ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн берийн сатийсамаш


Германи - Нохчийн школехь, 28ГIур2013

Германи - Нохчийн школехь, 28ГIур2013

Дуьххьара 1925-чу шарахь Женевехь берийн Iер-дахар тодарна леринчу дуьненаюкъарчу конференцехь юккъедаьккхина долу бераш лардаран де таханналца дуьненчохь хIора а пачхьалкхехь лардеш схьадохьуш ду. Шарахь цкъа массара а цу дийнахь берийн дахар тодарна тIе тидам бохуьйтуш белахь а, амма дуккхаъчу пачхьалкхашкахь холчу хьолехь деха бераш.

Дуьненаюкъарчу белхан хьелаш лардаран юкъаралло динчу рапортаца, кхианза йолчу пачхьалкхашкахь карарчу хенахь 250 миллион бер ду къахьоьгуш, тайп-тайпана, шайн хенаца а, ницкъаца а догIуш доцу, белхаш деш. 5 шарера 17 шаре кхаччалца долу и бераш шайн дахарна кхераме хьелашкахь кхуьуш а, децаш а ду. Иштта бIеннаш эзарнашкахь ду лолла духку-оьцу берийн терахьаш а.

Ткъа иштта баккхийчу зуламхоша шайн догIмаш дохкар тIедожийна, дацочу берийн терахьаш а. КIеззиг дац тIемаша лаьцначу меттигашкахь, къаьстина Африкерчу цхьа могIа пачхьалкхашкахь берех биначу салтийн терахьаш а, шайн доьзалех а къастош, къизачу тIеман тийсадалршкахь дакъалацар тIедоьжна бацош а, бойъуш а болчу.

И тайпа инзаре хIумнаш, Делан къинхетамца, нохчийн берашна ца девза, царех доккхачу декъо тIеман къизалла а, шайн махках а, гергарчех а къастаран гIело а лан дезнехь а. Делахь а, цхьа а тайпа къа-бала боцуш, цхьанаэшарехь ирсе кхуьу нохчийн бераш олийла дац. Европехь, даймахкана хийраллехь кхуьучу нохчийн берийн а бу ша-башха а, шайначул а сингаттамаш. Уггаре а боккханиг царех – цIа сагатдар а, Нохчийчу даха лаар а, цига даха йиш ца хилар а лара мегар ду.

Цхьайтта шо долчу Мохьмада дийцарехь, иза уггаре а ирсе веш волу хIума ду Нохчийчу вахар. Цигахь ловзар, цигахь бешахь Iежаш дахар а, денана йолчу вахар, арахь ида йиш хилар – баккхийчарна башха мехала а ца хета а тарло хIумнаш дуьйцу цуо „ирс“ бохучу дешан маьIна далош. Амма уггаре а коьртаниг, Европехь велахь а, цIахь велахь а, да-нана дийна а, могуш -марша а хилар ду боху цуо.

Мохьмад: „Ирсе хила да а оьшу, нана а оьшу. Ваша а, йиша а оьшу. Ненан да, ненан нана а, ден да а, ден нана а оьшу. Суна уггаре а чIогIа лууш дерг цIаваха лаар ду. Мел хаза хир дара цигахь. Хазаъ хир дара, ирс хир дара. Малх а кхетий, хаза хуьлу цигахь. Диттанаш тIехь Iежаш, кхораш, баьллаш а хуьлу. Сан ненан нана йолчехь йоккха беш ю, цигахь ловзу тхо. ЦIахь дуккхаъ хазох ду“.

13 шо кхаьчначу Амната дийцарехь, баккхийчеран ирс, кегийчеран ирс – иза ши бен-бен хIума ю.

Амнат: „Кегийра бераш чIогIа атта ирсе хуьлу, мерза хIума я тайник ма деллехь шаьш ирсе ма хетий царна. Воккхаха мел хуьлу а дукхаъчу хIумнех кхета. ТIаккха халоха хуьлу ирсе хила. ХIунда аьлча, баккхийчеран кхин а важаниш хIумнаш ду, концентраци оьшуш – болх а бу церан, бераш а ду...

Уьш баккхий бу, цундела церан кхетам кхечу агIор бу. Ткъа берашна шаьш ирсе ду аьлла хетахь а, масала, шозлагIчу дийнахь шоколад дIа йолу, я тайник духу, ткъа тIаккха и ирс дIадолу. Боккъалийна а долу ирс, суна схьахетарехь, берашна хIумнаш хаа луучу хенахь, довза луучу хенахь, царна цхьа хIума кхетийча, уьш цунах кхета ма кхетнехь, тIаккха уьш боккъал а ирсе хуьлу“.

Амма и цхьа а хIара аьлла къай-балий лан ца дезаш, аьттонечу доьзалшкахь кхууьш долчу берийн аьзнаш дуста йиш яц шайн дех-ненах къаьстина, хийрачу доьзалшкахь, хийрачу Iадаташкахь кхуьучу нохчийн берийн кхолламашца. Цхьацца бахьанашца Iедалан хьукматхоша шайн дай-наношкара схьа а дохий, меттигерчу доьзалшка кхион дIаделларш ду уьш.

Боккъал а уггаре а яккхийчех киртиг хилла дIахIоьттина и доьзалшкара бераш дIадахар Малхбузехь бехачу нохчашна. Карарчу хенахь, тайп-тайпанчу хьостанаша чIагдарехь, цхьана Вена гIалахь бехачу вайнехан доьзалшкара дIадаьхначу берийн терахь бIе сов даьлла. ХIун дича сацалур бара и дела денна алсам болуш болу бохам? Муха кхеталур дара бераш а, амма уггаре а хьалха церан дай-наной а, и бераш дIа ца дахийта?

Цу хеттаршна жоьпаш лоьхучех ву Венехь вехаш волу Гисаев Абубакар. Цхьа юкъаралла а кхоьллина, нохчийн дай-наношца кхетам-кхиоран а, информаци яржоран а белхаш деш ву иза, бераш дIа ца дахийта хIун дан деза а, ткъа хилларг хилла а даьлла. Уьш дIадаьхнехь муха лела веза а бохучух дуьйцуш. Уггаре а коьртаниг: шен доьзал ларбан луучу ден-ненан вовшашлахь барт хила беза, бохуш дуьйцу цуо. ХIунда аьлча, дIасакъаьстинчу доьзалех бер кхин а алсамчу кхерамехь хуьлу дена.

Гисаев Абубакар: „Вайн цIахь бераш йоллучу а юкъаралло кхиош ду. Гергарчара гIо до вайна цу тIехь, шичоша, лулахоша, ишколехь. Массо меттехь хьехар а деш, „хIара ду хьуна, вааж ду хьуна“, олуш, вайн гIиллакх ду-кх иза, амал ю иза вайн. Кхузахь иза дац. Цундела дас-нанас шайн ницкъ ма-кхоччу къахьега деза.

Амма и да-нана, шайн цхьа дегабаамаш я оьгIазлонаш хьалха а яьхна, вовшех къаьстина, цхьанхьа наний, цхьанхьа дай даха охьахиъча, я, аьр вай, цхьаболчара кхузахь деш ма-хиллара, рицкъана алсамох аьтто хир бу вайна, олий, уьш дIасакъаьстича, церан бераш потенциала кхерамехь ду. Иза тидаме эцар, шаьш дIасакъаьстича, шайн берашна шаьш кхерам кхуллуш хилар а диц ца дар дехар дара сан кхузарчу нахе“.

Дуьненаюкъара бераш лардаран де тайп-тайпана даздо дуьненчуьрчу бераша. Цхьадолчарна цунах совгIат а, шен доьзалехь марзо а, ирс а хуьлу. Вукхарна иза деза де дуйла а ца хууш дуьсу. Бакъду, берана ирсе хила башха хIара ду аьлла лерина билгалдаьккхина долу рузман де ца оьшу. Цунна, 11 шо долчу Венин вахархочуо Мохьмада ма-аллара, шен да-нана уллехь хилар а, цхьажимма цаьргара терго тоуьу дукхахьолахь.
XS
SM
MD
LG