ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсий бусулба дине берзарна реза вац Ямало-Ненецкера муфтий


Оьрсийчоь -- Ямало-Ненецкийн автономин гонан муфтий Хафизов Хайдар.
Оьрсийчоь -- Ямало-Ненецкийн автономин гонан муфтий Хафизов Хайдар.

Оьрсашна юкъахь бусулба нах алсам бовларна духьал бу цхьаболу молланаш а, Iедалан белхахой а. Царах ву, масала, Ямало-Ненецкийн автономин гонан муфтий Хафизов Хайдар. Амма иза а, и санна ойланаш яржош болу кхин болу Iедалан белхахой а Оьрсийчурча Iедалан лаам кхочуш бан арабевлла бу аьлла хета вевзаш волчу Исламан Iилманчана Джемал Гейдарна.

Дукха хан йоцуш Левада-центро таллам бира Оьрсийчурча бахархошна юкъахь дин лелорах лаьцна. Цуьнца а догIуш, кху тIаьхьарчу кхаа шарахь православин керста дин лелош болчу нехан терахь лахделла 6 процентана, ткъа бусулба нехан терахь алсам даьлла 3 процентана.

Iилманчаш бинчу талламо гайтарехь, нагахь 2009-чу шарахь 80 процент Оьрсийчура делах тешаш болчу наха шаьш провославин керста дин лелош ду аьллехь, 2012-чу шарахь и нах бара 74 процент. Цу хеннахь, бусулба нехан терахь алсам даьлла шозза хиллал - 4 процентана тIера 7 проценте кхаччалц.

Кхин динаш лелош бу Оьрсийчоьнан 1 процент бахархой. Ткъа делах тешаш бац 5 процент бахархой, я вуьшта аьлча 7 миллион стаг.

Ма дарра аьлча, Iедалшна а ца хаа бусулба нехан баккъалла а долу терахь. Масала, 10 шо хьалха, 2003-чу шарахь, Путин Владимир Исламан конференцин организацин саммите вахча, иза цига кхайкхаран официалан бахьана дара Оьрсийчохь дуккха а бусулба нах бехаш хилар - 23 миллион гергга стаг. Ткъа уьш 15 процент Оьрсийчоьнан бахархой бу.

Амма ша Путина "Аль-Джазира" телеканалана интервью луш, лар а луш, элира «миллионаш бусулбанаш» аьлла. Цу нехана этникан чулацам ша лаьтташ долу хаттар ду. Амма тIаьхьарчу хенахь сих-сиха хеза а бусулба дин тIеоьцурш дуккха оьрсий бу бохуш.

Цуьнца доьзна дара кху деношкахь Ямало-Ненецкерчу муфтийно Хафизов Хайдара дина дIахьедар. Тахана - цхьа дин, кхана - кхин дин бохург хила ца деза, элира цо цу автономин гонан этноконфессин юкъаметтигашкахула йолчу кхеташонан цхьаьнакхетарехь.

Муфтийна Хафизов Хайдарана хетарехь, оьрсаша ислам тIеэцар хилийта мегар доцу хIума ду Оьрсийчохь. Цу тайппа ойланаш йолуш Хафизов а, керста динан векалш а хилла ца Iаш, Iедалан белхахой а бу Оьрсийчохь. Царах ву Къилбаседа Кавказера исламан талламан центран директор Гереев Руслан.

«Спектр» олучу аналитикан порталана ша еллачу интервьюхь цо чIагIдо. «Оьрсий синош Iалаш деш дац Оьрсийчохь цхьанха а. И бахьана долуш уьш сиха оьгу маларна а, наркотикашна а, тоталитаран секташна а хьалха, царах кхета радикалан исламан ун. Са лардеш ца хиларна оьрсийн йоIарий джамаIаташна юкъабоьлху, царах Iожалхой хуьлу.

Гереевс бакъо ю бах хIоранан шен даго къобул деш долу дин лело. Амма царах болчух тера дац, цунна хетарехь, салафиташ олуш болу нах.

Гереев Руслан: «Церан (бусула дине боьрзучу оьрсийн мехкарийн) терахь алсам дера ду, джихадистийн эмиссарийн оьрсийн мехкарий хьокъехь ша тайпа планаш хиларна. Джихадисташа оьрсашца беш болу болх, хала хеташ далахь а, алсам жамI дохьуш бу Оьрсийн Православин Килсо а, ламастан исламо а дохьучул а".

Салафиташ лелош долу дин кхето атта долун дела ду иза аьлла хета Гереев Русланна.

Гереев Руслан: «Идеяца атта ю салафизм. Салафитана ламаз дан ши минот бен ца оьшу, суннехь дан дезаш ма хиллара».

Амма муфтий Хафизов Хайдар а, и саннарш а банне а кхераме бац бусулба нахана аьлла хеташ ву Оьрсийчоьнан Исламан комитетан гIантда, вевзаш волу бусулба Iелам стаг Джемал Гейдар.

Джемал Гейдар: «Массо а цу хафизовгIарна омра дина, орца даккха, Iора даккха, дуьхьал латта аьлла. Амма и хафизовгIара цхьа а боцурш болун дела, церан меттаг ян а йоцун дела, цара Iедална гIортор еш деш долчуьнан цхьа а мах бац».

Iедалш кхераделла ду оьрсаша бусулба дин тIеоьцуш хиларна аьлла хета Джемал Гейдарна.

Джемал Гейдар: «Iедалш чIогIа кхераделла ду оьрсаша бусулба дин тIеоьцуш хиларна. ХIунда аьлча, иза бохург ду бусулба къийсам ара болуш бу этникан дуьхь-духьала латтаран кепара, Москох дуьхьал лаьтташ ю къаьмнийн провинцина бохучу кепара, сепаратизман кепара. Цо оьцург ю социалан а, политикан а къийсаман кеп».

Кхеташ ду, бусулба къаьмнех схьабевлла болу цхьаболу Оьрсийчура бахархой ислам динехь бу бохург шеконе хIума хилар. Амма, дуккха а наха билгал а доккхуш, бусулба дин тIеэцна оьрсий а, кхечу, эр вай, коьртачу декъана керста дин лелочу къаьмнийн векалш а цIена лело гIерта ислам. Уьш даггара теша делах. Цундела кхоллачух тера ду, масала, Гереев санна болчу нехан уьш салафиташ хуьлу олий ойла.

И бахьана долуш бала хьогуш а хуьлу и нах Оьрсийчохь. Цхьаболчара махках бовлар некъ а хоржу цу бахьанаца. Царах дукхах болчара хоржург ю баккъалла а динан маршо йолу Iамерка, я цунна лулара Канада.

Ванесса Ривер оьрсийн къомах ю. Дин бахьана долуш ца кхаьчнехь а, итт сов шо ду иза Канадерчу Монреалехь еха. И пачхьалкх бусулба нахана баха аьхна ю бохуш дийцира цу Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь.

Ванесса Ривер: «ХIинццалц тхайн дин бахьана долуш цхьа а проблема хилла яц тхан. Тхайн дин лелош маьждиге а доьлху тхо, марханаш лоцуш а, достуш а даздарш а дIа а хьо оха. Бусулба дезаденош хилча цуьнах лаьцна радиочухула хаам а бо, бусулба нах декъал а бо. Ала деза, Канадехь бусулба нахана, тхан доьзал а бу цу юкъахь, цхьа а вочу агIор беш Iаткъам ца хиларх лаьцна. Тахханалц дерриг а дика ду».

Оьрсий бусулба дине барзарх кхета гIерташ бу оьрсийн православин килсан мозгIарш а. Масала, Хафизов Хайдар вехачу регионехь Салехардан а, Новоуренгойн а епископ волчу Николайна хетарехь, дукхах болу нах бусулба дине боьрзу исламо боккха тидам доьзална тIебогIуьйтуш хиларна.
XS
SM
MD
LG