ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьно 18 юьртбахаман проект йовзуьйтур ю СаIудийн Iаьрбийчоьнна


СаIудийн Iаьрбийчоьнна шайн 18 юьртбахаман проект дIагайта дагахь бу ГIалгIайчоьнан куьйгалхой а, бизнесхой а, дIахьедина "Вести-24" каналехула мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека.

«Уьнах цIена кхача шайна нисбар царна вуно мехала ду. Цундела оха цаьрца болхбийр бу уггаре хьалха оцу агIор», - элира Евкуровс. Цо бахарехь, моз Iаьрбашна хIинцале а духку ГIалгIайчоьно.

Евкуровс пресс-гIоьнчалло бечу хаамца, деношкахь делегаци гIур ю Эл-Рияде мехкан таронаш йовзийта а, контракташ хIитто а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG