ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Генара ГIирмера а, Нохчийчура а референдумаш


Украина - герзаца болу нах, оьрсийн салтий, Перевальное тIеман базанна уллехь, Симферополна уллехь, 20Заз2014
Украина - герзаца болу нах, оьрсийн салтий, Перевальное тIеман базанна уллехь, Симферополна уллехь, 20Заз2014

Референдум а йина, ГIирма Оьрсийчоьнах схьатоха гIортар цхьабосса ца кхетадо Нохчийчохь.

ХIинццалц схьа Украина цхьа дакъа-кIошт хиллачу ГIирмана гонаха лаьттачу гIовгIа-дийцаршна, бала цакхочурш а хилла, юьстах Iаш бац нохчий а. ШайтIанан мох санна, Украинехула чекхбевллачу карчам-хийцамаша йийсарехь латтийна Нохчийчоь а, Къилбаседа Кавказан кхийолу кIошташ а. Дерг аьлчи , ГIирмехь кхолладеллачу хьоло, Оьрсийчоьно жигара дакъа а лоцуш, цигахь йоццачу хенахь, сихаллехь дIаехьначу политикан кампанино шина тобане беккъа кхузара могIарера бахархой.

Цхьаболчара нийса, хьекъале гIулч лору, дуккха а оьрсийн беха Украина кIошт тIома кIел лоцуш, Путина Владимира яьккхина гIулч. Царна бакълена а бакъ моьтту, шайн мотт бийца а маьрша доцуш, украинцаша цигарчу оьрсашкахь гIело яллийна бохург.

Кхечара Оьрсийчоьно Украинехь лелориг харцо лору, ткъа цигахь 90% сов харжамхоша кхаьжнаш тосуш, дIайирзина референдум бохург буххера дуьйна а пуьташ. Дуьненна дIагойтуш дерг, СССР йолуш Хрущев Никитас дIабелла мохк бертахь юхаберзоран сурт ду цхьана агIор. Цу кепара «кIеда-мерзалла» Оьрсийчоьнна тIом цабезаран цхьа билгало санна туьдучех ву цу хьокъехь соьга вист хилла тергамча Шарпудди.

«Цигахь масийтта къам ду дехаш. Советан Iедал долуш дIабелла мохк бу иза. Цигахь долу хьал гуш ду. Цхьана агIор, схьаухьуш ду, дерриге а бертахь нисделча санна, шине агIор барт а болуш. Оьрсий дукха хилар а, цигахь беха гIезалой оьрсех схьакхета дуьхьал цахилар а ду дуьйцург. Ший агIо а бертахь йолу сурт ду кхоьллинарг»

ГIирмера хийцамаш хьокъехь къамел деш волчу Шарпуддина хетарехь монголаша, гIезалоша 300 шарахь оьрсашна тIеIаткъам беш яллийна гIело бахьнехь Оьрсийчоьнан кхиар а. цивилизаци а тIаьхьайисна. Цо кхеторехь цундела а, йоккха пачхьалкх хиларна а Оьрсийчоь лара ца елла нийсо, бакъо ларьечу пачхьалкхех дIа а тарьелла, къаьмнийн дахар тодан. Кхузара, хIинца а тергалло Оьрсийчохь боху цо заманца богIуш боцу, «акхаллица» боьзна цхьацца хиламаш.

«Суна цхьа хIума хаьа. Монголаш-гIезалойн кога бухахь Iийна оьрсийн къам 300 шарахь царна ясакх охьа а юьллуш. Оцу муьрехь кхеран кхиар а, цивилизаци а тIаьхьайисна. Вуьйриг вуьйш, шаьш бохург чекхдоккхуш къаьхь хан яхьийтина оьрсашка. Ас цуьнца кхетадо кхолладелла хьал…»

Соьца къамел дечу Шарпуддис чIагIдарехь ГIирмерчу хиламашна шенчул тIеIаткъам бина, ялсамане-меттигаш ларалуш долу латтанаш доладерзо дIахьучу геополитико а.
« ГIирма иза Севастополь, порт, гIорош боцу Азован, Iаьржа хIордаш. Кхечара хьалхе яккхале аьлла сихбелла лору ас Оьрсийчоьи меттигаш тIелаца сихъялар. Ишта ду-кх..»

Дерзош аьлчи Украинерчу хиламаша бен дацарийн йийсарехь ца битина Нохчийчуьра бахархой. Цхьаболчара, шовкъе къамелаш деш Путин а, цуьнан Iедал а бакъ лараре терра, кхечара ишта хьасартне чIагIамаш бо изза Iедал тешнабехкан, ямарлонан бух тIехь лаьтташ харц Iедал ду бохуш.
XS
SM
MD
LG