ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчоьнца ТIеман Конфликт Эккхахь Цунна Гена Латта еза Кавказера Пачхьалкхаш


ГIажарийчоьнан карта
ГIажарийчоьнан карта

Кху тIаьххьарчу шина дийнахь цхьамоггIа пачхьалкхашкахь, ша аьлча, Гуьржийчохь а, Индехь а, Таиландехь а тIелетарш дина Израилан дипломатин миссийн белхахошна. Израило цунна бехкейина ГIажарийчоь. Къаьсттина сагатдойтуш ду ГIажарийчоьнца йоьзначу проблемана юкъаийзош Кавказера пачхьалкхаш хилар. Цу хьокъехь Iамеркан арахьарачу политикан кхеташонан Европехула а, Евроазехула а говзанча волчу Мерри Вейнаца интервью йина Маршо Радионо.


Маршо Радио: Хетало, Гуьржийчоь а, Азербайджан а, къаьсттина Азербайджан, юкъа ийзош ю аьлла, ГIажарийчоьнна а, Малхбузенна а юкъарчу конфликтана. Иза иштта ду, аьлла, хетий хьуна?

Meрри: ТехIеран, цхьа а шеко а йоцуш, шайн зарратанан Iилманчаш байъарна тIехьа лаьтташ Израил ю бохучух тешна ю. Ткъа ГIажарийчоьнан леррина сервисаш хеташ яра шаьш цунна жоп дала деза, аьлла, ГIажарийчоьнна тIекхача атта долчу пачхьалкхашкахь болу дипломаташ а юьхьар а лоцуш. Кавказера пачхьалкхаш, цхьа а шеко а йоцуш, атта яра тIекхача.

Маршо Радио: ГIажаройн дегабаам болчух тера ду азербайджанахошка...

Meрри: Цу тIетоьхна аьлча, гIажарой цхьана хеначохь башха дика юкъаметтигаш йолуш бацара Азербайджанца цо Израилца доттагIалла леладо бохуш, Израил Азербайджанна технологи а, герз а духкуш йолун дела. Иза чIогIа экаме тема ю гIажарошна.

Маршо Радио: Ткъа хIун бахьана ду Тбилисехь Израилан дипломатийн машенна тIелатар дар?

Meрри: Вайна кхузахь гуш дерг, ГIажарийчоьнна а, Израилна а юкъарчу кхечу пачхьалкхийн территори ца лоруш йолчу ассиметрин конфликтан лахара тIегIа ду. Ала мегар ду, гIажароша шайн операци дIаяхьа Тбилиси харжаро гойтуш ду гIажарошна атта хилар Гуьржийчу кхача. ГIажарийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а юкъаметтигаш вон яц. Саакашвилин Iедалан жигара йохка-эцаран юкъаметтигаш ю ГIажарийчоьнца.

Маршо Радио: Ткъа израилхошна тIелатар деш Гуьржийчоь харжар ларамза дацара, аьлла, хетий хьуна?

Meрри: Юккъерчу Кавказанкхаа пачхьалкхах лацна аьлча, ГIажарийчоь халахетарца хоьжуш ю Азербайджане. Цуьнан дика а, вовшаьшна пайда болу а юкъаметтигаш ю Эрмалойчоьнца а, жимма къезиг -- Гуьржийчоьнца а. Суна хетарехь, тIелетарш дан объекташ лохуш иза тидаме а эцна цара.

Маршо Радио: Гуьржийчоьнан а, Азербайджанан а дика юкъаметтигаш ю Iамеркаца. Цара юххера уьйраш лелош ю массо а агIор. Нагахь санна, ГIажарийчоьнца тIеман конфликт эккхахь, цу шина пачхьалкхан территорех пайдаэца аьтто хир бу, аьлла, хетий хьуна, Iамерканан?

Meрри: Соьгахь чоьхьара информаци яц цуьнах лаьцна. Цундела соьга, илла-билла иштта хир ду, аьлла, алалур дац. Нагахь санна, ГIажарийчоьно а, кхечу пачхьалкхаша а дакъа а лоцуш, тIеман конфликт хилахь, цо вочу агIор тIеIаткъам бийр бу Кавказерчу пачхьалкхашна, уьш лулахь йолун дела. Ала хала ду цу пачхьалкхаша шайн территорех пайда оьцуьйтур бу, аьлла, ГIажарийчоьнна тIелатар дайта Цхьаьнатоьхначу Штаташка а, Израиле а, муьлхха кепара иза далахь а.

Маршо Радио: Территорех пайда ца эцийтахь а, цу конфликтехь дакъа лаца мегар ду, аьлла, хетий хьуна Кавказерачу пачхьалкхаша?

Meрри: Нагахь санна, сайга хаьттича, ас Азербайджанна, я Гуьржийчоьнна хьехар дийр дара, алссам ницкъ болчу пачхьалкхаша дакъа лоцучу конфликтна генахь латта, аьлла. ХIунда аьлча, шу пачхьалкх жима а йолуш, яккхийн пачхьалкхаш тасалуш хилча, жимчу пачхьалкхашна хIума кхеташ Iедал ду.
XS
SM
MD
LG