ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ислам-динан имидж таян дагахь бу Оьрсийчура муфтийш


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташонан гулам хилла Москох. Цигахь юха а цу кхеташонан гIантда хаьржина Гайнутдин Равиль.
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташонан гулам хилла Москох. Цигахь юха а цу кхеташонан гIантда хаьржина Гайнутдин Равиль.

Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташонан гулам хилла Москох. Цигахь юха а цу кхеташонан гIантда хаьржина Гайнутдин Равиль. Гуламан декъашхоша сацам бина бусалба динан имидж таян цхьамоггIа гIулчаш яха.

Ислам-динан имидж дикачу агIора гайта дагахь бу Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташонан декъашхой. Цу Iалашонца кестта бусалба динах лаьцна йолу мультфильмаш яха дагахь бу уьш. Цунах лаьцна шайн Москох хиллачу 4-чу гуламехь дIахьедар дина Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташонан гIантдас Гайнутдин Равила.

Цо дийцарехь, Оьрсийчоьнан юкъараллица зIе хилийта а, бахархой нийсачу агIора динах кхетор а Iалашонца уьш дагахь бу цхьамогIа бусулба мультфильмаш яха а, радион а, телевизионан а программаш кхолла а. Цул сов, муфтийн Iалашо ю дуккха а наха кху тIаьхьарчу хенахь пайда оьцуш йолчу смартфонашна хьажина йолу программаш юкъаяха а.

Оцу Iалашонца Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташо жигаралла гойтуш ю социалан интернет машанехь а. Гайнутдина чIагIдарехь, таханлерачу денна цхьана «В контакте» олучу социалан машанехь бусулба тобане дIаязвелла ву 35 эзар стаг.

Шайн гуламехь муфтийн кхеташонан векалша хаам бира, шайн портал то а йина, кечйина юхасхьайиллина шаьш аьлла. Гайнутдина дийцарехь, и портал йоцург интернетехь болх беш ю иттаннаш цхьацца бусулба динан агIонех лаьцна дуьйцуш йолу сайташ.

Царна юкъахь ю, масала, исламан экономиках лаьцнарш а, бусалбан юкъараллаша сагIа даккхарх лаьцна дуьйцуш ерш а, бусалба юкъараллин дуьненаюкъарчу уьйрашца йоьзнарш а.

Цул сов, Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташонан декъашхой жигара баккха дагахь бу шаьш федералан зорбанан гIирсашца беш болу болх. Иштта царца юкъаметтигаш то ян а, хила деза Ислам-динан васт гайта а сих-сиха федералан зорабанан гIирсийн векалшца цхьаьнакхетарш дIадахьа дагахь бу муфтиш.

Шоьтан дийнахь хиллачу шайн гуламехь цара йовзийтира бусалба нахана хала ца хетийта журналисто лело безачу некъах лаьцна болу «памятка» олуш болу дагалацам.

Москох хиллачу 4-чу гуламехь дакъа лоцуш бара Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташонан декъашхой а, регионашкара динан урхаллийн куьйгалхой а, Исламан лаккхарчу дешараш меттигийн ректорш а.

Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташонан гулам дIахьуш Iедал ду хIора 4 шо даьлча. Карарчу гуламехь юха а цу кхеташонан гIантда хаьржина Гайнутдин Равиль.
XS
SM
MD
LG