ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инарла Шамсуддин СаIад: Cоьлж-ГIалахь дог ца лозу Иракъерчу нохчех


Yordan --Shamsiddin Sa'ad, Retired General from Iraqi army, 2012
Yordan --Shamsiddin Sa'ad, Retired General from Iraqi army, 2012

Оьрсийчоьно Кавказ йоккхучу къизачу шерашкахь Малхбале ма-ю дΙаихинчу вайнахах цхьана декъан бен аьтто ца баьлла шайца ненан мотт а, къоман гΙиллакхаш а Ιалашдан. И дагадоуьйту вайна ГΙажарийчуьрчу я Иракъерчу нохчашкара нохчалла дайна хиларо.



Урдунера нохчаша, кхечу културехь дукха хенахь дуьйна шаьш беххашехь, шайн башхаллаш латтайо, меттигерчу културах дIа цаоьш. Амма вон хьал нисделла Иракъерчу нохчашна. Шемарчу а, Туркойчуьрчу а нохчашлахь а дукха кIезиг дисина нохчалла.

Говзанчаша олу, 40 шарахь хийрачу нахана юкъахь ваьхча, цу нахах тарлой, тIебаьхкинчийн култура а, мотт а, эн а лой, дIаболу. И говзанчийн теори галйоккху Урдунерчу нохчаша.

110 шо сов зама ю Урдунера нохчийн Iаьрбийн махкахь, Iаьрбийн культурехь бехаш болу, амма, къар ца луш, шайн мотт а, шайн ламасташ а дIа ца тосуш, беха уьш, бухурчарна мел и хьал хийр хетарх а. Хийра бан а бу нохчийн мотт Iаьрбичунна. Дукха цецбуьйлу Iаьрбий нохчийн мотт хезча.

Урдунан махкахь 25 эзар хиллал нохчо велахь, Туркойн махкахь 50 эзар хиллал ву, ткъа Иракъехь а, Шемахь а 5-6 эзар хиллал хир ву.

Туркой махкарчу нохчашна юкъахь цхьа 2500 хиллал бен вац нохчийн мотт буьйцуш. Амма Шемахь а, Иракъехь а наггахь бен а вац нохчийн мотт хууш нохчо.

Шемарчу нохчий-м кху деношкахь маттана сагатдечохь а бац. Ткъа Иракъехь тIом а хилла, цигара Iедал хийцалуш, Урдунехь севцца цигара нохчий цецбуьлура, Урдунерчу нохчаша шайн мотт а, ламасташ а гIеххьа Iалашдина хиларх.

Иза дар муха кархдаьлла шун, бохуш, гуттара а хеттарш дора цара. Оцу хеттарна жоьпаш дукха дара Урдунерчу нохчийн, амма уггаре а хаза жоп поэта Саидов Билала шен байташкахь ма аллара, "Нохчочунна шайн мотт цахаар - Шен кхерч цаларар ду, Кхерчан да цахилар - Маьттаза вахар ду, Ненан мотт хьайн бацахь, Байлахь вуй хаалахь", олий.

Мел лекхарчу даржашкахь хиллехь а хьалхалерачу Хьусайн Садаман Iедалехь, хIинца шаьш байлахь бисина хета Иракъерчу нохчашна. Оццул кIезиг болчу нохчашна юкъахь Садаман заманахь 11 инарла вара Иракъан эскарехь.

Иракъерчу нохчашна шайгара дIадаьлла нохчалла а, мотт а, ламасташ а юханехьа меттахIиттон лаа, цара иза деха а доьху Урдунерчу нохчашка. Урдунехь ненан мотт Iамабе гIирс боцу дела, ДегIастана дахийта шайн бераш я дегIастанара хьехархой Иракъе кхайкха, шайга аьлча, хIара къамел дира Иракъерчу нохчийн хьолах лаьцна цигахь инарла лаьттинчу Шамсудин СаIада Маршо Радиоца.

Маршо Радио: Нохчий мел хир бу Иракъехь?

Шамсудин (Iаьрбийн маттахь): Нохчийн а, гIалгIайн а цхьа 25 я 30 доьзал хила тарло Иракъехь тхуна цIершца бевзаш. Дукхахберш Чечен олучу Диала-кIоштахь йолчу юьртахь бара. Коьртачу гIалахь, БагIдадехь, цхьа 20 я 25 доьзал хир бу, цигахь белхахой бу уьш, амма цхьа 4 стаг бен вац Иракъехь нохчийн мотт бийца хууш. Цхьа юкъаралла ю нохчийн Иракъехь, уьш цхьана меттахь бехаш боцу дела, мотт Iамон атта ца хуьлу цу юкъараллехь. Хьалха Чечен-юьртахь 40 доьзал бара. И юьрт дикане-воне нохчий гуллуш центр яра. Чечен-юьрт йохийна дIаяьккхина.

Маршо Радио: Чечен-юьрт хьан йохийна?

Шамсудин: ГIажарийчоьнан эскарша йохийна.

Маршо Радио: ХIунда йохийна ГIажарийчоьно нохчийн юьрт?

Шамсудин: 1980-чу шерашкахь ГIажарийчоьнна а, Иракъанна юкъахь тIом болуш, буьрса тIом бийраш вайн нохчий хилар тидаме лаьцнера гIажароша. Цу юьртахь нохчийн 5 инарла а, 1 инарла-лейтенант а вара Иракъанн эскарехь гIуллакх деш. Иракъан Iедал доьхча, ГIажарийчоьно чухийцира шайн къиза гIеранаш нохчийн Чечен-юьрта, цIенош а дагош, дийкхира цара нохчаша шайна дуьхьал тIом бар. Иза йохийначул тIаьхьа, нохчий Хьавийжа олучу юьрта дIабахара. ХIинца цигахь нохчийн 15 доьзал хир ду.

Маршо Радио: ХIинца масса нохчо хир ву Иракъан эскарехь?

Шамсудин: ХIинца 1 полковник бен вац. ХIинца эскарехь нохчий дукха ца хиларан бахьанаш дукха ду. Тахана иза эскар а ма дац. Иза цхьа шиIатан гIера ю.

Маршо Радио: Стенга сатуьйсу Иракъерчу нохчаша, шайн мотт а, нохчалла меттахоттон лаьий царна?

Шамсудин: Тхо цхьана меттехь ма дац Иракъехь. Массо меттахь, бекъабелла бу Иракъера нохчий, цхьа къилбе йоцург. Хьавийже-юьртахь, Киркук-кIоштахь, БагIдадехь, БаIкъубехь, Диале-кIоштахь, Микъдадехь бу цхьа иттех доьзал. Уьш муха тIегулбийр бу нохчийн мотт Iаморна?..

Маршо Радио: Нохчийчу а бахана, цигахь Iамор бу-кх..

Шамсудин: ХIан-хIа. Нохчийчохь гIуллакх хир дац. Дукха гIиртина тхо цигахь гIо карон. Нохчийн президенте дехна. Цига дахара тхо. Дукха кехаташ кхехьийтира оха нохчийн Iедале. ГIуллакх ца дира цара. Иза церан карахь ма дац. Иштта гIо дара 100 % оьрсийн сацам бу.
XS
SM
MD
LG