ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Черменехь иккхинарг гIалгIа ву


Къиблбаседа ХIирийчоь -- Машен иккхинчохь полицин хан гIишлонах дисинарг, 23ГIа12
Къиблбаседа ХIирийчоь -- Машен иккхинчохь полицин хан гIишлонах дисинарг, 23ГIа12

Зе-дараш дела денна хуьлучех ю ГΙалгΙайчоь. Шинарийн Ιуьйранна хIирашца доза къасточу Чермен-ханехь машен эккхар толлуш дара дехьара а, сехьара а Ιедалш. Машен а оькххуьйтуш, ша а, хIирийн полисхо а вийнарг хилла боху гIалгΙа. Евкуровс деношкахь шеца зΙене довла аьлла гΙаттамхошна йитинчу телефонах пайда оьцучу меттана, ша ма-кхетадарра ШахΙадат дина оцу Экажево-юьртарчу жимчу стага.



Чермен-ханехь эккхар динарг вовза масех сахьт бен ца дийзира талламхошна. Иза цара муха дина хууш дац, хIунда аьлча, иккхинчу машен чохь хиллачух кеггий дакъош бен ца дисинера. Оцу машенан чалхаш а ца карийнера бIе метр генахь бен.

Iожалхчун цIе Экажев Адам ю боху.Иза кху аьхка дуьйна вайна ларалуш хилла. Сихонца иза схьаваьллачу Экажево оьвлахь цуьнан цийнах хьевсина, карийна чийлак дуьззина кечйина оьккхург. Низамхойн хьостано бечу хаамашца, кхиъ эккхар дан лерина хилла и террорхо. Ткъа иза цьунга муха далур хилла цкъа ша иккхичнул тIаьхьа, дуьйцуш дац! Кхераме коьчал араяьккха а ца баьхьна, эккхийтина ша йоллучохь, дохийна ценош а.

Зуламо гIалгIайнний, хIирийний иштта а тоьлла йоцу юкъметтигаш юха а дарйина.

Орштдийнахь болх бан йолаелла республикан куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан цо тIемалой шеца зIене бовларе догдохуш кхайкхийна мобила телефон. Цу чухула шена караваха некъ лехначу тIемалочунна низамал совдаьккхина таIзар дийр дац Iедало, аьлла, дош делла Евкуровс.

ХIокху шина-кхаа дийнахь бIе сов стага телефонаш йиттина, амма, царалахь вац цхьа а тIемало. ХIунда ца бовлу уш зIене, аьлла, хаттар дира Маршо радионо Евкуровн хьехамчига Цечоев Бислане.

Цечоев: «ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек, ас баккъал а боху, дIоггIара ша а вацара тешаш, тIемалой цу лоьмарехула зIене бевра бу аьлла. Амма цо юьхьарлаьцна лаам бу зуламаш ца хилийтар. Лаьа цунна кху махкахь машар хIотто а. Оцу шен кхайкхамца цо аьтто белла тIемалошна, царна лаахь, зуламан некъа тIера дIабовла. Беккъа тIемалошка бина а ца Iа и кхайкхам - муьлха а зулам динарг ву зIе тоха йиш йолуш».

Цхьаболчу тергамхошна хетарехь, Евкуровна тIемалоша делла жоп Черменехь дина эккхар ду. Делахь а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо шен телефон а кхайкхош, тIемалошца лоьху маслаIат гIолехьа хета юккъараллехь, уьш хIаллакбан беза бохучул.
XS
SM
MD
LG