ТIекхочийла долу линкаш

Исламан телевизион схьаеллар тайна бусулбанашна


Оьрсийчохь схьайиллинчу "Аль-ТВ" цIе йолчу исламан телевизионера сурт, 21Мар2012

Оьрсийчохь схьайиллинчу "Аль-ТВ" цIе йолчу исламан телевизионера сурт, 21Мар2012

Марха достучу дийнахь дуьйна болх бан доладелла Оьрсийчохь «Аль-РТВ» цIе йолу бусалба динехь болучарна лерина телеканал, коьрта редактор Евразин Академин телевизонан а, радион а вице-президент Арифджанов Рустам а волуш.


Арифджановс дийцарехь, и телехьожийла кхоьллина яккхийчу исламан цхьаьнакхетараллийн лаамца, бусалба динан хазнаш, синмехаллаш йовзийтархьама.

Телеканалана тΙехь куьйгалла деш юкъараллин кхеташо хир ю. Цуьнан декъашхошлахь ю Оьрсийчоьнан муфтиятийн кхеташо а, бусалбан нехан Коьрта урхалла а, ГIезалойн мехкан а, Къилбаседа Кавказерчу цхьамогIа кегийчу къаьмнийн динан урхаллаш а, ишта кхин масех юкъараллин цхьаьнакхетараллаш а. Цу хьокъехь хаам бина «Башинформ» агенталло.

Коьрта редактор Арифджанов Рустам къера ву, ша а, шен накъосташа а тIелаьцнарг жоьпалле гIуллакх ду, бохуш. «Исламан телеканал хуьлийла дац, - боху цо, - ца кхетарг кхетошший, цахуург довзуьйтушший бен. И дерриге тхо чулацаме а, хаза а, цкъацкъа самукъане а дан гIертар ду. Ислам - иза къовладелла, кхоьлина дин дац».

Цо Iорадаккхарца, керлачу хьожийлехь меттиг хир ю цхьацца гаранашка декъалуш долчу бусалба динан массо векалшна. Ишта церан Iалашо ю, кхечу динех лаьцна дуьйцуш, хьовсархойн хаарш шордан а.

Керла телеканал схьаделлар тайна дукхахболчу бахархошна. Цуьнан хьокъехь шатайпа хьажам болчех ву Теркйистера Iеламча Лечиев Шаид-хьаьжа.Цунна хетарехь, бусалбанашна а, кхечу динан векалшна а юкъа зайлаш а ца бетташ, баккъал а адамийн синлехамаш шорбеш, барт-марзоне уьш боьхуш, болх беш дIадодахь, цу теле-хьожийлан мах бан а бац.

Шаид-Хьаьжа: «Дин оццул мерза а хилча, Элчано аьлла а хилча, ΙалайхΙи салату ва салам, «вере даз ма делахь, нахана, даз а ца деш, дийцалахь, кхаьънаш дахалахь, кхерамаш ма тийсалахь», аьлла долу дин ду-кх вайн дин. И дийца нах бохкуш хилча, Далла деш доΙа ду-кх иза. Хаа деза, бΙоба ма нислахьара вайн динах, бохуш, дан деза дийриг – кΙеда-мерза дин дΙадовзийтарехь , и негат долчуьнан Дала аьтто бойла!»

«Аль-РТВ» канал къаьсттина кхаъ хеташ тIеэцна Нохчийчоьн могIарчу бахархоша.
«Дели а дуьхьа ма дика ду и юкъадаьккхина. Кху Нохчийчохьберш хьех кхеттера-кх, диг детташ санна, и валар дуьйцуш, эхартахь хоттур болу барт а, дендолу таIзар а дуьйцуш. Цаьрга ладоьгIча, цхьа ойла хуьлу-кх, кху дуьнентIе ваьлла а ма велар-кх со, олий».

Ишта къамел дира керлачу телехьожийлах лаьцна шен цIе йоккхийла дихкинчу цхьана Соьлжа-гIаларчу вахархочо. Цунна хетарехь, меттигерчу муфтиятана товр долуш хIума дац Оьрсийчохь бусалба нахана лерина керла телеканал юкъадаккхар.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG