ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун ду билгала ГIалашкахь хилларг?


ГIалгIайчоь -- ТIеман хиламаш сих-сиха хуьлу ГIалгIайчохь.
ГIалгIайчоь -- ТIеман хиламаш сих-сиха хуьлу ГIалгIайчохь.

ГIалгIайн мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, кху Марсхьокху-беттан хьалхарчу дийнахь динчу дIахьедарца, ГIалашкахь нисделлачу эккхийтарехь вийна волу шиъ, дуккха а зулам-талораш дина, тIемало ву. Нохчийчура Абаев Идрис а, Долхадов Алихан а.

Цо чIагIдарца, иккхинарг 30 кила гергга барамехь тротил чудиллина бомба ю. Цу тIе боху Евкуровс, Iожалла карийна шиъ могIарера тIемалой а боцуш, баьччанаш ларалуш хилла. Цо уьш куьгбехке лору Гуьмсан кIоштан а, кхечу а меттигашкахь цхьамогIа талораш деш, вер-ваккхарш дарна. И шиъ цхьа хIума эккхар бахьанехь велла хиларх лаьцна дуьйцу ГIалгIайчоьнан низамхойн урхаллий хьаькамаша а.

ГIалашкахь нисделлачу эккхарехь веллачу шиннах нисса бIостанехьа дуьйцу Нохчийчохь Iедалан мукъ карахь болчара. Цигахь вийнарг кхоъ ву Авдорханов Заурбек а, ИбрахIим а ткаъ иштта Халадов Аюб а аьлла д1ахьедар дина Кадыров Рамзана. Цо дийцарехь, цара жигара дакъа а лоцуш, тIелатар динера 2010-чу шарахь Хоси-юьртана а. Иза доцуш, уьш бехке хилла цхьамогIа ирча, къизаллица доьзна зуламаш дарна а.

Официалан кепара Iорабаьккхинчу хаамах гIортор йича, хилларг ишта ду: «Тхойга кхаьчначу орцаллин хабарца ГIалашка цхьана хIусаме бахка безаш тIемалой бара, Авдорханов ИбрахIимна нускал дига. Тхуна иза бакъ карийра. Иштта хууш дара богIуш берш могIарера гIаттамхой цахилар а.
Оха сацам бира, дукха ницкъаш юкъа а ца узуш, уьш схьалеца, я, герзаца дуьхьало еш хилахь, байина дIабаха операци дIаяхьа».

Вуьшта аьлча, ГIалашкахь велла шиъ ларамаза нисделлачу эккхийтарехь велла ца лору Нохчийчоьнан куьйгалхоша. Уьш балар, царна гергахь, леррина кечам а бина, нохчийн ницкъаллин структураша дIаяьхьначу тIеман операцин жамI ду.

Цхьа хилам бен-бечу лаккхарчу тIегIанашкахь, бакълуьйриг муьлха агIо ю а ца хууш, морзахе кхеторо гойту, мел галдала тарлуш ду нийсонан, бакъонан бух тIехь дерг юкъаралле дIакхачале.

Байина бохуш кхайкхош болу вежарий АвдорхановгIар, цIера Эластанжара болу вежарий ГакаевгIар санна, урхаллехь болчара шайн уггаре а луьра а, кхераме а мостагIий лоруш бу. Церан ваша Авдорханов Ахьмад кхелхина ишттачу тIамехь, ворхI шо хьалха. Иза лаккхарчу даржашкахь цIарна цIе яхана буьйранча хилла ву Дудаев а, Масхадов а Iедалехь болчу хенахь дуьйна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG