ТIекхочийла долу линкаш

Бусулба йоцу Исламан банкаш


Британи -- Британин Паччахь Элизабет ШолгIаниг бIаьрг тухуш ю Лондонерчу Bank of England-банкехь латточу дешина, 13ГIур2012

Британи -- Британин Паччахь Элизабет ШолгIаниг бIаьрг тухуш ю Лондонерчу Bank of England-банкехь латточу дешина, 13ГIур2012

ТIаьхьарчу хенахь Малхбузерчу Европера пачхьалкхашкахь гучуйовлуш ю исламан банкаш. Царах ю Британи. Амма цигара бусулба ю бохуш йолу банкаш баккъалла са а ца йоккхуш болх беш ю бохучух шеко йолуш бу банкийн гIуллакх девзуш болу говзанчаш а, Iелам нах а.

«Британи банкрот хиларна кхоьруш дуй шу? Самагатде, вай бусулба наха кIелхьара даха герга ду. Вайн Iедало а, банкаша а, шаьш кху махкахь исламан банкаш са яхарехь бина кхиамашца, вовше дIекъал дечу хенахь, царна шаьш дуьйцучуьнан маьIна хаий те?» - иштта йолало Филлипс Мелани бохучу Британера гIараяьллачу журналисто, Дейли Мейл олучу газетехь зорбане яьллачу шен интервьюхь.

И болх Британи Iедло тоьттуш бу. Браун Гордон ша финаниси министер волчу хенахь кхайкхинера, ша Лондонах ислама банкийн коьрта гIала ян лууш ву аьлла. Амма вай хьаькамашна гуш дерг шайн бIаьрг белош долу миллиардаш фунташ бен дац. Ишта а Европехь цIе санна сиха даьржаш долу бусалба динна кхин аьтто беш некъаш ду уьш, бохуш ша Iедалан финансийн политикина реза цахилар билгалдоккху Филипса.

Ам, хIун ю иза – Исламан банк?
ХIун ду цуьнан гIиллакхаш а, декхараш а, пайданаш а?
Хьнал ду иза, йа магош дац?

Иза инзаре бокхха чулацам болуш агIо ю. Амма хIетте а, и хаттарш дара оха тхайна хьалха хIиттийна, уьш талла а, тхайна карийнарг шуна доцца довзита а Iалашо йолуш.

Лондонера Дуьненан юкъараллин Финанси Сервисо ара хецначу рапорто дийцарехь, Британи Исламан Банко дIалаьцна дакъа Пакистан a, Бангладеш а, Турци а Египет а цхьани долу чул а докхха ду. Иштта, массо а малхбузехьа йолу пачхьалкхашкахь чул а дукх ю Британехь бусулбачу нахана лерина ехкина Ислама банкаш. Цу банки хьашт, кху малхбалехь йолучу паччалкхашкахь, тамлуш ду. Са буьлуш бу исламан банкашка кхидаш болу бусулба-боцу нах а.

Пхиъ йуьззина, шарIаца qогIуш банк ю Британехь, ял йакххарах а, чIагIараш а, хьарам ловзараш лелочу йохка-эцарехь цIена а йолуш. Цул сов, кхи йолу тоьлла 17 банко - Барклис, РБС, Ллойдс, иштта кхийолучара а, шайна чохь Исламан Банка гIилкхаш долуш дакъош диллина, бусула нахана тIедоьгIна. Ткъа оцу системи чохь хьийзаш долу рицкъа £I2 миллиард ду, аьлла билгал дина.

ХIун башхалла ю цу Ислама банка кхечу банкашца? Стенах бу церан пайда? aьлчи - шайн пайда, шайн клиенташца зе-пайда декъар бу. Цул совнах, билгал доцуш, даьржина, къайлах хIума хила йиш а яц Ислама банкашкахь, дерриг а клиентана билгал а дина, сеццина хила дезаш ду, боху цу банки официал векалша, шай интернет дакъош тIехь.

Масала, ше цхьа хIусам эца ойла а хилла, иза эце таро йоцуш волу стаг, тха банке вогIу, тIъа, оха, цу стагаца барт хилла чул тIаьхьа, и хIусам, тахана болчу базара мехах, тхай банк дола а йокххий, тIакхха цу стагана и хIусам хенаца юхку, тхай мехах. Цу стага тIакхха тха мах цхьана хенахь юкьахь - барт хиларре хьаьжжина - хьатокху. И хан 3 шо, йа 20 шо хила а йиш ю – иза а барт баре терра ду.

Масала, стага шена хIусам тхега эцийтахь, оха цу хIусама чохь баттахь Iийриг мах лара а лорий, цуьнан ах мах стаге хьабоьху. Иза бу тха пайда. Хан билгал якххинариг ю. Цунах терра ду декхар далар а, йа юкъахь йохк-эцар лелор а. И хIусам санна эца йишйолуш ю муьлха а хIума. Цунах, а шина агIонна юкъахь пайда бекъар хуьлу, ял якххар цахуьлу – олий кхетаво Ислама банкаш лелочара.

Амма, цу банкийн гIиллакхашна реза боцуш бусулба нах а дукха кара бо. Царах ву гIарваьлла Iелам стаг лоруш волу Хьусайн Iимран. Цо ше хьехамехь билгал до и тайпа йохк-эцар а мегаш цахилар. Iилманчо ше ойла мича бух тIехь лятта а дуьцу: Нагахь юха доьрзу декхар, цу стаге делла чул лакхара далахь – иза ял йакххар ду, иза хилар, ша къовса кийча а ву, бохуш тIечагIдо Iеламчано.

Вайн Пайхамара декхарина хIума оьцуш хилла, шеко а йоцуш, ам цо дIалуш хилла мах, цу хIумана мах бен хилла бац, бохуш сецамаш бо Хьусайна. Ткъа декхар хенаца хьедалар а, дакъошца юхадерзар а мича хьолехь лелийна Пайхамара, Хусайна билгал ца до.

Жимма кIаддина дуьцу шена хетарг Лондонехь, исламае финансийн говзанча волу Разви Шаббир. Ша цахутту и банкаш Шаркъаца кхоччуш йогIуш ю ала. Цара, шай гIиллакхаш Шаркъаца лар дахь а, гIуллакхаш лар дан тахана гIора кхочур дац цу банки, бохуш дуьцу Шаббир, шен ПрессТВ олучу канале, леррина Ислама банки хьокъехь, дечу къамелехь.

Ам, ша тешна ву, иза ниса болам хиларах, тIкъа кхидолу кхачам бацараш, жим-жима нислур ду, боху говзанчо. Цо дицарехь, ишта Ислама гIилкхашца йохка-эцар лелийна цхьа а банк йоьхна йоьжна яц кху дуьненахь лаьттачу экономики егорехь.

Ткъа цу банкашца гIуллакх Iоттаделлачу наха дицарехь, Ислама банкашца дериг генна гIоле ду кхи йолу банкашка шена тIера массех цIока йокхийтачул. «Айхьа хьа хIун оьцу а, дIа хIун ло а хаъ хьуна, тIе хьай таро ма хилла и декхар дIакъовла а аьтто бу хьа. Хьай доьзална дола да гIора а кхочу - иза хьанал а ду.

Тахана, банкашца гIуллакх а доцуш, кху дуьненахь, маша санна вовшах йоьзна лелачу экономики зIенашца а, гIиллакхашца а, хала ду бусулба нахана кхечу нахе нисса шай гIуллакхаш лелон а, шайн дахар нисдан а.

ШарIан тIехь лаьтташ йоцучу пачхьалкхехь, ше Iамалаш а, гIиллакхаш а дуьззина цуьнца нис йа амал дац – ша шена ницкъ бо стага. Ницкъ цакхочуриг Дала тIедиллина а дац. Иза шен ойла ю», – аьлла жоп делира суна Ллойдс олучу банка белхалочо Хан Салима.

Цу кеппара Iоттаделла хьал ду Исламан банкех, хьарам – хьанал бохучу гонахь. Амма банкаш яьржаш хиларехь цхьа а шеко яц. Иштта, баханчу баттахь Москох а дIаяьхьира ислама банкийн дуьнена юкъара конференци.

Оцу шина динахь, тайп-тайпа меттанашкахь, говзанчаш дийцаре даькххинера Россиехь ислама банкаш еллар а, уьш яржор а. Гарехь, кестта Оьрсийчоьнан бахархойн а хир бу цу банкашца гIуллакх лело аьтто. Ткъа бусулба нехан сатуьйсийла ду, иза баккъал а хьашт долчу, мискачу нахана, шай хьал тодан тIекхочийла йолуш нислур ду аьлла.
Дуби Анзор, Лондон.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG