ТIекхочийла долу линкаш

Интернетехь ойла йовзийтар кхераме ду Оьрсийчохь


Оьрсийчоь -- ВКонтакте комментари йитина аьлла лаьцна стаг. Петарбух. 2016.

Оьрсийчоь -- ВКонтакте комментари йитина аьлла лаьцна стаг. Петарбух. 2016.

ТIаьхьарчу хенахь Оьрсийчохь могIарера бахархой бу тIелетарш а, кхерамаш тийсар а ловш. Иза бекхам бу цу наха интернетехь Iедалшна критика ярна. И тIелетарш хуьлу интернетах пайда эца неха йоло маршо Iедало гатйеш а йолуш. Цунах лаьцна материал кечйина Маршо Радион корреспонденташа Бигг Клэра а, Трещанин Дмитрийс а, Горохов Александра а.

Кху шеран Зазадоккху-беттан 31-чу дийнахь Петарбухехь веха Марков Александр шен петаран неIаран горгали бекча иза схьаелла сихвелира. Амма ша волчу ван везачу шен доттагIан метта неIарехь гира цунна бевзаш боцу нах.

Царах цхьаммо туьйхира Марковна.

-Цо соьга, кхин дуьйцуш хIума а доцуш, «Саша вуй хьо?» аьлла хаьттира. «Ву», - элира ас. ЦIеххьана бIаьрга буй туьйхира цо суна. Со петар чура аратакхийра цара. Цхьаммо букъан юккъе хIума тоьхна вожийра со. Юха цара мийраш биттира суна, - бохуш дуьйцу Марков Александра.

ТIелатар динарш къайлабевлира, Марков полици кхайкхахьара бохуш мохь бетта волавелча.

Хилларг дуьххьара, я тIаьххьара хилла дац Оьрсийчохь Iедалшна интернетехь критика ечу нахаца. Цигахь цхьамогIа цу тайпа тIелетарш дина, Iедалшна критика ечу нахана. Цу нехан машенаш ягийна меттигаш а бу.

«ВКонтакте» социалан машанехь Кремлан политика емал ечу «Зуламе Iедал» цIе йолчу оппозицин юкъарлон администраторех цхьаъ ву Марков Александр. Цо беш болу болх тидамехь латто дIаязвелла ву 14 эзар гергга стаг.

Оьрсийчура кхерамазаллехула эксперт волчу Солдатов Андрейс дийцарехь, стохка Лахьан-баттахь дуьйна наха интернетехь яздийриг бахьана долуш Iаткъам беш ду Iедалш бахархошна. Къаьсттина иза хьакхалуш ду «ВКонтакте» социалан машанах.

ТIелатар дина ца Iаш, Марков Александрна дуьхьал «ВКонтакте» социалан машанехь леррина кхоьллина «Александр Петроградский» цIе йолчу стеган аккаунт. Цу «Петроградскийс» кхайкхам бина Марковх лаьцна хаамаш байита шега аьлла.

Цул сов, Марковн гергарчу нахе цхьацца эладиттанаш дуьйцуш кехаташ оьхуьйтуш а бу цхьа нах.

Солдатов Андрейс дийцарехь, интернетехь нехан маьрша бистхила йиш хилар дихкира 2012-чу шарахь, Путин Владимир кхозлагIа а президентан дарже хIоьттинчул тIаьхьа интернетах лаьцна тIеэцначу низамо.

Iедалша и низам берийн порнографи а, наркотикаш а яржорна а, кхиазхошка Iожалле кхийкхарна а дуьхьал ду бохуш дийцахь а, критикаша чIагIдо, цунах Iедалша интернетехь цензура латтош пайда оьцу бохуш.

Стохка ГIура-баттахь блогер Тюменцев Вадим 5 шо хан тоьхна чувоьллира, Оьрсийчоьно Украинехь тIом болорна критика еш «ВКонтакте» а, YouTube-хь а видеоролик хIоттийна аьлла.

2015-чу шарахь ГIезалойчура жигархо Кашапов Рафис кхаа шаранна чувоьллира, социалан машанашкахь Оьрсийчоьно харцонца ГIирма дIалацарх лаьцна материалаш зорбане яьхна аьлла.

Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь, ши шой кхо бутт хан а тоьхна, колоне хьажийра Тверера инженер-механик Бубеев Андрей. Цу стагана бехке диллинарг дара цо шен «ВКонтакте» машанехь йолчу агIон тIехь публицистан Стомахин Борисан «ГIирма Украинин ю» материал а, оццу темица доьзна цхьацца сурташ а дIахIиттийна хилар.

Делахь а, интернетах пайда оьцучу нахана ницкъ бар керла хIума ду Оьрсийчохь. Хетало, и тIелетарш деш болу нах цхьаммо хьохуш зуламаш деш бу аьлла, я уьш репрессин чулацам болчу интернет-низамо ир-кара хIиттйина арабевлла нах бу аьлла.

-Хьалхарчу кхаа шарахь бухе йиллинарг кхерон система яра, нах арахь а буьтуш таIзарш а деш. Стохка Лахьан-баттахь дуьйна масийтта кхел йина, интернетехь шайна хетарг яздина аьлла адамаш набахташка а хьежош. Цундела, шеко йоцуш репрессеш марсаяьхна Iедалша, наха яздийриг бахьана долуш, - билгалдоккху Солдатовс.

Дукха хан йоццуш «ВКонтакте» социалан машанехь «Зуламе Iедал» цIе йолчу оппозицин юкъарлон кхин цхьана администраторна Алексеев Егорана а дина тIелатар. Цо дийцарехь, Мангал-беттан 9-чу дийнахь Iуьйранна 9 сахьт долуш Петарбухехь цхьана урамехь цунна тIелеттера ши стаг. Алексеевн мара а кагбина, коьрта туьта а лазийна, кхетамчура а воккхуш коьртах хIума а йиттина.

«ВКонтакте» социалан машанехь диссидентийн тобанан декъашхо хиллачул тIаьхьа Алексеев Егорана телефонехула а, электронан почтехула а кхерамаш туьйсуш нах бу.

Оцу тобанца йоьзна кхин цхьа зуда а ю цу кеппара Iаткъам ловш. Иза ю Петарбухехь ехаш йолу Юлия. (Цуьнан фамили леррина цайоккхуш юьтур ю вай, кхерамазаллан бахьаница).

Охан-бутт болалуш Юлия ехачу петаран неI туьйхира цунна вевзаш воцучу шина стага. Царшимма шаьшшиъ Юлиян лулахо ву бохура, цу хIусамехь туька елларх лаьцна цхьаъ дуьйцуш а вара и ши стаг. Амма Юлияс тергам а ца беш дитира хилларг, цхьана дийнахь кетIахь лаьттачу шен машенах цIе тассалц.

Хиллачух лаьцна дийцира цо социалан машанехь, лулахо ву аьлла шен неIаре веана хиллачу шина стеган ша даьхна сурташ зорбане а дохуш.

Марков Александр волчу ван везаш хиллачу цуьнан накъостана вевзира и ши стаг. И шиъ хиллера Марковна йиттинчу дийнахь Марков вехачу цIачура араволуш цунна гинарг. Юлияс дийцарех, цу хенахь цунна вевзаш цахилла Марков а, Алексеев а.

Машен ягаяле хьалха Юлияна гинера «Александров Александр» цIе йолчу стага шен «ВКонтакте» агIон тIехь ша хьехош. Цу стага шен профайлан коьрта сурт ду аьлла дIахIоттийнарг дара Юлиян хIусамден сурт. Оццу агIон тIехь Юлияна гира шен хIусамден кхин а масийтта сурт. Цу сурташна тIехь иза вара Юлия ехачу хIусаманна хьалха лаьтташ.

Юлияс латкъамаш бича «ВКонтакте» администрацино дIакъевлира и агIо.

Политика бахьана долуш тIелетарш дина аьлла тешо бух бацахь а, дуккха а нах бу Iедалшна критика еш интернетехь комменташ йитина аьлла бала хьоьгуш.

Охан-беттан 20-чу дийнахь Старостин Русланан хIусамнене дехар дира «Евгений Крестовский» ник олу цIе йолчу стага ша «доттагIашна» юкъатохахьара аьлла. Цуьнан профайлан суртан тIехь цу зудчунна гинарг яра ша а, шен хIусамда а.

«Евгений Крестовскийс» шен агIон тIехь Старостина йиллина Путинан карикатура хIоттийнера «Боьлуш Iовдалш гонах а гулбина, хьайна ма-хетта хьо воьлуш вуьтур ву моьтту хьуна, жоп а ца доьхуш?» аьлла къел а яздина. Кхин а масийтта сахьт далале Старостин Русланан машенах цIе тесира муьлуш бу цахуучу наха.

Мангал-беттан 12-чу дийнахь Петарбухехь тIелатар дира Iедалшна критика еш хаамаш буьтучу «ВКонтакте» социалан машанан белхахочунна (шен цIе цаяккхар дийхира цо). ТIелеттачара кхо пIелг кагбинера цуьнан. Цара маьхьарий детташ хиллера «къоман ямартхо, жуьгти, пхиолгIа ког» бохуш. Иштта дешнаш леладо Оьрсийчура зорбанан гIирсаш оппозици хьахош.

XS
SM
MD
LG