ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусулба умматана балеболуш лаьтта Шемара тΙом


Шема --Шаьш гIаттамхойх мукъаяьккхинчу Кусейрехь пачхьалкхан байракх хIоттош бу Асад Башаран эскархой, 05Ман2013
Шема --Шаьш гIаттамхойх мукъаяьккхинчу Кусейрехь пачхьалкхан байракх хIоттош бу Асад Башаран эскархой, 05Ман2013

Президент Асад Башар толамашка кхачош, хьал карчийна цуьнгахьа тΙемаш бечу Либанерчу Хьизболлан а, ГΙажарийчоьно цига хьежочу а тобанаший, Оьрсийчоьно герзаца латточу аьттонаший. Оцу кхаа агΙонан гΙоьнца шен олалле ерзийна Асада деношкахь, масала, Кусейр-гΙала. Амма иштта, арахьарчу гΙорторех пайда а оьцуш, Шемин президента меттахΙоттош йолчу «къепено» махкара тΙом шорбан а, луларчу пачхьалкхашка кхачон а тарло. Шемина тΙехь лаьттачу кхераман рогΙерчу муьрах лаьцна дуьйцу шен артиклехь Маршо Радион корреспондента Рекнагел Чарлза.



Кхаа кΙиранах Либанерчу шиΙатийн Хьизболла партин ницкъашца цхьана Ιедалан эскаро Кусейрехь бинчу тΙемийн толам мехала ларало, боху Асад Башаран.

Амма Хьизболлас баьккхина толам бале бала тарло, цо ерриг а Малхбалера суннатой тΙемашца дуьхьалтаса а сахьт шиΙатошна – тΙаккха хΙуттур ду ша ма-дарра къематде шен Хьизболлан децΙахь Либанехь а, боху тергамхоша.

Францойн талламийн Греммо-центран куьйгалхочо Баланш Фабриса тидаме оьцу Кусейрехь вовшашца тΙемаш бинарш бусулба динан ши гара хилар – шиΙаташший, суннаташший.

Баланш: « Шемарчу тΙама юкъа Хьийзболла йолар вуно кхераме ду. Кусейрехь цунна духьаллетачу гΙаттамхошлахь оццу Либанера суннаташ а хиларо тΙом церан шайн махка а кхачон тарло. Иза цкъачунна дац Либанехь – цуьнан дозанехь ду, амма ду цкъачунна».

Баланш Фабрисна гарехь, шайн дозанехь йолчу Кусейрехь эша а эшна, ΙадΙийр бац Либанера суннаташ, уьш цΙахь чΙиръэца буйлалур бу шайца леттачу Хьизболлара, аьлча а, шиΙаташкара.

Бейрутехь Ιамеркан институтан профессор ву Хьашан Хилал. Цо а боху, шиΙаташний, суннаташний юкъабола тарлучу тΙеман гайтам бу Кусейр-гΙалахь хилла тΙом.


Хьашан: «Эзарнашкахь бу Шемарчу гΙаттамхошлахь Либанера суннаташ, къаьсттина цигарчу къилбаседанера. Ша тΙаьххьара дечу къамелехь Хьизболлан лидера Насралла Хьасана элира, эгΙар дац вай Либанехь, лата луург Шема тΙом бан ваха веза, аьлла».

Бухара бусулбанаш вовшахлета буьйлабаларал совнаха, нагахь санна Либанехь бусулба шина гарана юкъа тΙом болахь, цига хьаьлхар бу дуьненан массо а мехкашкара баьхкина Шемахь тΙемаш беш Iен арахьара баьхкина бусулбанаш, боху тергамхоша.

Хууш ма-хиллара, исторехь шиΙаташний, суннаташний юкъахь лилхина тΙемаш цкъа а ца бирзина сиха, бахбелла лаьттина иттаннаш шерашкахь. ХΙинца а лаьтта изза хуьлуш, чΙагΙдо Европерчу а, Ιамеркарчу а политикаша.
Эшнарг ду, Шема тΙаме баха гонахарчу цхьана а пачхьалкхо шен махкахошна доьхкуш цахилар.

Хьизболлано, масала, ал-Къайданера суннаташ бу Шемарчу шиΙатех леташ, цундела нийса ду боху шен бΙахой суннаташна дуьхьал тΙом бан бахар.

Профессора Хьашан Хилала бахарехь, Хьизболлана а, массо а шиΙаташна а гΙортор латториг ГΙажарийчоь ю.


Хьашан: «Хьизболлано дохарх Ιалашдо Шемара Ιедал. Герзаш ГΙажарийчуьра кхочу цуьнан кара. Шемара Ιедал доьхча, юхучу кхочур ю ша Хьизболла а. Шемахь ша бечу тΙамца шен Либанера дахар дΙадахдо цо».

Суннатойн лидерша а дуьйцу, шайн динан вежарий дΙакхалла гΙерта шиΙаташ бохуш, кхойкху царна дуьхьал Шемахь тΙом бан. Иштта дара дахначу шоьтан дийнахь Катарерчу цхьана везачу устаза ал-Карадави Юсефа дина къамел. Ваха таро мел йолу суннато цо кхайкхира Шемарчу «джихΙаде».
XS
SM
MD
LG