ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Антитерроран раж кхайкхийна Джейрахехь


ГIалгIайчоь - Джейрахара лаьмнаш, (2009)
ГIалгIайчоь - Джейрахара лаьмнаш, (2009)

ГΙалгΙайчоьнан гуьржашца долучу дозан йисттехь, Джейрахан лаьмнашкахь антитерроран операци дΙахьош бу Оьрсийчуьрчу а, меттигерчу а низамхойн ницкъаш. Амма хΙун бахьанийца и хьал кхайкхийна, шаьш мила лоьху хаитина а дац цара мехкан Ιедалшна.


Оршотдийнахь, делкъал тIаьхьа дуьйна Джейрах дIакхайкхина ю террорана дуьхьал операци дIахьон зона ю аьлла. Ерриг а кIошт юккъелаьцна и сацам арахецначу къайлахьчу сервисо.

Джейрахан кIоштахь дихкина паргIат машенашца а, гIаш а лелар. Низамаша магадо и чIагIам дIакхайкхийначу меттехь муьлххачу стагна а, гIишлонна а, бахьана а ца дуьйцуш, таллам бан а, шеконехь болу бахархой ханна дIалаца а. Ишшта, оцу метте журналисташ тIе ца кхачийта а бакъо ю къайлахьчу сервисан.

Оцу бахьанийца шайн махкахь хуьлчун терго ян аьтто ца болу гIалгIайн бакъонашларъярхойн. Джейрахан кIоштахь дIакхайкхийначу чолхечу хьолах лаьцна Маршо Радиога дийцира бакъонашларъечу «Мемориалан" Несар-гIаларчу декъан куьйгалхочо Акиев Тимура. И меттиг шен тийналлийца гIараяьлла ю, цундела ша ца кхета бохура цо, сел луьра чIагIам хIунда бина цигахь.

Акиев Тимур: "И тайпа раж кест-кеста кхайкхайо кхузахь. Амма, ца кхеташ хуьлу иза. Ша зарратан кхерам санна ду и раж дIакхайкхийнийла хаа, амма гуш ца хуьлу. Цкъачуьнна цхьа а хаам бац тхоьгахь. Бакъдерг дийцича, ишштачу меттера тхоьга кхача а ца кхочуьйту бакъдерг. Суна ца хаьа, цигахь хIунда юкъбаьккхина и чIагIамаш. Ишшта а дозанхой ма бу оцу меттехь. Цигахь тхан цхьа а белхахо вац. Нагахь санна интернетехь цхьа хаам цигара баржахь, оха толлур ду цигахь долу хьал. Амма, цкъачуьнна-м тийна ду".


Джейрахан кIоштахь террорна дуьхьало ен зона дIакхайкхоран бахьана, шаьш низамхоша дийцарехь, доьзна ду оцу меттехь тIемалоша цхьа теракт кечъеш ю, аьлла, кхаьчначу хаамца. Кхин хIума гIара ца даьккхина цуьнах лаьцна. Амма, муха кхаьчна оцу кIошта тIемалой, хьаннаш кIезга йолуш, даккххий бердаш долуш а, дозанхоша луьра ларъеш а йолчу метте хууш дац.

Цхьаболчу тергамхошна, Джейрахан кIоштахь и чIагIамаш дIакхайкхабаран бахьана го луларчу Соьлжан кIоштахь масех де хьалха хиллачу тIеман тасадаларца доьзна, аьлча а, тIемалой, эскархошна кIело а йина, тIелатарца.

Нохчийчоьнан дозанца йолчу Даьттахана а, ГIалашкина а юккъерчу новкъахь эскархойн тIеман машенийн коврана тIелатар динера тIемалоша. Иттех минотехь лаьттинчу оцу тасадаларехь ши салти вийнера, веанна чевнаш йинера. И тIелатар динчеран ларш лекхачу лаьмнашкахь, Джейраха кIоштахь, карийна низамхошна, аьлла хета меттигерчу тергамхошна.
XS
SM
MD
LG