ТIекхочийла долу линкаш

Бусулба нехан бакъонаш талхайо Европан цхьайолчу пачхьалкхашкахь


Белги -- Генк-гIаларахь ХIЕМА-маркето шен белхалошна - бусулба зударшна - хиджаб лелон дехкар емал деш хIоьттина гулам, 12Заз2011

Белги -- Генк-гIаларахь ХIЕМА-маркето шен белхалошна - бусулба зударшна - хиджаб лелон дехкар емал деш хIоьттина гулам, 12Заз2011

Адамийн бакъонаш тергонехь латточу Амнести Интернешнл-юкъаралло шен рогΙера рапорт арахецна Европерчу бусулба нехан паргΙатонаш зуьйш. Цо чΙагΙдо, дуккхаъчу пачхьалкхашкахь бусулба нахана халонаш дуьхьалхΙуьтту шайн куц-хьесап, духар бахьанехь, бохуш. Амма цхьабосса дац и хьал массанхьа а. Оцу хьокъехь тоьшаллаш до Европерчу мехкашкахь бехачу нохчаша.


Дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхоша талламаш бина Швейцарехь, Францехь, Бельгехь, Испанехь, Голландехь. Гучудаьлла, оцу пачхьалкхашкахь болх карон а, деша хΙотта а бусулба духар, еха маж лелаечу борша нахана я корталеш, хиджабаш лелаечу зударшна хала хилар, бухара бахархой оцу нахе гома хьожуш хилар.

Цхьаццайолчу пачхьалкхаша кху тΙаьххьарчу массех шера чохь бусулба нахана динца доьзна бухарчу бахархойх къаьсташ долчу сибатахь лела доьхкуш низамаш арахецна. Иза йоккха харцо ю, бусулба нах дискриминаци къел бахьар ду Амнести Интернешнло доху орца. Оцу хьокъехь цо кхойкху Европерчу мехкийн Ιедалш бусулба нехан бакъонаш ца хьешаре, тΙеэцна лела, ша харц лоруш долу низамаш юхадахаре.

Бусулба нехан хьал, церан шаьш нийса кхеточу кепехь духар лелон а , куьцахь хила п мел маршо ю, аьлла го хьуна, хаьттира Маршо Радионо Францехь иттех шарахь вехачу историн 1илманче а, шеца ламаз-марха лелош волчу а Вачагаев Майрбеке. Цо тошалла до Амнести Интернешнло зийнарг бакъхилар.

Вачагаев: « Францехь кху тΙаьххьарчу шина-кхаа шера чохь дийцаре даьккхина духар а, кхидолу бусулбанашкара шайша товш доцург а. И хаийтар юкъадаьлла лела кхузахь. Къаьсттина хиджаб лелор, юьхь къевлина лелар Ιедало арадаьккхинчу низамо магош дац. Хиджаб елахь, муьлххачу а полисхочо,саца а йой, гΙуда тухуш ду.

Цундела и низам арадаьллачу кху шарахь хиджаб лелош ца го, кхечу пачхьалкхашкара, масала, Г1ажарийчуьра баьхкинчийн бен, кху Францерчийн лелон йиш яц иза. Кхара диннарг Бельгехь а дина, Италехь а дина. Кхечу пачхьалкхашкахь а дина.

ШозлагΙа. Националистийн партеша, къаьсттина Липен-парти ю («Къоман Фронт») – цара лечкъош а дац, 1едало шена луург дайдеш дийцахь а, цара шайна хетарг хецна дуьйцу шайн телевизионехь а, радиочухула а.

Цара дуьйцург хΙун ду? Цхьана а кепара, шаьш бусулба хилар кхузахь хаа ма далийта, олу цара. Шу тхан пачхьалкхе, Франце, даьхкина, керста культура йолуш пачхьалкх ю хΙара, кхузахь шайн гΙиллакхашций, духаршций ма гайта, бохуш, дуьйцу цара. Хьалал-туька а тΙехь дΙаяккха, бохура цара.

ХΙунда хуьлуш ю, хьалал-туька, кхузахь, Францехь, массо а францхочунна мега жижиг шуна стенна ца мега, бохуш, и хΙума а тΙехь дийцаре даьккхина ду. Оцунна тΙаьхьа а хΙуттий, тΙаккха Ιедал а нехан коча гΙерта.

Ши-кхо шо хьалха доккха дов дара кхузахь. «Шарль Де Голь» аэропортехь болх бен массо а бусулба нах чоьте баьхнера, цуьнан бахьана дара цхьана депутато, бусулба нах аэропортехь эккхийтар дан бохку, аьлла, эладита даржор. Оцу хьокъехь массийтта дов а листира кхелашкахь. И тайпа проблемаш кхузарчу пачхьалкхашкахь, язлахь бен, яйлур ю аьлла ца хета суна».

Евроберта юкъайогΙучу цхьйолчу пачхьалкхашкахь бусулба нахана шайн ламасташ маьршша дΙалело бакъо йоьхкуш хьал делахь а, шатайпа тоьлла лара мегаш сурт го Скандинаверчу мехкашкахь – Норвегехь, Швецехь.

Харц хир дац, оцу Къилбаседа Европан бахархоша ларамца, цхьа а дуьхьалонаш йоцуш, аьтто бо бусулба нахана парггΙат дин лелон а, духар тΙедоха а, аьлча. Цунах тоьшалла до Швецехь вехачу кхечу нохчочо, Тарамов Майрбека. Иза балха тΙехь вара ша Маршо радиоца къамел дечу сохьтехь.

Тарамов: «Кхузара, Скандинавера, Швецера хьал – цхьа а дуьхьалонаш Ιедало ца лелайо. Бусулба нах парггΙат дΙаса а лела, шайн духар а леладо. Цхьаболу зударий хиджабаш йоьхна а бу. Диллина маьждигаш а ду. Ламаз дан аьтто а бу. Бусулба ишколаш а ю. Къоран а Ιамадо. Бусулба нахана хьалал-даарш а ду.

Бакъду, бусулба нах шина амалца бу. Геннара хьекъал доцчара, цхьаццадолчу хΙуманашна резабоцуш, «хΙорш-м цхьа кафираш бара», бохуш къамелаш до.

Амма дукхахболчара, «элхьамдулиллахΙ, Далла хастам бу-кх, хьажахь, хΙара керста пачхьалкх ю, ткъа вайга бохуш хΙума а дац, мелхо а, вайна ахча а туьйсуш, Ιаш бу-кх», олу. Хьо веллавелла, къайлаха лелош хΙуманаш а доцуш велахь, цхьа а проблемаш яц. Хьуна хьан хеннахь статус а лур ю, хьох пачхьалкхан вахархо а вийр ву. Хьо бусулба ву, аьллий,ахь ламаз до,аьллий, проблемаш яц».

Гуш ма-хиллара, шина хьолехь бу Францеххьий, Швецеххьий беха бусулба нах. Цуьнга хьаьжжина хуьлу оцу нехан шаьш дехачу меттиге болу безам, хΙутту дог.

Норвегехь, масала, Сомалера, Иракъера, Нохчийчуьра я кхечу бусулба мехкашкара баьхкина бехачу наха дозалла до шаьш тΙеэцначу пачхьалкхах, резахиларца, довха къамелаш до шаьшлахь цунах лоций. Оцо чΙагΙбо Норвегехь я Швецехь барт а, бухарчу а, тΙебаьхкинчу а нехан вовшашка болу тешам а, ларам а.
XS
SM
MD
LG