ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нехан оьгIазлоно юха толлуьйту тIаьхьара "Дашочу Кегийрхойн" хьокъехь гIуллакх


Руслан Шамсуаров, ЛУКойлна вице президентан воI, стигалкъекъан-беттан 28, 2016
Руслан Шамсуаров, ЛУКойлна вице президентан воI, стигалкъекъан-беттан 28, 2016

Оьрсийчоьнан куьйгаллехь йолчу элитийн бераш низам дохочу киртикана буханисделча, могIара нах эргIадбохуш, уьш таIзарна кIелхьарадовлар хийлазза нисдаларан дукха тоьшаллаш ду. Амма политикан мох хIинца схьахетарехь Оьрсийчоьнан таро йолчу а, уьйранаш йолчу а нехан бераш долчу агIор хьоькхуш бац.

Машен сацийча, урс хьокхур ду бохуш, ахь кхерамаш тийсахь, хьуна духьал бехктакхаман гIуллакх дIадоло тарло. Амма карзахечу Къилбаседа Кавказерчу ХIирийнчохь баханчу баттахь хиллачу некъан бохамехь, ехана хаалучу, буйнахь урс лесточу зудберо шен лачкъийна карт гучудаьккхира.

“Сайн дега телефон тохийтал, цо шу верриг шайн демере вохийтур ву,” машен чохь пассажира Кумехова Камилла полицхошна тIе мохь туьхира, уьш ша республикан шахьарехь Владикавказехь машен чуьра охьаяккха гIоьртича.

Цхьа маьIан дара Кумеховас йинчу гамбитан: Цуьнан да хаамийн гIирсаша дийцарехь, Кумехов Руслан ву, регионан лаккхара прокурор болх бина хилла волу. Ткъа Оьрсийчоьнан куьйгаллехь йолчу элитийн бераш низам дохочу киртикана буханисделча, могIара нах эргIадбохуш, уьш таIзарна кIелхьарадовлар кест-кеста нислуш хиларан дуккха а тоьшаллаш ду.

Кху кIирнахь стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь хиллачу некъа бохамехь Кумехова а таIзарна кIелхьаръер ю аьлла хеталора. И хилла дов цхьамма интернет чукхоьссинчул тIехь, регионерчу Iедалша таллам дIаболийра.

Пачхьалкха-урхалла дечу Новости хаамийн агенство меттигерчу талламан комитетан белхахочун дешнаш далийра, мангалбеттан 7-чу дийнахь Кумехована дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долор дац “иза полицхойн дахарна боккъал кхераме ца хиларна”, аьлла.

Амма политикан мох хIинца схьахетарехь Оьрсийчоьнан таро йолчу а, уьйранаш йолчу а нехан берашна духьал хьоькхуш бу.

Москохарчу полицин хьаькама Якунин Анатолийа стигалкъекъа-баттахь чIагIо йира “нахана тIе шеташ етташ лела буьззана кегийрхой ша гуттаренна совцур бу аьлла.” “Царна шайга хIуъ а, милла а эцало аьлла хета, ткъа уьш харц бу,” элира цо.

Якунинан дIахьедаро юьхьарлаьцнарг Шамсуаров Руслан вара, лакхарчу даржехь волчу Оьрсийчоьнан мехкадаьттан белхахочун воI. Шамсуарово а, цуьнан доттагIаша а мерседес-бенс-G-класс чохь болуш, шайна тIаьхьа полицин машен а яьккхина, хехкабеллера Москохорчу урамашкахула а, бераш ловзу меттигашкахула а.

Полицин машен тIаьхьаяларх Шамсуарова а, цуьнан доттагIаша а яьккхинчу, тIаьхьо интернет чукхоьссинчу филмо шуьйрра оьгIазло яржийра, низам дохийча, уьш таIзарна кIелхьарбовларна.

ДуьххьардIа гIуда тоьхначул тIаьхьа, Шамсуаров 15 денна чувоьллира. Оьрсийн гоьваьллачу эксперто Рейтере элира: “суна даг мел догIу и тайпа таIзар Iедалша къайлдаккха ца гIерташ дар дуьххьара хилла ду кху 16 шарахь Путин куьйгаллехь волчу заманчохь. ”

Коррупцин духьал мехала гIулчаш дукхазза дIакхайкхийнера Путин Владимира ша 16 шарахь куьйгаллехь волчу хенахь, ткъа уьш хlушт-пушт аьлла тийна хIума йоцурш хилла дIаевлира.

РИА новостис Кумехована дуьхьал бехктакхаман гIуллакх полици схьаделла реза ца хилла аьлла хаам баржийча, оццу хаамийн гIирсано жимма тIаьхьо кхин цхьа хаам баржийра цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх дIадолор ду аьлла.

ГIуллакхийн материалаша юхахьовсийна кхиндIа а талла, РИА Новостис даладо талламан комитетан зорбанча секретаран дешнаш.

Иштта яра Оьрсийчоьнан “дашо кегийрхой” олучу нахах Шрека Карла язйина артикл, ткъа цунна гочдина, иза шуна йовзийтинарг вара Межидов СаIид.

XS
SM
MD
LG