ТIекхочийла долу линкаш

Салман Фарид: «Кегийрхошца мотт каро, хийцабала беза бусулба диндай»


ГIезалойчоь -- Салман Фарид.

ГIезалойчоь -- Салман Фарид.

Тахана маситта декъе екъаелла ю Оьрсийчура бусулба юкъаралла. Церах цхьа дакъа Iедалша гIортор еш ду. Вукху бусулба нахаца къийсам латтош ду Iедалш. Цу къийсамехь уьш тIетовжу мехкахь болчу официалан диндайшна. Царах ву ГIезалойчура Iелим стаг Салман Фарид.

Билггал долу терахь хуийла дац, амма, ахьа дийцарехь, карарчу хенахь салафиташ, я вахIабиташ олуш болу нах бу Оьрсийчохь 100 000 гергга стаг. Муьлаш бу уьш? Уьш муха къастабо аша кхечу бусулба нахах?

Салман Фарид: «Буйцурш цхьа къовсадалар иккхича шайна хетачунна бух балалур болу нах бу. Дукхах берш уьш кегийра нах бу. ХIунда аьлча 40 шаре бевлла болу нах, коьртачу декъана, вайн дайша лелийна долу, эр вай, ламастан ислам лелош болу нах бу. Ткъа иза ду чоьхьарчу Оьрсийчохь а, Сибрех а, Къилбаседа Кавказехь а бехачу бусулба наха лелош дерг. Ткъа кегийрахой, халахеташ далахь а, кхечу агIор боьлхуш бу».

20 шо хьалха, масала, Нохчийчохь салафиташ, я ,вай вахIабиташ олуш болу, нах муьлуш бу хууш а дацара. Нохчий, Iедалша еш дуьхьалонаш ялахь а, шайн вирдийн ислам- дин лелош бехаш бара. Ткъа хIинца цу нехан терахь дебаш ду. Стенца доьзна ду иза?

Салман Фарид: «Иза кхузаманахьлерачу Оьрсийчоьнан а, Советан пачхьалкх хиллачу меттигехь кхоллаеллачу пачхьалкхийн а проблема хилла ца Iа. Иза дерриг а дуьнентIехь хуьлуш дерг ду.

Суна хетарехь, адамаш ойланаш ян буьйлабелла кхечу барамехь, вайна девзаш долчу динашкахь, исламехь а, керста динехь а, иудаизмехь и нах буьсуш белахь а. Адамийн дегнаш чIагIлуш ду, церан кхин хьашташ гучудовлу. Оццу хенахь уьш динехь а буьсу.

Цу динехь чолхазалла, атта хилар, лоьху цара. Вуьшта аьлча, адамаш мистикех(эхартах тешарх ?) херло. Ткъа мистика бух бу муьлххачу а ИбрехIим Пайхамарх хоттаделлачу ламастан. Цундела кхузахь цхьа а къайле яц. Формаци хийцалуш ю, хийцалуш ду кегийрхошна хетарг.

Амма уггаре а вониг ду, цара тIе дуьтуш ца хилар «плюрализм» олуш долу хIума. Ткъа ламастан ислам дуьхьал дац адамийн тайп-тайпана ойланаш хиларна».

Салафиташ боцурш Оьрсийчохь болу, официалан эр вай, диндай шеконца хьоьжуш кхин а масийтта бусулба тоба ю. Царах бу, масала, таблигаш. Уьш муьлуш бу?

Салман Фарид: «Иза ислам даржор юьхьара эцна лелаш болу болам бу. Иза Индехь гучубаьлла ду. Индехь а, Бангладешехь а, Непалехь а, Цейлонехь а Пакистанехь а болчу нахана юкъахь лело мегар долу хIума ду цара лелош дерг.

Амма иза лелар дац Оьрсийчохь а, Юккъерчу Азехь а. Цара юьхьар лаьцнарг оьгIазе некъ бац. Цара даржош дерг баккъалла а долу ислам ду. Амма цара ислам даржош лелош йолу кеп йогIуш яц Советан пачхьалкхана юкъахь хиллачу мехкашкахь - Оьрсийчохь а, Юккъерчу Азехь а.

ХIунда аьлча, эр вай, Индехь, я Пакистанехь бехачу бусулбанийн дахар а, церан кхетам а богIуш бац Оьрсийчохь, Казахстанехь, я Азербайджанехь бехачу бусулбанийн кхетамца».

Ткъа хIу ду и цу кепара цара лелош дерг?

Салман Фарид: «Масала, цхьа масал далор ду аса. Некъахула богIуш бу таблигахой. Цхьа стаг го царна. Цунна го а бой, сихха ислам тIеэца олий, юкъахьовза во цара и стаг. Ткъа вайна хууш ду Дала Къуран чохь муха бах, стага ислам муха тIеэца деза бохучух.

Цкъа-делахь, Дала бах, лууш верг тешаш ву шех. Ткъа шолгIа. Ца ваьллачу денна стаге тIеэцийта дезаш дац дин. Вуьшта аьлча, иза ислам даржош долу болам бац, цуьнах дог даккхар даржош болу болам бу».

Кху тIаьхьарчу хенахь Оьрсийчоьнан территори тIехь жигаралла гойтуш ю 1953-чу шарахь Малхбалерчу Байталкъуддусехь кхоьллина йолу Хизб ут-Тахрир аль-Ислами олуш йолу парти. ЦхьамогIа Юккъера Азерчу пачхьалкхашкахь а, Оьрсийчохь а терроран лоруш ю иза. Ткъа хIун бахьана ду иза Оьрсийчохь ехкар? ХIу ду цу партино юьхьара лаьцнарг?

Салман Фарид: «Цу организацин коьрта Iалашо ю кху дерриг а дуьнентIехь халифат хIоттор. Вуьшта аьлча, дерригдуьненан бусулба пачхьалкх хIоттор ду иза. Оха, бусулба наха, иза тIедуьтуш дац. ХIунда аьлча, дерриг а дуьненца дов а даьккхина, пачхьалкхаш йоха а йина, цхьа а халифат кхоллалур яц.

И организаци цхьана талламан струкутрех тера ю, бусулба организацех тера яц. Масала, могIарерчу цу юкъараллан декъашхошна ца хаа шайн коьртехь мила ву. Иза цхьа хьулъелла организаци ю. Цундела иза ислам бухе диллина лелаш ю халла бен олийла дац».

Ма дарра аьлча, цхьа ца лелийча а мегар долу хIуманаш а, духарш а лелочу муфтиша а, диндайша а лелочо догдоккха аьлла хетало кегийрахойн вай хьехош долчу, эр вай, ламастан исламах. Хьуна ца го цу тайпа хIуманаш? Цхьа а критика ян бахьана дац аьлла хета хьуна, муфтиш ду шаьш, бакъдолу дин хоьхуш ду шаьш бохучу нахана?

Салман Фарид: «Суна хетарехь, ламастан йолчу диндайн институтах а, муфтийн институтах а, берриг а диндайх а вайн бусулба кегийрахойн безам болуш хилча, цхьаъ дан деза. Дикачу агIор чулацам болу радикалан хийцамаш бан беза бусулба диндайшца боьзна болу».

Ткъа бусулба нехан дахар муха ду Оьрсийчохь? Мел аьтто болуш хета царна шаьш, шайн Далла гIуллакх а деш, баха?

Салман Фарид: «Нагахь вай юьхьара лаьцна ламаз дан меттиг хилар а, оьшуш йолу динан литература хилар а, дешан лаар а, деша аьтто хилар а, ХьаьжцIа ваха лаам кхочуш бан йиш хилар а, ислам-динца йоьзна йолу, вай хьалал олу, бизнес лело аьтто хилар а далахь, и аьттонаш болуш бу кхузахь.

Ткъа шайн аьтто бац аьлла хеташ нах балахь, цхьацца бахьанаш долуш, махках вала маьршо йолуш ю. Шаьш цхьана хIуманах дIахадийна бу аьлла, хетачу нехан, комфорт яц аьлла хетачу нехан, вайн шарIаца а догIуш, махках бовла йиш ю".
XS
SM
MD
LG