ТIекхочийла долу линкаш

Европан Кхеташоно Оьрсийчоьнна тIе ца диллахь, бехказа чубоьхкинчу нохчийн гIуллакхаш юхатоллур дац Оьрсийчоьно


Оьрсийчура Нийсонан Инициативан официала вебсайт, 01Ман2012

Оьрсийчура Нийсонан Инициативан официала вебсайт, 01Ман2012

Маршо радионо кхин дIа а дуьйцу, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь яккхий хенаш тоьхна, бехк боцуш, чубоьхкина латточу нохчийн тутмакхийн проблемех лаьцна. Оцу нехан цIарах Европерчу Адамийн Бакъонийн Кхеле латкъамаш бечу «Правовая иницатива по России» олучу организацин кхочушдаран юристца Кушлейко Анастасияца къамел дира Умарова Аминас.

2004-чу шарахь 18 шарана луьра хьелаш долчу набахте хьажийнера Нохчийчура вахархо Iимран. Маршо радиоца зIене а ваьлла, дукха хан йоццуш, шен хьолах лаьцна дийца аьтто баьллера цуьнан.
Шаьш Iимранан хьокъехь Страсбургерчу Адамийн Бакъонийн Кхеле чубеллачу латкъамах лаьцна дийцира Маршо радиога «Правовая иницатива по России» олучу организацин кхочушдаран юристо Кушлейко Анастасияс.

Кушлейко: Ша чувоьллинчул тIаьхьа, кхел кхайкхийначул тIаьхьа тхоьца цхьанаболх бан волавелла Iимран.
Уггар хьалха оха цуьнан гIуллакхехь тIе тидам бахийтинарг, йохийна йолу 3-гIа артикл яра - къизаллаш а, адамаллина дуьхьала болу ницкъ а ца бан йолу бакъо йохорна. Iимранан гIуллакхехь мел долу тоьшаллаш, цунна тIехь къизаллаш лелийна, ша ца динарг тIе а лацийтина, даьхна ду. Дукха къизаллаш лелийна цунна тIехь иза лаьцначул тIаьхьа а, таллам дIахьучу хенахь а. Анддий тоьшаллаш ду иза тIечIагIдеш. Кхечу, цу кепарчу гIуллакхашца дуьстича, уггар а тоьшаллийн бух онда хиларца къаьсташ гIуллакх ду Iимрананиг. Оха Страсбурге бина латкъам стенна тIехь кечбина бу аьлча, къизаллаш лелорца а, цунна кхайкхийна кхел а, гIуллакх а юхаталла дезаш ду, аьлла бу. Кхело шен сацам а, цуьнгара ницкъ а беш даьккхинчунна тIехь бина бу. Кхел а цу тIехь кхайкхийна ю. Республикан Лакхарчу Кхелан Суьдхойн Бехк-Такхаман гIулалкхийн коллегино бина сацам а, къизаллица даьхначу тоьшаллашна тIехь бина бара.

Маршо радио: Iимранан гIуллакхехь дуккха а кхачамбацарш а, гIалаташ а ду. Царах цхьаъ дара, цо «тIаьхьабогIучу баттахь оьккхуьйтург а эцна, цул а хьалхарчу баттахь зулам дина» бохуш. Оцу гIалаташца кхеле оццул йоккха хан муха кхайкхаелла цунна?

Кушлейко: Низамийн агIора ала лаьа суна. Кхел кхайкхийначул тIаьхьа, Iимранан адвокаташа - суна гинчех уггар а дика - кассацин латкъам кечбира. «Цхьана баттахь эцний, цул хьалхарчу баттахь эккхийтиний» бохург, соьга хаьттича, цу гIуллакхера цхьа жима гIалат бен дац. Оццул дукха гIалаташ дара цуьнан гIуллакхехь! Iаламат дукха, цхьана ца догIуш хIума билгалдаьккхинера кассацин латкъамна тIехь.
Юрист хила а ца оьшу царах кхета. Цунна йинчу кхелехь чIогIа дика гуш ду и кхачамбацарш.
Цул сов, кхин цхьа хIума а дара. Iимрана а билгалдаьккхира иза. Цуьнан адвокато яздинера, Iимранна дуьхьала валийначу тешера а, ницкъ а бина даьхнера тоьшаллаш. Цундела, оьккхуьйтург маца эцнера бохург, цигахь йохийначу бакъонашка хьаьжча, боккъалла а кIезга-мезга хIума ду.

Маршо радио: Iимраначух тера, эзарнаш кхелаш йира Нохчийчохь тIемаш боьлхуш. Аша маса латкъам бина Страсбургерчу Кхеле?

Кушлейко: Тхан организаци, Адамийн Бакъонийн Кхеле латкъамаш барца болх беш ю. Боккъалла а, еккъа цхьана Къилбаседа Кавказца болх бо оха. Дукха хьолахь, Нохчийчоьнца. Таханлерчу дийнахь 20 латкъам бу оха Iимранчух тера богIуш, ницкъ а бина, доцург тIе а лацийта, чубоьхкинчу нехан гIуллакхашкахула Европерчу Адамийн бакъонийн кхеле чубелла.
Маршо радио: 5 шо ду Iимран Кхелан сацаме ладоьгIуш Iаш волу.

Кушлейко: Европерчу Кхелаца йолу и тайпанарчу гIуллакхашца йоьзна проблема хIун ю аьлча, и санна гIуллакхаш къастийна довлале вуно дукха хан йолу. Iимранан латкъам 2007-чу шарахь чубелла бу. ХIинца а коммуникаци ца йина цу латкъамна. И бохург хIун ду аьлча, Кхел хIинца а йола ца елла иза къастон. Тхоьга комментари ялур йолу хаттарш ца делла оьрсийн Iедале. Халахеташ делахь а, дукха хан йолу и гIуллакхаш къастадале. Цу гIуллакхан кхелехь дика йист яларх, (Iимранан гIуллакх) юхаталларна бахьана хир дара. Цунах доккха бахьана хир дара кхин йолчу хенахь.

Маршо радио:
Карарчу хенахь хIун хьал ду Къилбаседа Кавказехь? Латкъамийн хIун амал ю, бой наха латкъамаш?

Кушлейко: ХIаъ, хIинца а болуш бу латкъамаш. Дукхах хьолахь оха тIелоцуш долу гIуллакхаш Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а нуьцкъала нах тIепаза байарца доьзна ду. Цул сов, кхел къасточу хенахь деш долчу гIалаташца доьзна а ду. Европан Конвенцин 6-чу артиклца доьзна ду уьш. Iимранан гIуллакхехь санна, ницкъ ца бан йолу бакъо йохорца доьзнарш а ду. ХIунда аьлча, таллам дIахьучу хенахь, ницкъ а беш, шаьш шайна тIе доцург кхоллуьйту. Шаьш ницкъ хиллачара я церан гергарчара латкъам бо тхоьга. И ши артикл гуттар а, цхьаний йогIуш ю массо гIуллакхехь, аьлча санна.

Маршо радио: Схьагарехь, гIалат дуй-даций бохучунна терго Оьрсийчохь цхьаммо йийр йоций хууш кхайкхийна кхелаш ю уьш. Уьш юхаталлийтарца доьзна хаттар айа гуьнах мила хир вара таханлерчу Оьрсийчохь? Хьаьнгахь бу и ницкъ? Хила тарлуш хIума дуй иза?

Кушлейко: ХIара уггар а хала хаттар ду массарел а. Соьга цунна жоп далалур ду моьттуш а яц со. Тхайга далучу кепара Европан Кхелехула тхо-м хьовсу иза дан. ТIаккха, Европан Кхелан сацамийн бух тIехь, республикийн тIегIанашкахь и гIуллакхаш юхаталлийта хьовсу тхо. Европан Кхеташонан Iаткъамах а, цуьнан цIарах а пайда оьцу оха. Европан министрийн комитет - Европан Кхеташонан коьрта орган ю иза - жоп луш ю, цкъа делахь, мониторингах; Европерчу Адамийн бакъонийн Кхелан сацамаш кхочушбарна а тIехьожу. Цул сов, Европан Кхеташонна министрийн комитетана юкъабоьлхуш бу цу кхеташонерчу массо а пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрш а. Оьрсийн Федераци а ю цу юкъахь. Таханлерчу дийнахь 47 пачхьалкх ю уьш.
Тхайн агIора, оха, сацамаш кхочушбаран хьокъехь рапорт кечдо. Компенсацеш дIакхачийтарал совнаха, гIуллакх юхаталлийта хьовсу тхо.
Иштта, оцу министрийн комитете шен-шен хенна рапорташ чуло оха, Европан Кхело бинчу сацамашкахула хиллачу жамIех лаьцна. И информаци гIара-м йоккху оха. Дукха хьолахь и хаттар политикан билгало йолуш ду. Массо сацамийн а политикан амал ю, иза йоцуш хуьлуш дац, хала хеташ делахь а. Хаам баран кеп йолийна дукха хан а яц - 2-3 шо, хIун хуьлу хьовсур ду вай. Арахьара Iаткъам тIеозо гIерташ и хIума леладо оха.
Чоьхьара, Оьрсийчура тIегIанех лаьцна ала хала ду суна.

Маршо радиоца телефонехула ГIалгIайчура къамел динарг яра «Правовая иницатива по России» олучу организацин кхочушдаран юрист Кушлейко Анастасия.
XS
SM
MD
LG