ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуров Юнус-Бек - "Цхьааллин Оьрсийчоьнан" эталон


ГIалгIайчоь -- Президент Евкуров ЮнусБек, Несара, 01Чил2009
ГIалгIайчоь -- Президент Евкуров ЮнусБек, Несара, 01Чил2009

Ерриг а Къилбаседа Кавказан политикерчу дахаран хатΙ гойтуш хΙума ду ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек юха а оцу держе вахийта хьакъ ву, аьлла, "Цхьаалийн Оьрсийчоь" партино президенталле хьалхататтар. Хьоло гойту Ιедалан партина луург халкъана хетачуьнца дустацадаллал деза дуйла Оьрсийчохь.



ХIокху деношкахь, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-бек коьрте ваьккхира, мехкан куьйгалхо вита хьакъ ву, аьлла, «Цхьаалийн Оьрсийчоь» партин гIалгIайн декъо шен кхеташонехь. Иза воцург, кхин ши стаг а ву цига магош - республикан парламентан куьйгалхо Дидигов Мухьарбек а, цуьнан гIовс Гагиев Руслан а.

Хиндерг хаа доккха шайхалла ца оьшу кху билгалонца саца - юха а президент хир ву Евкуров Юнус-Бек.

Меттигерчу тергамхойн шеко яц цу хьокъехь. Делахь а лергана сема хила веза массо а, боху «Мемориалан» Несарарчу декъан куьйгалхочо Акиев Тимура.

Акиев: «Цуьнан шанс лекха ю, амма ас эр дацара иза 100 процент ю. ХIунда аьлча, кандидат федералан центро тIечIагIван везаш ву. Ткъа цунна хIун дага догIу а ца хаьа».

ГIалгIайн махкахь Гезгмашин-беттан 8 дийнахь гучуер ю керлачу куьйгалхочун цIе. Евкуров юха а оцу дарже ца вахийта гIерташ, жигара бевлла оппозицин боламан декъашхой. Москох гIалгIайн къоман конгресс дIа а яьхьана, декъашхоша дехна цуьнга балхара дIавалар.

Оппозицига Евкуров даржахваккхалахь тамаша хета Акиев Тимурна.. Юккъараллехь хила беза ларам оппозицин, элира цо.

Акиев: «Суна ца хета цаьрга Iаткъам балур бу аьлла. Iедал емал дечу оцу нехан юккъараллехь бац ларам. Цхьана а тайпа политикан тIаьхье яц церан. Амма кхин гIуллакх ду - царна тIехь лаьтташ болу ницкъаш. Уьш муьлш бу хиича, ала йиш хира яра сан, мел аьтто бу цу нехан, хьал хийца».

Оппозици жигараялахь, царна хиндерг шена хаьа, боху кхечу тергамхочо, бакъонашларъярхочо Муцольгов Мохьмада. Харжамийн хан тIе мел кхочу, политикера девнаш марсадевр ду цунна хетарехь.

Муцольгов: «Нах муха реза бац хаий хьуна? 90 процент бахархошна лаьа харжамаш хилийта. Оппозицех хIун хир ду а ас эр ду.Тешнабехк а беш, чубухкур бу, хьийзор бу. "Низам" боху хIума кхузахь болх беш яц. ХIораннан шен-шен гIуллакх ду коьрте даькхина. Схьа мел веанчу стеган шен тоба хуьлу. Нахе цхьаъ дуьйцу, деш дерг важа ду. ХIокху деа шарах тIеэцна низамаш нахана уггаре а зене девлларш ду».

Луларчу Нохчийчохь санна, харжамаш а бина, нахе кхаж тосуьйтург хир дара, нагахь санна ГIалгIайн мехкан куьйгалле ван шен лаам Аушев Руслана ца бовзийтинехь. Ах шо хьалха дуьйна цуьнан агIончаша гулдинера иттанаш эзарнаш цуьнгахьа кхуьйгаш. Ткъа, олуш ма хиллара, хих волучу хенахь говраш ца хуьйцу, аьлла, шайна муьтIахь волу Евкуров ган луучух тера ду цу даржехь федаралан Iедална.
XS
SM
MD
LG