ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Забарш ян дог ца догIу нохчийн


Оьрсийчоь -- "Оьрсийн маршан" декъашхоша айина хьуш ду Путинан а, Кадыровн а диллина сурт тIехь долу у Москох Оьрсийчоьнан Цхьааллин дийнахь, 04Лахь2012
Оьрсийчоь -- "Оьрсийн маршан" декъашхоша айина хьуш ду Путинан а, Кадыровн а диллина сурт тIехь долу у Москох Оьрсийчоьнан Цхьааллин дийнахь, 04Лахь2012

Нохчийчийн юккъараллехь, баккхий хийцамаш беъна химллачу тIемаш. Хьалха санна адамаш вовшех тIекIаре бац. Ткъа, цара вовшех еш йолу забарш-м гуттара а хийцаелла.

Нохчийчу муьлха а хьаша-да веъча, цуо, кхузахь даьхначу суьрташ тIехь, наггахь бен стаг гур вац, даггара велакъежаш. Соьлжа-гIалахь-м, нахана гуттара а ца деза шай суьрташ догIуш хилар. Урамехь геннара, суртдоккхург карахь а йолуш стаг гича, некъа дехьа бовла гIерта цхьаберш. Хийла сурт хIаллак хилла суртдаккхархойн, наха доьхьала я куьг лаьцна, я йохь дIаерзийна.

Оханан бетан хьалхара де, дукхачу хьолехь, малх а кхетта, дуьненна реза а волуш, ваха дог доуьйтуш хуьлу. Дог айдо ечу забаро, дIа а йора иза кесст-кесста. Амма, хIинца, интернетехь а, цхьаннахь а нохчаша и забарш еш гуш дац. Къовладелла, цхьана хенахь, Кавказехь уггаре а хьаийна лоруш хилла долу къам. Иза дукхачу хIуманца гучдолу. Коьртачу декъа вовшаха йолчу юкъметтигаца.

Дукха хена дуьйна дуьнено а къобал дина хIума ду, шен ца воьвзучу стагца, дукхачу адамаша, дог доьллу, шай баланаш буьйцуш олий. Доьххьара иза, хьакхало, таксистех а, цIерпошта чохь цхьана купе чоь дIабоьлхучу нахах а. Бала балха а бина, шен социйлехь стаг вахьвоссича, дог дастало цуьнан. Механ нах жимчу машенца лелош ву Абу цIе йолу стаг.

Дикка хан ю цуо и болх беш болу. Адамийн психолог а лара мегар ду иза хIинца. Ша дIай-схьай лелочу нахана юккъахь Iедалшна реза боцурш а, реза берш а хуьлу, бохуш дийцира цуо Маршо радиога.

Абу: « Цхьа верг луьйш хуьлу. Кхиверг луьйш ца хуьлу. ХIара гIала а дика тайина олу. Болх хIума ца хиларна реза боцурш а хуьлу».

Дукхачу хьолехь, нах ца хIутту боху таксист Абус, Iедалан доьхьала хIума ала. Юккъараллехь башха дуьйцуш хIума дац, иза дича хуьлуш дерг, бохуш кхин дIа а дийцира цуо.

Абу: «Нах дукхачу хьолехь ца хIутту луьйш къамел дан. Нахана совнах баланаш ца оьшу. Цхьацца хIумш хеза, эладиттанаш эзча, цхьаъ дина, важа дина бохуш. Ша реза воццушехь, реза бу бохурш а бу. Уозало. Кхерало. Цхьацца хIумш хезна-кх нахана».

Шен агIора Iедалш хесточарах а кхета мегар ду боху Абус. Буьрса Iедал дацхьарий, хIинца махкахь долу низам а хIоьттина хира дацара, аьлла тидам бира оцу стага.

Абу: «Вайна иштта буьрса Iедал хилле, гина-кх дуккха а хIумш. Иштта ца хилча, вай мегар а дацара, низам а, цхьа къепе а латталура дац».

Забарш ечаьрца забарш ца йо Нохчийохь Iедалша. ХIинца-м и хIумш сецна, амма, цхьана юкъана, мобила телефонаш яьржа йолаелча, цу чухулла, къамелаш дIа а яздеш вовшах бегаш бора наха. Iедалхойн цIераш а йогIуш йина забарш-м кар-кара а луш, яьржара, анекдоташ а хуьлий. Дукхах йолу и забарш гайтаме хуьлура, арахь долчу хьолан.

Дага догIу, хIинца а беламе хеташ долу цхьа хIума. Кадыров Рамзанан аз тар а дина, цхьана жима стаг, гарехь чIогIа цунна тIекхача лууш волу, хьовзийнера накъосташ. Кадыровах къамел дечуьнга, цуо дукха тешна волуш, олу, ша «Доза доцу латаршкахь» дакъа лаца лууш вара олий.

Вукхо, Кадыров ву бохучо, кхаъ боккху, цигахь цуо толам баккхахь, джип машенний, Стечкинан тапчий лура ю олий. Шега аьллачуьнах ца тешаш юха хIотто мискано: -Джип? ДIавала Рамзан, ахь суна джип лахь-м, сан дуккха а къамел ду хьуна хьоьга къайлахь дийца дезаш, олий. ХIун къамел дан воллуш хилла иза, ша нагахь санна республика куьйгалхочуьнга тIекхаьчча-хууш дац.

ХIинца, цу тайпа забарш ца йо наха. Уьйранаш а, Интернете йоьвла. ТIаккха а, цигахь а, комментареш а, хетарг довзийта атта ца хIутту нах, бохуш дийцира Идрис цIе йолчу интернет лелархочо.

Идрис: «Ца баьхь хьалха санна забарш ян а, комментареш ян а. Мелла ларло нах. Дукхачу хьолехь кегий нах бу, хIумнах кхера ца Iаьмма болу. Школера дешархой а, студенташ а хуьлу уьш. Комментари доьхьала язъйича, жогьпе уозора ву Iедало. Диканиг алахь, коьртахь куьг хьокхура ду».

Юккъараллехь йолчу дешан маршоне хаьжжина, хуьлу еш йолу забарш. Тахана, къам къовладелла далахь а, Iоттаран йистехула лелаш йолу забарш дIаяланза ю нахана юккъера. Билгалдаккха деза, иза а, дикка боьвзаш, шерашкахь зийначу нахий бен ца йо вовшех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG