ТIекхочийла долу линкаш

Соьлж-гIала юьстаха йисина Оьрсийчурчу тоьллачу гIаланашна


Нохчийчоь -- Соьлж-гIалин юккъехь ирх яхана "Grozny City", шена юкъахь "Нохчийчоьнан дог" олуш долу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долу маьждиг а, стигалх хьекхало гIаланаш а, йолуш, 14Охан2012

Нохчийчоь -- Соьлж-гIалин юккъехь ирх яхана "Grozny City", шена юкъахь "Нохчийчоьнан дог" олуш долу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долу маьждиг а, стигалх хьекхало гIаланаш а, йолуш, 14Охан2012

«Бизнесан къайле» цIе йолчу журнало рейтинг хIоттийна Оьрсийчурчу 100 тоьллачу гIалийн. Цу къовсадаларехь дакъа лоцуш яра, Москох а, Петарбух а йоцург, 164 Оьрсийчура муниципалан кIошт. Хьалхара меттиг йоккхуш ю Москохна генайоццуш йолу Химки-гIала. Къилбаседа Кавказерчу гIаланех 10-чу меттехь ю Ставропол. Пятигорско дIалаьцна 38-гIа меттиг. Черкесск ю 61-чу меттехь. 100 тоьллачу гIаланашна юкъахь 91-чу меттехь лаьтташ ю Нальчик.


Оьрсийчура тоьлла йолу 100 гIала хоржуш, церан рейтинг хIоттош талламхоша тидаме эцнарг дара масийтта хIума. Царна юкъахь дара цу гIаланашкахь бан болх боцу нах къезиг хилар а, лоьрийн а, берийн бешийн а терахь лакхара хилар а, криминалан хиламаш къезиг хилар а, транспорто дика болх бар а, некъийн дикалла лакхара хилар а иштта дIа кхин а.

Толам баьккхинарг ю Москох-кIоштара Химки-гIала. ШолгIачу меттехь ю Краснодар. КхоалгIа меттиг дIалаьцна Калининградо.

Ткъа стигалх хьекхало гIаланаш ирх яхана йолу Соьлж-гIала мичахь ю аьлла, хаттар кхолладала мега цигарчу бахархой. Иза яц Оьрсийчурча уггара дикачу гIаланашна юкъахь. Хууш ма-хиллара бан болх ца хилча адамийн дахар а ца хуьлу токхе йолуш. Ткъа адамийн дахаран хьелашна тIеIаткъам беш дерг ду экономика хьалха тоттуш йолу финансаш цигахь лелар.

Ткъа хIун бахьана ду бизнес лелош болу нах Нохчийчу шайн ахча хьажо сихлуш ца хиларан?

Исрапилов Рамзан 30 сов шо ду Пятигорскехь вехаш волу. Iедалша Нохчийчу инвестициш хьажоезара вайнехан къомах болчу бизнесхоша олий, кхайкхам бича, хIоразза а цуьнан ойла йо ша бохуш вара иза. Амма Соьлж-гIалахь чулла а Пятигорскехь шен гIуллакх лелор мелла а гIоле хета Исрапилов Рамзанна. Цуьнан бахьана иштта дуьйцу цо.

Исрапилов Рамзан: Вайн цхьа билггала болу нах бу оцу гIулкхана а, балхана а а тIехевшина цу цIахь. Хьана дакъа дакъа юкъагIорта хала ду цигахь. Ткъа кхузахь дерриг а мелла а паргIато ду.

Нохчийчохь шайн гIуллакх лелош болчу нахана новкъарлонаш еш бу Iедалера нах аьлла, хета Исрапилов Рамзанна. Цу гIуллакхан масала а даладо цо.

Исрапилов Рамзан: Селхана-стомара хилла хIума ду-кх иза. Вайн цIахь массо а туьканаш дIачаьгIна массо а акехат хиллалц аьлла. Рамзанан багара ара даьлла и дош. ХIинца цунна луург до а бохуш, шайн гIуллакх деш нах бу цигахь. Ткъа кхузахь гIуда дIаделчхьана волуш ву со.

Экономика кхиорца бен Къилбаседа Кавказера хьал машаран некъа даккха аьтто хир бац бохучух, кхеташ ду федералан Iедалш а. Кху тIаьхьарчу хенахь Оьрсийчурча а, Къилбаседа Кавказерчу республикийн Iедалша а айина ю туризм шор ян еза цигахь боху ойла.

Иштта Къилбаседа Кавказера курорташ цIе йолчу компанино барт бина Францерчу а, Къилба Корейерчу а, Сингапурерчу а инвесторшца 3 миллиард 300 миллион доллар барамехь, ткъа Оьрсийчурчу инвесторшца 77 миллаирд сом барамехь белхаш дийра ду цу регионехь курорташ йохкуш а, цигахь ерш то еш а аьлла.

Цу регионе инвестицеш хьажо кийча болу нах карон меттигерачу Iедалша беш болу болх эвсаралла йолуш хила беза, цара коррупци а лелош, къехко ца беза бизнесхой аьлла, хеташ ву, масала, Къилбаседа Кавказерчу федералан гонехь Оьрсийчоьнан президентан векал волу Хлопонин Александр.

Амма уггара коьрта проблема хьалха санна юьсуш ю цу регионехь кхерамазалла ца хилар. И хаттар хьахош дага богIу Iедалшца герзаца къийсам латтош болу гIаттамхой, шайна юкъахь Имарат Кавказан тобанаш а йолуш.

Амма уьш тидаме ца эцча а, Къилбаседа Кавказехь болчу коьртачу Кавказ олучу некъа тоьхула дIасавахча тоьар ду бизнесхочунна цига цхьа а кепек ца хьажо аьлла, хета Нохчийчурча омбудсменна Нухажиев Нурдина. Иза ша Хлопонине а элира бохуш дуьйцу цо.

Нухажиев Нурди: Аса элира Хлопонине, ахча а дохьуш, вогIуш волу инвестор "агитировать" ван оьуш а дац, иза дIо федералан некъа тIухула дIа ма ваххана, цо цхьа а сом а дуьллур дац Кавказе.

ХIунда дуьллур дац? ХIора республика вовшен тIелата кечелла йолуш санна, хIинцца тIом бан кечелла йолуш санна ю. ДОТ-аш, ДЗОТ-аш, блокаш... Ва йоцуш хIун ю!? Касканаш, бронежелеташ... Уьш тIе а йоьхна, дIахIиттина бу. Цундела хьара хьал дуккха а лаккхарчу хьаькамашна дезаш ду.

Соьлжа-гIалахь ду тоьлла хьешан цIенош а, нийса а, шуьйра а некъаш а, хьанала болх бан хьагна долу адам а. Амма “Business Insider” журнало дийцарехь, пхи седа болу инзаре хаза а, дика а долу Grozny-City Hotel олу хьешан цIа 90 процентана даьсса лаьтташ ду.

Иза ду цига вогIуш стаг вац бохург. Иза кхеташ а ду. Нохчийчохь ца тоьаш дерг ду бизнесан оьшуш йолу тийналла а, адам къеда-мерза хилар а бохуш, дуьйцу Пятигорскерчу бизнесхочо Исрапилов Рамзана.

Исрапилов Рамзан: Къеда хила деза, собаре хила деза. Цкъачунна вайна и собар ца тоьу. Вай хIуманна сиха а ду, вайн, бакъдерг дийцича, кху тIаьхьарчу шина тIамехь чахчийна дуккха а нах ма бай.

Вайна уьш мел чIогIа уьш могаш бу моьттахь а, псигологин а, нервийн бух тIехь могаш боцуш нах бу вай. Оцунна тIехь бан безаш шортта болх бара, психологашца цхьаьна.

Делахь а, халонашка хаьжна доцуш, цхьаболу бизнесхой болх беш бу Нохчийчохь, шайн бахамна кхерам белахь а. Амма иза юкъарадаккхар ду, ишшта Iедал хилар дац. Ткъа ца ваьллачу денна динарг, вайнаха ма-аллара, дош дац.
XS
SM
MD
LG