ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн доьзалш шайн республике кхойкху гIалгIайн Iедалша


ГIалгIайчоь -- ГIалгIайчоьнан кьуйгалхо Евкуров Юнус-Бек,2012
ГIалгIайчоь -- ГIалгIайчоьнан кьуйгалхо Евкуров Юнус-Бек,2012

Оьрсийн къомах болу нах шайн махкахь баха лууш ду ГIалгIайчура Iедалш. Цунна хьажийна леррина программа а ю республикехь тIеэцна. Цуьнан декъашхой дагахь бу шайн болх жигара баккха.

ХIинцачул тIаьхьа, ГIалгIайн махка, баха а, болх бан а, схьабеанчу оьрсийн къомах болчу доьзална, чохь Iан а, белхан а меттиг нисийра йолуш ю. Массийта шо хьалха тIеэцна йолу и программа йолчуьнна тIе а, кхиъ жигара яьккха дагахь ду Iедалша.

Оцу хьокъехь, дIадаханчу кIирнахь, мехка куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, оцу тIегIан тIехь болх бечу комиссица цхьанакхетар дIадаьхара. ХIоттийначу Iалашонашца, ГIалгIайн махка, схьабаьхкиинчу доьзалшна, I0 шо даьлча, церан дола яьккха бакъо йолу гIишлонаш лура ю Iедалша. Иштта, церан говзалле хьаьжжина белхан меттигаш а хира ю.

Оцу программийн дикаллах лаьцна Маршо радиога дийцира, оьрсийн къомах болу бахархой ГIагIайн махка юхаберзоран комиссийн декъашхочо Светличный Василийс.

Светличный Василий:
«Суна ала лаьа, тIеэцначу оцу программо гIо до, махкахь бахархой совцош. Цо аьтто ло гIо а доцуш бисинчу баккхийчу нахана. Иза доккха гIо ду. Оцу программехь ши дакъа ду: ишттачу гIора доцуш бисинчарна гIо дар а, схьабогIучарна гIишло ялар а».

Ша верг аьлча санна реза ву олийла дац ГIалгIайн махка оьрсийн къомах болу бахархой юхаберзоран программина. Ца безам бух болуш дац иза. Дуьххьара, махкахь бехачу нехан, хьашташна терго ян езара Iедалша, боху дукхачу наха. Царах ву, гIалгIайн парламентан хилла волу депутат Манкиев Бамтгири. Кхин хIума дацахь а, ХIирийн махкара баьхкина болу мухIажарш бу, хIинца а эрна арахь бехаш, элира цо, оцу хьокхъехь шена хетарг довзуьйтуш.

Манкиев Бамтгири: «Бухахь вехачу стаге хьажа ца деза Iедал? Бухахь болчеран хьашташка а ца хьожуш, арахь бехачаьрна аьттонаш бийра бу бохург-дош дуй? Дош дац хьуна иза. 7-8 юьрт ю, хIирийша гIалгIайн чу а ца бохкуьйтуш латтош. Цигахь мел баьхна болу нах ГIалгIайн махкахь бу, хIинца-хIинца юхадоьрзура ду шаьш бохуш Iаш»

Кхин программа яра ГIалгIайн мехка Iедалша тIеэцна- Оьрсийчоьнан юккъерачу регионашка гIалгIай баха дIабахийтар. Цуьнах хIун хилла теша?

Манкиев Бамтгири: «Оцу программах кехат бен кхин хIума ца хилира. Вайнахе хьоьжуш цигахь цхьа а стаг вац. Чу баха меттиг а яц цигахь. Цигахь чу латта нах беза, таджикаш а, гIиргIазой а санна. Цу тайпа нах гIалгIашна юккъахь бац. Ян цига баха безам болуш гIалгIай а бац, ян уьш багIахьара аьлла хеташ бухахь берш а бац».

Дукхачу нехан кхерам бу, иштта белхан меттигаш ца хиларца, Оьрсйичохь хьалхарчу меттехь йолчу республикехь, кийча белхаш тIе кхиберш бахкийча, бухахь болчеран бакъонаш йохора-м яц теша аьлла. Оьрсийн къомах болу бахархой ГIагIайн махка юхаберзоран комиссийн декъашхочо Светличный Василийс иштта элира оцу хIуманна.

Светличный Василий: «Цхьа момент ю, оцу программех йийцаре яьккхина. Со кхо де хьалха мехка куьйгалхочуьнца цхьанакхетарехь хилира. Оьрсийн къомах болу бахархой юхаберзоран гIуллакх дийцира цигахь. Цул совнах, тхуна тIедожийра и программа кхиъ таян.

ХIинца оха чукхойкхун болу нах хира бу, белхан цхьацца говзалла ерш. Хьехархой а, музыканташ а, лоьраш а, иштта кхин дIа а. Оцу наха белхаш къуьйсура бац бухахь болчаьрца. Оха гIишлошъярхо масла кхайкхича, бухахь берш реза хира бацара, тхан тхайн а бу уьш аьлла. Ткъа, лаккхара говзалла йолу нах тоьуш бац кхузахь».

Тахана, терахьаш билгала гIарадогIуш дац Iедалша, мел масса доьзал цIа бирзина аьлла. Амма, цхьаболчу хаамашца, 20-30 доьзалла бу, и лаам болуш. Дукха хан йоцуш, МалгIбеке цIабирзинера БорисовгIеран доьзал. ЦIийнда балха хIоттина, чохь Iа хIусам елла, бераш ишколе а хIиттина, бохуш, хазахеташ яра Борисова Людмила.

Борисова Людмила: «Тхо Краснодара кIоштера баьхкина кхуза. Дика тIеэцна тхо. Сихха гIо а дина тхуна. ГIишло а елла. Тхо реза ду. Тхуна гIо динчарна массарна а баркалла олу оха. Бераш а ишколе хIоттина тхан. Кхузахь хазахета тхуна».

Цу тайпа оьрсийн къомах болу бахархой цIа берзоран программа Нохчийчохь а ю тIеэцна дикка хан. Амма, цуьнан балхах лаьцна дерг довза хала ду журналисташна.
XS
SM
MD
LG