ТIекхочийла долу линкаш

Кхушара бIе шо кхочу Австрехь бусулба дин къобал деш низам тIеэцна. Европерчу пачхьалкхашна юкъахь уггаре а бусулбачарна аьхна хьелаш латточу пачхьалкхех лара йогIу Австри. Ах миллион герга бусулбанаш, шайна юккъехь нохчий а болуш, бехачу махкахь хIора гIалахь я маьждигаш я ламазан чоьнаш ю. Ишколашкахь берашна, кхин дIа мел долу Iилманаш санна, бусулба дин а хьоьху.


Нагахь санна Европерчу цхьаццайолчу пачхьалкхашкарчу школашкахь берашна бусулба динах долу Iилма хьехар, дукхахьолехь, факультатив санна, хаарийн мах а ца хадош, я и Iилма Iамор тIедожийна а доцуш, дIахьош делахь, кхин хьал ду Австрехь.

Кхузахь исламан баххаш Iамон луучу берашна бусулба дин хьехар - иза Iедалийн декхар ду. Амма цуьнца цхьана цу динан сахьташкахь дакъалоцучу берийн хаарш а, муьлхачу а кхечу урокашкахь санна, баллаш а хIиттош, мах хадорца аттестаташкахь билгалдоккхуш ду. Цу кепара, динан Iилма Австрерачу школашкахь меттанийн а, математикан а, Iалам Iаморан а, кхин дIадолчу Iилманийн а тIегIан тIехь Iамадо.

Иза а, кхин цхьамогIа бусулбачеран дахарна Австрехь кхоьллина долу аьхналлаш а цу кепара нисдала таро хиларан бахьанех коьртаниг ду хIинцачул нийсса 100 шо хьалха Австрин кайзер хиллачу Франц Йозефа бусулба дин къобалдеш низам тIеэцна хилар.

ХIетахь Боснин, Герцеговинин лаьттанаш шайн дола даьхначу Австрин куьйгалло цу гIулчаца кхаьбнарг еккъа цхьа бусулбанийн аьхналлех йолу гIайгIа яцара. Цу низаман гIоьнца Боснера бусулбанаш Австрин эскаре кхайкха бух хилийта Iалашонца тIеэцна лору историн Iилманчаша и цкъа хьалха деккъа цхьа Боснерчу хьанафин мазхаб лелочех хаькхалуш хилла долу, ткъа хенан яхалла массо а бусулбанашна тIехь даьржина долу низам.

Мухха делахь а, хIетахь и низам тIеэцар таханналца схьа Австрехь баьхначу а, бехачу а бIеннаш эазрнаш бусулбачарна доккха беркат хилла дIахIоьттина, царна луларчу Германехь я Италехь Iедалан бух тIехь ца луш йолу бакъонаш а луш.

Иштта, масала, Германехь бусулабанийн терахь дуста йиш йоцуш доккхах делахь а, хIинцалца схьа кериста я жуьгтийн дин лелочеран тIегIанна тIехь лоруш дац бусулба дин. Нагахь санна, и бакъонаш бахьана долуш меттигерчу керистанийн я жуьгтийн шайн килсаш я синагогаш йотта ахча пачхаьлкхана бохчанера деха бакъо елахь, маьждигаш цу махкахь сагIийна деллачу рицкъанех бен дойла дац. Я, аьр вай, школашкахь берашна бусулба дин Iамор а пачхаьлкхан декхар дац, лаам бен.

Цул совнаха даханчу шарахь хетахьлерачу немцойн президента Вульф Кристиана шен цхьана къамелехь, ислам — иза немцойн юкъараллин цхьа дакъа ду, аьлла дIахьедар даро дийнна цхьа оьгIазаллин а емалдаран а тулгIе кхоьллира резабоцчийн аьзнаша.

Ткъа кху деношкахь бусулба динан хьокъехь долу низам тIеэцаран 100 шо кхачарца ша вистхуьлуш, Австрин президента Фишер Ханйца, мелхо а, билгалдаьккхира, бIешерашкахь дуьйна метигерчу бахархошца дика а вон а доькъуш бехаш болу ислам-дин лелорхой, шеко а йоцуш, кху пачхьалкхан а, юкъараллин а цхьа дакъа ду, аьлла. Ткъа, шен рогIехь, метигерчу бусулбанийн цхьанакхетараллин куьйгалхо волчу Санак Фуата, и низам а, ткъа иштта Австрерчу бусулбанийн, пачхьалкхан юкъаметтигаш а жим-жима ксенофобин машано лоцуш лаьттачу кхин дIа мел йолчу Европана а дика масал ду, элира.

Ткъа Венин гIалин кхеташонан декъашхо волчу Рави Iумара билгалдаьккхира, меттигера бусулбанаш, шайн карахь бакъонаш хиларал совнаха, иштта шайна тIехь даккхий декхарш хиларх а дика кхеташ бу, аьлла. «Австрерчу бусулбачара шаьш австрихой лору, цара шаьш шайна ларам а, къобалдар а деллачу пачхаьлкхан бахархой хета, цьаццайолчу бусулба пачхаьлкхийн бахаройн а ур-аталла доцург шайна деллачу пачхаьлкхан», - элира цо шен къамелехь.

Ала догIу, Австрехь бусулба дин официало къобал дина хиларх боккха пайда оьцу иштта цу махкахь бехачу нохчийн мухIажирша а. Масала, коьртачу шахаьарахь Венехь масех ламаз до хIусам ю, нохчаша кхоьллина Iедалера ахчанца гIо а хуьлуш, латтош.

Иштта еккъа цхьана Венехь шкоалшкахь бусулба динан урокашка оьхуш ду кхо бIе сов нохчийн бер. Ткъа Венерачу университетан бусулба дин Iаморан факультетехь доьшуш масех нохчийн кегирхо а ву.
XS
SM
MD
LG