалин йистерчу шен хIусамехь интервью луш, 16ГIу2011

БIаьсте тIеярца цхьаьна ГIалгIайн махкахь жигара йолу меттигера оппозици. Бутт чекхбала масех де дисинчу хенахь, цара дIакхайкхийна, нехан бакъонаш йохорна дуьхьала йолу мехкан митинг.


Цхьа кIира сов хан ю гIалгIайн оппозицино, низамашца догIуш ма хиллара, Iедалшка митинг дIаяхьа бакъо яьккхархьам, кехат чу делла. Цкъачуьнна жоп делла дац цаьрга. Оппозицино билгалдаьккхина ду хIокху беттан 28 де. Нагахь санна, цхьацца бух боцу бахьанаш а лехна, акци дIаяхьа бакъо ца лахь, шаьш кхелашкахула иза яккха хьовсур ду боху, оцу боламан лидерх цхьаъ волчу Абадиев Идриса. Маршо радиога цо дийцира, шаьш митинге хIун Iалашо йолуш даха кечлуш ду а, цига маса стаг ван мега а.

Абадиев Идрис: Дера бакъо лахь, дукха нах арабоьвра бу.Иттанаш, иттанаш эзар хира бу.Тхъоьца къамел мел деш волчу хIора итта стагах ворх-бархI стага,олуш ду тхоьга, митинг оьшуш хиларх.Митинг ца яхь, хIумма а хийцалура дац олу. Оха жоьпалла тхайн тIелаьцна, къепе а, низам а, хира ду аьлла.Ткъа кхерамазалла Iедалша латто еза.

Маршо радио: Махкахь къепе ца хилар, деккъа Евкуровах доьзна ду аьлла хета шуна? Цуьнан карахь дуй иза?

Абадиев Идрис: Шен карахь дацахь дIаваха веза. Далла хьалха а, нахана хьалха а жоп дала дезаш иза ма ву, ша мел долчуьнна. Цо ша ма боху, ша дерг шен карахь а, шен Iуналлехь а ду. Дийна делкъхенахь оьрсий а, хIирий а чу богIий, нахана тIе герз а тухий, уьш лелха а лелхийтина дIабахча, ас Iуналла деш ду бохуш, Iаш ма ву иза.

Маршо радио: ХIора шарахь деста а десташ дIасадоьдуш ма дай и хьал. Цхьаболчара, белхан меттигаш яла еза боху, кхечара - кегийрхой кхетош-кхиоран болх жигара баккха беза боху. Хьуна муха дан деза аьлла хета?

Абадиев Идрис: ХIокху республикехь кегийчу нахаца болх беш, царна масала дIалуш цхьа стаг вац. Нийса бIостанехьа ду ша дерг. Iедалан балхахь мел волчу стага, депутатана тIера дуьйна, некъан полисхочунна тIекхаччалц, бахархой зуламашна тIетуьтту. Массанхаь коррупци ю, кхаьънаш оьцуш ду. 200 миллион сом бюджетера ахча деъча, 190 шайн кисана а дохуьйтуш Iаш бу. И масалш-м ду гойтуш.

Маршо радио: Iедалан ларамаза я леррина йолу ледарло бахьанехь гIалгIайн юккъараллехь, шерашкахь бахлур болчу тIеман бух буьллуш бу, аьлла хета Абадиев Идрисан. ХIинца махкахь кхоллаеллачу ситуацин хинйолу тIаьхьало ишшта го цунна.

Абадиев Идрис: Харцо лелайо нахана тIехь. ТIаккха иза ца лов наха. Милицино дина делахь а, кхечара дина делахь а, шо даьлча а, наха шайна динарг цIа дахь. Вайнехан Iедалехь эхь ду шена дина долу хIума дитар. Тахана кхузахь йолу политико, шерашна мина юьллуш ю, нехан юккъметтигашна. Тахана милицехь болх бинарг, маца а шен цIа верза ма веза. ТIаккха шен хIума цIа дахьара ду. И хIума леррина лелош ду аьлла хета суна.

Цу тайпа оппозицино Iедалшна реза боцуш болу нах арабаха гIортаран бахьанf дара, ши кIира сов хьалха, къайлахьчу сервисан белхахоша, леррина операци дIахьо шаьш бохучу хенахь, герз диттина, цхьана машена чохь пхи маьрша стаг вера.

Уьш ша берш тIемалой бара аьлла сихонца дIакхайкхира хаамийн гIирсаш, амма, ши-кхо де далле, къаьстира, царах ши кIантий, цхьа зудий, бехк-бахьан доцуш дийна хиллийла. Къайлахьчу сервисан белхахоша дина долу гIалат ду иза, аьлла, мах хадийра оцу буохаман, республика куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. И хIума дийца гIарадаьлча, Москохахь а, Пачхьалкхан Думехь а дийцира иза. Махкахь нах лечкъорах лаьцна Оьрсийчоьнан чоьххьарчу гIуллакхийн министре Нургалиев Рашиде хаттар делира гIалгIайн депутата Хамчиев Белана.

Хамчиев Белан: Хаттар ладаме ду, цундела иза ца айича ца волу со. ТIаьхьарчу хенахь ГIалгIайн махкахь алсамдаьлла нах идор а, лечкъор. ТIаьххьарчу шина шарахь, цу тайпа хIума 88-зза хилла. ХIунда ца ларъян нехан Конституцин бакъонаш? Жоьпе хIунда ийзабо бехке берш?

Оцу ладаме хаттаран ишшта жоп делира Оьрсийчоьнан коьрта полисхочо Нургалиев Рашида.

Нургалиев Рашид: "Ас чIогIа лерриина терго еш ю массу а хIуманна.Амма, соьгахь а , хьоьгахь а дочлу терахьашкахь цхьа жимма башхаллаш ю. Соьгахь долчу терахьашца 2010-чу а , 2011-чу а, карарчу шеран хIокху кхаа баттахь а, нах идорца доьзна дина зулам 13–зза дина.

Стаг вадорца доьзна 126-чу артиклца доьзна зулам толлуш ерг Оьрсийчоьнан Талламан комитет ю. Тхан белхахоша, гIо-накъосталлийн болх бен ца бо цигахь. Амма, Къилбаседа Кавказехь, къорза тIеман барзакъ лелош болу нах дукха бу. Цхьацца зуламаш деш берш уьш а хуьлу. Оцу юкъара гIуллакхаш къастон деза."

ГIалгIайн оппозицино кечъечу митинган, масала а хилла масех шо хьалха. ХIета, урамашка арабоьвллачу наха, Кремлерчу Iедале сацам тIеэцийтира, президент Зязиков Мурат даржера дIавокхуш болу. Ткъа, хIинца а, и Iалашо йолчух тера ду, доьхьалонна буоламан. Амма, ладугIара дуй теша Кремло оцу кхайхкаме?

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG