ТIекхочийла долу линкаш

ГIажарийн а, жуьгтийн а Фейсбук чухула барт хилла тIамна дуьхьала


ГIажарий, Тхуна Шу Деза боху интернетера йоза

ГIажарий, Тхуна Шу Деза боху интернетера йоза

ГIажарийчоьнан а, Израилан а Iедалшна вовше бIаьрга схьа дахка ца дезаш хила мега, амма цхьаболчу гIажарша а, жуьгташа а компани йолийна интернетехь, шаьш вовшашца чIогIа дика тарлуш хилар дуьненна дIагайта. Оцу хьокъехь материал кечъйина Маршо радион корреспонденто Эсфандиари Голназа. Цуьнан чулацам гочбина Умарова Аминас.

ГIажарийчоьнна а, Израилна а юкъахь тIом эккхар бу бохучуш дуьйцучу юкъанна, Израилерчу зудчой, стагий машаран кампани йолийна интернетехь, тIеман девнна дуьхьала болу гIажарий лаха Iалашонца.

41 долу графикан дизайнер Эдри Роннис а, цуьнан зудчо 36 шо долчу Тамир Майкло а Фейсбук олучу сайт тIе яьккхинера шайн машаран ойла. Шайн а, шайн берийн а сурташ а тоьхна, цунна уллехь доцца йоза яздина царшимма: «ГIажарий, тхуна шу деза, шун пачхьалкхана тIе бомбанаш етта ца лаьа тхуна», аьлла.

Эдрис яздина, «Массо а гIажарийн нахе, мел волчу дега а, нене а, берашка а, вежаршка а, йижаршка а. Вайна юкъахь тIом хилийта, вай вовшех кхоьруш хила дезара, вовше бIаьрга схьадахка ца дезаш хила дезара. Амма со ца кхоьру шух, сан хьагI яц шуьца. Суна, ур-атталла довза а ца девза шу. Цхьана а гIажарийчо цкъа а халахетар ца дина суна».

Телевизионехь цкъа-цкъа тIамах лаьцна дуьйцуш волу «гIажаро» гича ша тешна ву боху цо, иза ерриг а ГIажарийчоьнан нехан цIарах къамел деш ца хиларх. Нагахь санна шуна жуьгти гой телевизионехула шуна тIе бомбанаш еттарх лаьцна дуьйцуш, тешна хилалаш, иза тхан массеран а цIарах къамел деш ца хиларх. ХIокху кепара хетачу массарга а дехар ду хIара хабар даржадар а, гIажарийн нахе дIакхачор а».

Маршо радиона шаьшшимма еллачу интервьюхь царшимма дийцира, шаьшшиннен ойла, виртуалан кепара «боксан ринг» кхоллар яра, боккъалла а латаран метта, бохуш.
Тамира бахарехь дукха хан ца елира, вукху агIора хаамаш кхачале. Оцу хаамо бIаьргех хиш дехира цуьнан.

Тамир: "ТIаьхьарчу 24 сохьтехь ГIажарийчохь бехачу гIажарша Фейсбук тIе диттина шайн сурташ, цкъа-цкха, ах юьхь бен ца гойту суьрташ, наггахь, куьзган чу хьаьжча даьккхина сурт а. Шаьш довзийта ца лаьа царна. Цхьакеппара дузу цара и сурташ. И бохург ду, «израилхой, оха цкъа а шун латтана тIе бомбанаш кхуьйсур яц, тхуна шу деза».

ГIажарийчоьнна чоьхьа бехаш берш кхоьру, жуьгташца шайн йиллина юкъаметтигаш юйла меттигерчу Iедалшна гучуйовлахь, шаьш жуьгтийн пачхьалкхана шпионалла лелийна аьлла, таIзар дарх. ГIажарийчоьно къобал ца йо Израил пачхьалкх санна, ткъа гIажаршна дихкина ду Израилна чубахар. Фейсбук тIедаьхна долу, яьххьаш къовлаза суьрташ, гIажарийн Iедалх кхерам боцчу, арахьа бехачу гIажарийн ду.

Иштта, израилхой а буьйлабелла шайн суьрташ а вебсайт тIе а детташ, машаре косташ яздеш, цу кампанех дIаиэн.

«Израилна ГIажарийчоь еза» цIе йолу, Фейсбук тIехь агIо кхоьллинчу зудчой, майрачой блог а йиллина. Царшимма бахарехь, царна дуккха а хаамаш кхаьчна гIажаршкара, шайн цIераш гIара ца яхар а доьхуш.

ТехIранера, шен цIе ца йовзийтинчу цхьаммо даийтинчу косто дуьйцу, «Цхьаболчара боху, хIара шина пачхьалкхана юкъара доладелла доттагIалла ду. Амма аса боху (шина пачхьалкхан историн бухе а хьаьжна) еххачу хенахь вовшах къаьстина хиллачу йижарийн а, вежарийн а юха цхьанакхетар ду».

Кхин цхьана гIажарийн зудчо яздина, ша тешна хила лууш яра, гIажарий а, израилхой а «машар а, дуьненан хазалла а езаш хиларх», аьлла.

«Оха тIедуьтуш хIума дац тIом а, адамаш дайар а. Вай массо а цхьаьна дегIан меженаш ю. Адамо бала хьоьгуш гуш, чов хуьлу. ХIунда аьлча хьан синан дакъа ду иза», бохуш яздина цу гIажарийн зудчо.

Тамир Майкло бахарехь, церан ойланца кхоьллинчу веб-агIоно «пен» божийна, хIинца дуьйна шина агIонан нехан таро хир ю политикийн новкъарло а йоцуш, вовше уьйраш латтон. Цо бахарехь, социалан машанаша аьтто бина цуьнан а и санначеран а «цхьанне ца оьшучу тIамна» дуьхьала аз айа.

ХIинца жуьгтий зудий-стаггий ахча гулдан дагахь ду Фейсбук чухула, мелла а шуьйра аудитори карон хаамаш баржон.

Эдрис шен дегайовхо ю боху цо сацамаш тIеоьцучарна тIеIаьткъам беш.

Эдрис: "Нехан ойла хийцалчу хенахь тхан декхар ду чIоггIа «тхуна тIом ца беза» ала. Деххачу шерашкахь сел кхоьруш лелла тхо ур-атталла цунах лаьцна дийца а. Цара боху, тIом чубогIуш бу, гIажарий вайна тIе бомбанаш етта дагахь бу. Израилхоша царна дуьхьала бомбанаш еттар ю. Массо а цунах кхоьруш Iаш ву, цхьаммо хIумма а ца олу. Вай чIоггIа ала дезарг ду: тхуна ца беза и тIом".
XS
SM
MD
LG