ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижехь дина тIелатар шена тIелаьцна «Исламан пачхьалкх» тобано


Франци -- Шамп Элизей авеню, Париж, 04.21.2017.
Франци -- Шамп Элизей авеню, Париж, 04.21.2017.

«Исламан пачхьалкх» шех олучу тобано шена тIелаьцна Францин коьртачу гIалахь Парижехь тIелатар дар, хаам бина Le Figaro газето, цу тобанан интернетан ресурсана тIе а тевжаш.

Хьалхо Францин президенто Олланд Франсуас дIахьедар динера Парижехь хилларг хьалххе кечйина теракт ю аьлла, хаам бо Reuters агенталло.

Еарин сарахь Парижан юккъерчу Шамп Элизей авенюхь зуламхоша герз тоьхнера полицин машенна. И бахьана долуш полицин цхьа белхахо вийна, шиъ чевнаш хилла ву.

Сихонца орцах яьллачу полицин тобано вийна тIелатар динчерах цхьаъ. ШолгIаниг ведда къайлаваьлла. Иза лоьхуш ю полици.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG