ТIекхочийла долу линкаш

Бадалов Руслан: "Маьршачу дахаре некъ баьстина хила беза тIемалошна"


Оьрсийчоь -- Бадалов Руслан, Нохчийн бакъонашларъярхо, 15Манг2012

Оьрсийчоь -- Бадалов Руслан, Нохчийн бакъонашларъярхо, 15Манг2012

Къилбаседа Кавказехь, тIемалойн боламца лаьтточу къийсамо даиманна айдинчохь латтадо, царна, цхьаболчарна амнисти ян еза бохуш долу хаттар. Цхьаболчу Iедал дайшна, хеташ дац, царна гечдан оьшу аьлла. Амма, ГIалгIайн махкахь, Iедалан и программа жигар дIахьош ю.

Дзейтов Арсан, тIемалойн боламан юккъера а ваьлла, ша лелочуьнна дохкох а ваьлла, цIа вирзича, иза кхела кIела вахийтина, талламхоша. Зуламан низамехь, уггаре а кIоршмечарах лоруш йолу ши артикал ю цунна тIеоьллина.

Оцу жимчу стеган нанас Дзейтов Соняс, шен агIора, цунна хиндолу таIзар кIад дайта гIерташ, мехка куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке кхайкхам бина, гIо доьхуш. Вукхо, лаккхар мах хадийна, оцу зудчо хьоьгучу къинна. Иза турплахо хета шена, аьлла гIалгIайн лидеро.

Шай агIора, Iедале далучу кепар гIо хира ду аьлла дог тешийна цу зудчуьнна.
Хиллачо, юха а айдина, юккъараллехь уггаре а сингаттаме лоруш долу хаттар- тIемалойн буоламан юккъера кегий нах цIа берзор.

Цунна лерина дара, масех де хьалха, Аршты цIе йолчу оьвлахь, мехка куьйгалхо Евкуров Юнус- Бек а волуш, бахархошца хилла долу цхьанкхетар. Цигахь дакхъалаьцнера воьвзучу бакъонашларъярхочо Бадалов Руслана. Цо дийцира, оцу хаттарх шена хетарг.

Бадалов Руслан: «Суна хетарехь, даггара, вайнаха ма аллар,» тIехула пошел» а доцуш, моттаргIанаш а доцуш, лело деза и гIуллакх. Доьххьара Iедал цIарах лелачу ницкъаллийн структураш беш болу тIеIаткъамий, цара деш дерг шорта масалша ду пачхьалкхехь».

Бадалов Русланна хетарехь, тIемалошна йолу амнистии, хан а йоцуш, даиманна болх беш хила езаш ю. Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо, цу хьокъехь низам тIеэцча дика хира дара, аьлла тидам бира цо.

Бадалов Руслан: «Цига юкъе а баханчуьра , цIа берза луучарна некъ бихкина хила ца беза. Иза, пачхьалкхо а, Думо а лелош дрг, моттаргIанаш санна хIума хета суна. Цхьан баттан, шарахь цкъа юккъе а доккхий, Дагестанехь а, ГIалгIайн махкахь а дIахьо. ТIаккха, цу юкъе цхьаъ вахча, кху дуьненахь мел йолу артикалш тIекхуллу, цара ца лелийначуьнна а бехке а бой.

Цунах тIаккха базар а йой, ахча даккха хIума леладо. И санна долу масалш долун дела, цигара цIа бахка лууш берш уозало иза дан. Цундела, суна хетарехь, хан хадийна а йоцуш, и меттиг паргIат хила езаш ю. Амнистии хан а йоцуш хила езаш ю».

Стохка дуьйна ГIалгIайн махкахь болх беш ю, тIемлойн буоламан юккъера бовла луучарна лерина йолу мобила телефон. Иза массу а хаамийн гIирсашкахь гIараьяккхина ю. ХIокху пхи-ялх баттахь, Iедалшна тIевеана ву боху, хьалха зуламаш дина волу 42 стаг, царах 17 стаг хилла волу тIемало а ву.
XS
SM
MD
LG