ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муха Iалашъялур ю интернет-къайленаш?


Телефонехула, интернетехула шайна ца товриг хезча, нахе хаттамбо Нохчийчуьрчу хьаькамаша.

Хих, серлонах, газах долу ахча хенал а хьалха Кадыров Рамзане ца дехийта йоьлла Инаева Iайшат, гуламашкахула гез а яьхна, йохийра балхах.

Оццу Кадыровга цунна товш доцу дешнаш Инстаграмехь аьлла Дикаев Адам а хIоттийра къомана хьалха юьхьIаьржа.

Дукха бу и тайпа хиламаш.

Маршо Радионо телефонах, интернетах нах Iалашбарх дузу кху кIиранан хаттар. Хууш ду, уггаре яьржина йолу ватсап, я социалан маша «Вконтакте» Iедалан хьукматашка ясталуш а, ешалуш а, къамелан да схьакаро таро луш а юйла.

Аш муьлхачу кепехь Iалашйо шайн телефонан а, интернетан а контакташ?

ХIун хьоьхур дара аш интернетехь, телефонан чаташкахь шен кхерамзалла лакхаяккха оьшучунна?

Жоп дала луучунна - тхан телефонаш.

Прагица зIене волуш: + 4 20 72 40 I 8 32

Горгали баийтинчул тIаьхьа, охьайилла а тарло телефон, тхаьш девр ду тхо дуьхьал зΙене.

СМС яийта мега тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 92 6 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 4 20 72 40 I9 8 32

Шайна хетачух лаций язде тхан сайте а: radiomarsho.com.

XS
SM
MD
LG