ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГΙажарийчоь кхетамчу яре сатуьйсу дуьнено


ОвхIанистан -- Iамеркан дипломатийн дийцаршкахь дакъалоцуш ву Крокер Райан (аьрр), 18Тов2011
ОвхIанистан -- Iамеркан дипломатийн дийцаршкахь дакъалоцуш ву Крокер Райан (аьрр), 18Тов2011

ТехΙерано дΙакхайкхийна, ша реза ю дуьненца шен зарратан программа йийцаре ян а, оьшшучу кепехь шайн махкахь зарратан ларш зейта а, аьлла. Оцо а, президентан РохΙани Хьасанан Ιамеркан лидерца Обама Баракца телефонехула хиллачу къамело а Малхбалехь телхина лаьтта хьал тодийриг хиларх догайовхо ду дуьне. ГΙажарийчоь дика евзачу Цхьанатоьхначу Штаташкарчу дипломатин говзанчас Крокер Райана интервью елира Маршо Радион корреспондентна Солош Ричардна.




Крокер Райан Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн дипоматехь шена дуккха а зеделларг ΙаΙийна говзанча ву. Либанехь, Кувейтехь, Шемахь, Пакистанехь векал Ιийначул тΙаьхьа Штаташа шайн вазир хΙоттийра иза Иракъехь (2007-2009), цул тΙаьхьа ОвхΙанистанехь векал а лаьттира иза (2011-1212). ГΙажарийчоьнца цуьнан зарратан программа бахьанехь боьхна барт меттахΙоттош дакъалецира цо кху муьрехь.

(Крокер Райанан белхан меттигаш – Ιедалан урхаллан Школехь а, Техасерчу Университетан юкъараллин белхан а факультетийн декан ву иза карарчу хенахь).

Дахначу кΙиранах Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин Инарла ассамбелеярчу гΙажаройн миссино кхайкхира Крокер Райан шайн зарратан программа йийцареъечу цхьаьнакхетаршка.

Маршо Радио: Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацехь ГΙажаройчоьнан кΙира дара. Инарла ассамблеяхь къамелаш дира Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Обама Барака а, ГΙажаройчоьнан президента РоухΙани Хьасана а. Цул совнаха, дийцаршкахь бара зарратан герз долчу мехкийн дай а. Хьуна хетарехь, муьлхачу хьоле даьлла зарратах дерг листар?

Крокер Райан: «ГΙажарошца юкъаметтигаш къасторехь дика кΙира дара иза. Дийцинарг гΙуллакхашка дерзаре сатийса дуьсу вайна. ГΙажаройчоьнан президентан къамел пропаганда ю, боху цхьаболучара. Ткъа суна хетарехь, иза дегайовхо кхуллуш хΙума ду. Делахь а, билггал къастам хилла бац. Вайна оьшурш жамΙаш ду, президента РоухΙанис ша динчу къамелал тΙаьхьа аьтто бала беза ГΙажарийчоьнан зарратан программехь герз кхоллар Ιалашо янне а йоцийла талла.

Ерриг а шеконаш дΙа а йохуш, шогга дийцарш дΙадахьа деза. Ас кхеторехь, Нью-Йоркерчу къамелашкахь гΙажароша бохура, шаш кховдор бу Малхбузе реза хуьллу некъаш. Хьовсар-кха вай хΙун хуьлу. Дика юьхьиг ю иза, амма юьхьиг бен а яц».

Маршо Радио: Кхаа баттахь – эха шарахь ГΙажаройчоьнан зарратан программин хьокъехь барт кхароре догдоху ша, элира РоухΙанис. ГΙажарийчоьнан аятоллас Хаменаи Ιелас ша векалвина, бохура цо, дуьззина зарратца долу къамелаш чекхдаха. Оцу сацаме ГΙажарийчоь стенна еъна аьлла хета хьуна?


Крокер Райан: «ТΙаьххьарчу бархΙ шера чохь лаьтта юкъаметтигаш пайда бохьуш яцара я ГΙажарийчоьнна а, я дуьненна а олуш хезира суна президента РоухΙанис а, цуьнан арахьарчу гΙуллакхийн министра а. «Пайда бохьу юкъаметтигаш» - иза, со гΙажаройх нийса кхеттехь, зарратан герз кхолла а ца гΙерташ, дахар тодечу, машаречу Ιалашонна бен пачхьалкхана зарратан программа ца оьшийла гайтар ду».

Маршо Радио: Ахь «Нью-Йоркер» газетехь дийцира-кх дукха хан йоццуш, 2001-чу шарахь дуьйна ОвхΙанистанах а, ГΙажарийчоьнах а дозу хеттарш луьстуш айхьа а, кхечу дипломаташа а ТехΙеранца дуккха а къамелаш дина, аьлла. Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацехь цхьаьнакхетарш дΙадахьа кечам беш, зарратан программех лаьцна дукха хиллий те и тайпа къайлаха къамелаш?


Крокер Райан: «Кхеттош олу ас, гΙажарошца сан маситтаза хилла къамелаш 2001-чу шарахь Ιамеркахь цΙенош лехийтинчул тΙаьхьа. ОвхΙанистанан хьокехь а хилла, тΙаккха Иракъах лаьцна а хилла, со цигахь векал волуш. Амма уьш дацара я къайлах а, я цхьаннех а лачкъийна а. Уьш эккама дΙахьош дара, юкъ-кара прессехь а яздора царех лаьцна, ахь тидам бинехь. Прессин кΙезиг бала кхочура, цундела наггахь бен ца хуьлура-кх хьахош. Хетарехь, хΙинца а дина кечамна къамелаш.

Оццул лакхарчу тΙегΙан тΙехь хΙинца дуьххьара хьехийна гΙажаройн зарратан программа. Пачхьалкхан министран Керри Джонан юьхьанца гΙажаройн арахьарчу министрца Зариф Мохьаммадца къамел а хилира. Цундела ала ду, бинера кечамаш.


Маршо Радио: Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Шема хьахош а къамелаш хуьлу аьлла хетий хьуна ГΙажарийчоьнца?

Крокер Райан: «Сан яц и тайпа информаци. Нью-Йоркехь, соьца къамелаш деш, ГΙажарийчоьнан лидерша хьехийра Шема, бохура цигахь «нах къиза байъар» сацош, дуьнентΙерачу юкъарраллаша къахьега дезара. Бакъду, гΙажаройн химин герзех йолу позици яра кхеташ а, дика а, оцу герзо1980-чу шерашкахь шайна а зедина хиларе терра.

Маршо Радио: «Ιамеркан-ГΙажарийчоьнан юкъаметтигаш мелла а толуш хиларо хΙун дика дохьу цигарчу ерриг а регионна? Иракъехь а, ОвхΙанистанехь а муха тΙеоьцу те иза?


Маршо Радио: «Со Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн векал Ιийначу оцу шина махкахь, хетарехь, дика тΙеоьцу. Иракъхошна шаьш Ιамеркой, Ιажарийчоьной шайна юкъаΙаьвдина латтош санна хета даима а. Кхеташ ду, вай вешан ю истори а, проблемаш а ГΙажарйичоьнца. Со тешна ву, гΙажарошца вайна барт кароро аттачу доккху Иракъера хьал. Иштта ОвхΙанистанехь а. Цуьнан Ιедалшна а лаьа вайний гΙажарошний юкъахь барт хуьлийла. Амма ю, хетарехь, юкъаметтигаш йохъялар ца товш пачхьалкхаш а. Уьш а кхетон еза, вай керла альянс кхуллуш доцийла, ерриг а регионехь машар хилийта лууш дуйла. Израилна, Ιаьрбашна я кхиболчарна ца оьшу хΙуманнах а бага.

Иштта ю дипломата Крокер Райана Маршо Радион корреспондентна елла интервью.

Дешан тΙаьхье: Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа дуьненаюкъара хаамийн гΙирсаш кхобуш, шайлахь Маршо Радио а йолуш, лучу ахчан Ιуналла дечу Кхеташонан декъашхо а ву Крокер Райан.
XS
SM
MD
LG