ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керлачу хIусамашна реза бац Карабулакера бахархой


ГIалгIайн махкарчу Карабулак гIалара цхьана урамера бахархой доьхьала боьвла, шай ширачу цIенош чуьра керлачу гIишлонаш чу дехьа бовла. Бахьанаш-хIинца йолчу чоьнелла доьхьала кегий ерш луш хилар. Амма, Iедалша, шай Iалашо кхочуш ян гIерташ бу. ХIинцале церан массеран хIусамашна тIера тхоьвнаш дIаэцна.

Карабулак гIалахь дукха хан йоцуш дина, энерги кхоош а, массийта уза тIекIал дина долу цIа, гарехь кхин дехха латта мегаш ду, чу нах а ца ховшуш. Iедалшна боккха кхиам хеташ йолу и гIишлонашш, тахана а юьззина яц. Цхьаболу нах, лууш бац, керлачу метте дехьабовла.

Иштта бу, масла оцу гIалара тиша лоручу кхаа цIенна бахархой. 15 доьзал бу иза. Iан юккъерачу баттахь, церан гIишлош вовшахъяха йолийна меттигерачу Iедалша. ТIера тхоьвнаш схьаэцна хIинцале. Кораш а ду, вовшах даха кечдина, бохуш дийцира Маршо радиога, цигара яхархочо Албакова Лемас.

Албакова Лема: «Керла петарш йина аьлла, цхьа цIенош харц-бакъ а, сихха хьала а дина,нах чубахийтина цу чу. Тхо цу чу даха реза дац. Тхан долахь дут хо чохь дехаш долу цIенош, приватизаци а йина. Тхуна ца лаьа кхечанахь чу даха. Кибарчигах цIенош доьхьала де аьлла-кх оха.

Цул тIаьхьа, кораш а, неIарш а йохийна тхан. Селхана бахка а баьхкина, 21 лоьмар йолчу цIенна тIера тхов схьаэцна цара. Тахана а баьхкина, тхан тхов а дIаэца дагахь бара. Оха лаьхкина уьш. Кхо цIа ду кхузахь тхан: 19, 20, 21 лоьмарш йолу».

Шайна доьхьала лучу цIеношна реза бац Карабулакера бахархой. Шаьш чохь долу цIенош шира далахь, царна доьхьала шайна, иштта барам болуш чоьнаш яла еза боху цара. Масла, керлачу гIишлонаш чохь, балкон дIаяьккхича, и барам, аьттехь а ца хуьлу, шай хIинца йолчуьнга хьаьжча, аьлла тидам бира Албакова Лемас.

Албакова Лема: «Цара тхоьга боху, тхан цIенош доха а дина, кху меттехь кхин гIишлонаш ян еза тхан. Тхан цIенош шира ду. 1961 шарахь дина цIенош ду хIорш. Тхо реза дац дIадаха. ХIунда аьлча, тхоьца, цхьанна а тайпа тхоьга аьлла а, ян оха куьг таIийна а, цхьанна а тайпа хIума дац».

Бахархошна лууш дацахь а, Iедалша, шаьш бохург чекхадаккха гIерта. Цул совнах, хьалхарчеран карахь кхелан сацам а бу, и гIуллакх шаьш теллина даллалца, гIишлонаш меттах яха бакъо яц цхьанни а, аьлла.

Албакова Лема: «ХIинца кхеле а делла ду и гIуллакх. Шозза а хиллачу кхело, тхо бакъ дина. И цIенош шаьш сацам баллалца, меттах ма даха аьлла, кехат а ду тхоьга схьаделла. ХIетте а, схьа а баьхкина, тхан мэр Бориев а, Евлоев Iиса а, тхоьвнаш схьаоьцуш ду-кх тхан».

Бахархоршний, Iедалшний юккъахь кхолладеллачу хьолан, политикан бос бан а хьаьжна цхьаболу ницкъаш. И шира цIенош дохо, кхин белхахой а ца баьхкина, Нохчийчуьра уьш бахкийна бохуш дуьйцуш ду. Иза бакъ ца до, оцу бахархойн адвокат волчу Накастоев Iисас. Цигахь болх беш йолу тоба, маларчех вовшахтоьхна ю.

Царна юккъахь нохчий а, гIалгIай а, бу аьлла тидам бира цо. Иштта, адвоката дагадаийтира, стохка, цу тайпа хьелашкахь, шаьш бехачу цIенош чуьра арабехира Сипсо-гIалара цхьан урамера бахархой а. Иштта, царна а, доьхьала луш яра, керла гIишлонаш, амма, царах дукхахберш тахана а лелаш бу, тховкIело а йоцуш. Къера хилахь, гарехь, Карабулак гIалара бахархошна а, хила мегаш ду цу тайпаниг.
XS
SM
MD
LG