ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташоно ратификаци йина ГIирма Оьрсийчоьнан дола оьцучу бертана


Еарин дийнахь Оьрсийн пачхьалкхан ДУМАно къобалбина болу, ГIирма Оьрсийчоьнан дола оьцучу бертана пIераскан дийнахь, шен рогIера йоцчу кхеташонехь ратификаци йина Оьрсийчоьнан Лакхарчу ХIусамо. Ишта, цо къобалдина, цуьнца догIуш долу федералан конститутцин низам а.

Низамца а догIуш, Зазадоккху-беттан 18-чу дийнахь дуьйна Оьрсийчоьнан дакъа лоруш ю. Оцу дийнахь, Оьрсийчоьнехьа долчу ГIирман Iедалан векалшца оьрсийн президента Путин Владимира барт чIагIбира, и ах-гIайре Оьрсийчоьнах дIа а тухуш, Севастополь-гIалина леррина статус а луш. Цу бертан бухе дехкина, Зазадоккху-беттан 16-чу дийнахь гIирмехь дIаяьхьначу референдуман жамIаш а, ша шех автонома хилар дIакхайкхийначу республикан парламенто тIеэцна хилла, и кIошт йозуш ца хиларан деклараци а.

ХIинций дуьйна гIирмехь кхо мотт хир бу: оьрсийн, украинхойн, гIирма-гIезалойн а. Цигахь лелар долу ахча сом ду. Оьрсийчоьнна а, Украинина а юкъахь къастийна пачхьалкхан доза, ГIирмина, Украинина а юкъахь лелла административан доза долччехь хир ду. Ах-гIаренна тIера мел волу вахархо, Оьрсийчоьнан вахархо хуьлуш ву. ХIинца а сацам бина валазчуьнан цхьана баттахь сацам бан йиш ю. Меттигера Iедалийн харжамаш, тIедогIучу 20015-чу шарахь, гурахь дIахьур болуш бу.

ГIирма йозуш ца хилар а, иза Оьрсийчоьнах дIакхетар а, ша цкъа а къобалдийр дац аьлла дIахьедар дина, официала Киево.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG