ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъерчу Анбарехь суннатех леташ ду Iедал


Иракъ -- ШиIатийн Iедална резабоцуш гIевттина Анбар-кIоштара суннаташ , Фалудж-гIала, 05Деч2014
Иракъ -- ШиIатийн Iедална резабоцуш гIевттина Анбар-кIоштара суннаташ , Фалудж-гIала, 05Деч2014

КIира ду Иракъерчу Анбар-кIоштахь пачхьалкхарчу шиIатийн Iедало а, цаьргахьа бевллачу суннаташа а бухарчу гIаттамхошца тIемаш бен. Цигарчу Рамади а, ал-Фаллуджи а гIаланашкахь байина дуккха а нах. Хьолах лаьцна дуьйцу Маршо Радион Иракъерчу корреспондента Мохьаммад Iабдулхьаликъа.




Цхьа юьхь-марш, цхьа цIарматалла ю кхухенан тIемийн. Юьхьанца иза арара чубохьу. Бухарчул доьртала долчу кхечу пачхьалкхийн Iедало. Цо ша шен дабагIа динчул тIаьхьа иза оцу махкахь ша кхоьллинчу, шегахьа йолчу тобанашка дIало. ТIаккха бухара къам, ерриг а къизалла шена тIе-чу а ерзойой, дехха вовшахлиэта. Иштта дара хьалхо Вьетнамехь, Комбоджехь, ду хIинца – ОвхIанистанехь, Иракъехь, Кавказехь.

Карарчу муьрехь марсадаьлла халкъан вовшахлетарш Иракъехь. Европан а, Iамеркан а альянсо БагIдаде охьахаийначу Iедало шен эскаршца Анбар-кIоштарчу Рамади-гIалахь суннаташа тоьхна протестан куп дIасаяьккхира, цIий а Iанош. Иракъан Iедал дерриг а санна шиIатех лаьтта, иза харцо ю, аьлла, арабевллачу нахана дуьхьалтеснера оццу шиIатех долу эскар.

Иштта ду рогIера юкъара тIом суннатийн Анбарерчу Рамади а, Фаллудж а гIаланашкахь марсабаларан бахьана.

Тахана Иракъан эскаршца цхьаьна суннатех болчу гIаттамхошна дуьхьал тIемаш беш ю шайн суннатийн «Ас-Сахва» («Самабевллачийн кхеташо») цIе йолу герзахойн тоба а.

Иракъерчу Iедало а, цигарчу хьолан Вашингтонера терго ечу политикаша а дийцарехь, «Ал-Къаида» олу террорхойн дакъош а, Анбарера суннаташ а бу Рамади а, Фаллуджи а, гонахара ярташ а лаьцна, шайл дуккха а ницкъалахь долчу эскарех тийсалуш. Цкъачунна царех юьззина мукъаяханза ю ший а гIала.

КIирандийнахь пачхьалкхан телегойтийлехула Иракъан премьер-министра ал-Малики Нурис дош делла, ша эшор ю Анбарехь «террорхойн тобанаш», аьлла. Цо кхойкху кхетамчу бахкаре гIаттамхойн агIо лаьцначу тайпанийн хьалханчашка.

Ал-Малики: «Ас доьху галбевллачаьрга меттабахкар. И нах Iехабелла, декъабахна ал-Къаидо гIаттийначу террорна, цуьнан агIо лоьцу цара хаамийн гIирсашкахь а, политикехь а. Царах хьарча хуьлуш долчух бехк, зуламхошца къийсалучу вайн эскаршна духьалбевлла уьш».

Кху муьрехь Анбарера хьал зуьйчу Маршо Радион Иракъерчу корреспондента Мухьаммад Iабдулхьаликъа хаам барехь, Фалуджи-гIала ах сов гIаттамхойн карахь ю.

Мухьаммад: « Эл-Фалуджера хьал кхеташ дац. ГIаттамхой карахь ду хIинца а гIалин дакъа. Iедалан ницкъаш а, бухарчу цхьана тайпан тоба а ю царна духьал лаьтташ. Бахарехь, тIемалоша дIалаьцна Иракъан эскаран 1-чу дивизионан хIусам а, БагIдад-Рамади некъ а».

Иркъан эскаро минанаш йиттина Фалуджина тIе, цигара тIемалой бохо гIерташ. 8 стаг вийна, 30 лазийна.

Рамади-гIалахь тоьлла Iедалан ницкъаш. Иттаннашкахь бу байинарш, чевнаш йинарш.

Иштта довзуьйту Маршо Радион Иракъерчу корреспондента Мухьаммада цигара сурт.

Мухьаммад : « Рамади, Анбаран шахьара, Iедалан карахь ю. ХIинца тийна цигара тIом. Цхьадолчу дакъошкахь гуш бу полисхой, некъан инспекци. Нах туьканашка а лела. Дукхах йолу туьканаш тахана йиллина ю».

Оцу юкъанна Iамеркан Цхьаьантоьхначу Штаташа дIахьедина, ша «шогга бехкебо» Анбар-кIоштарчу Рамадихь а, Фаллуджехь а цIий Iанийнарш, аьлла. «Кхеташ хила деза, къиза хьийзарш террорхой буйла,» - элира оцу хьокъехь пачхьалкхан департаментан пресс-секретара ХIарф Марис журналисташка пIераскандийнахь.

«Цундела ду вай Иракъан Iедалехьа, юкъара кхерамца юкъахь латто беза къийсам а, вайгара шайн пачхьалкх меттахIотточохь гIо оьшу иракъхошна, иза бен бац и мохк тоьллачу хьоле кхачош некъ», - бохура цо.

Рамадихь а, Фалуджехь а бухарчу суннатийн лидерш резахилла мехкан полицица цхьана ал-Къаидана духьалхIитта, цуьнца а дузуш, шиIатийн Iедалан эскарш арадевлла оцу гIаланашкара оршотдийнахь.

Иштта довзуьйту Маршо Радион Иракъерчу корреспондента Мохьаммад Iабдулхьаликъа Анбар-кIоштара хьал.
XS
SM
MD
LG