ТIекхочийла долу линкаш

Абу ГIошехь Бехарш Нохчий бу Бохург Шеконе Диллина


Израил - Оьрсийчура NTV программин видео тIера сурт, Джабер Iиса, Абу ГIошан администрацин дешаран декъан куьйгалхо, 18ГIу2011

Израил - Оьрсийчура NTV программин видео тIера сурт, Джабер Iиса, Абу ГIошан администрацин дешаран декъан куьйгалхо, 18ГIу2011

Израил махкахь дехаш долчу цхьана Iаьрбийн тайпанан орамаш нохчийн хилар билгалдаьлла аьлла Нохчийн Iедало кхайкха а дина, уьш бехачу эвлан юьртда а, кхин а ши Iаьрби а чукхайкхина, церан нохчалла юхаметтахIоттош гIо дан тIе лаьцна. Абу-ГIош эвлан бахархой билггал нохчий хиларан тоьшаллаш дац боху хьесапдо и хаам теллинчу малхбалера журналисташа.

2012 шеран Чиллан баттахь Израил махкара Абу-ГIош олу юьртара юьртда Джабир Салим а, Абу-ГIош юьртан урхаллин, муниципалитетан, културан хьаькам Джабир Iиса а, Кавказера къамнийн бух толлу Израилан юкъараллин хьаькам Малца, Наул Юри а, Нохчийн Iедало чукхайкхина Абу-ГIош олу Iаьрбийн тайпа Нохчийн хилла хилар билгала даьлла аьлла, Израилера Абу-ГIош юьртахь маьждиг а, Нохчийн културан центр елла тIелаьцна.

Абу-ГIош юьртана Къудсенан 13 чаккхарма малхбалехьа ю. Цигахь 6000 хиллал вахархо ву. Уьш нохчийн бу боху дIахьедар дале, цара 500 шо хьалха Iаьрбийн ах-гIайре тIера Палестине кхелхина Iаьрбий ду шаьш олуш дара. Царах дукхах берш хIинца и бохуш бу, шаьш нохчий ду бохчух бешаш бац.

Уьш Нохчийн хилар тIечIагIдеш болчара, Израилан Iедало а нохчийн Iедало а билгала яьхна цу хьокъехь билгалонаш ю баьхча, Урданера нохчаша мел дукха и билгалонаш схьайийца бахарх, цигарчу Iаьрбаша хIинццалц цхьа а билгало ца гайтина. Абу-ГIошехь нохчий бу бохург хIун бух болуш ду аьлла, Израилера Абу-ГIош тайпанан волчу журналисте Абу-ГIош Фариде хаьттича, цо ишта къамел дира оцу хьокъехь Маршо Радиога.

Фарид Абу-ГIош: Суна тидаме дилла лаьа хIокху меттиган истори нийса язъйина ца хилар. Схьахетарехь, Абу-ГIошан орамаш Iаьрбийн ах-гIайренна тIера ду. Цхьа а чIагIдарш дац хIокху юьртара нах Кавказан лаьмнашкара я уьш нохчий хилар билгалдеш.

ХIара дийца долийча, кхузара бахархой истори талла буьйлабелира. Дукхах долу талламан жамIаш Абу-ГIош Iаьрбийн хилар билгалдеш дара. Бакъду, маьждиг дийр долуш ду хIокху юьртахь, амма иза дийр ду бохуш долу 10 шо ду. Цхьанненан цIе туьллур ю аьлла дара цу маьждигана. ХIетте, и маьждиг дан ахча доцун дела, и дан гIерташ болчара, ахча луш милла валахь, цуьнан цIе туьллур йолуш ю цу маьждигана.

Суна хетарехь, цхьа нохчо ву Израилан коьрта гIалахь Тел-Авивехь йолу Оьрсийн векалаллехь болх беш. Иза ву аьлла хета суна кхузара Iедалан нахаца бизнес ян гIерташ.
Суна Нохчийчура нах сайна гина кхуза баьхкина. Шина а агIора Iедалхойн юкъаметтигаш чIогIа дика йолчух тера ду. Иза билгало ю уьш вовшашна са а, пайда а бан гIерташ хилар, хIара теори ара а хецна. Иза къайлаха лелош гIуллакх ду цара. Иза бакъ делхьара, зорбан хьостанашкахула Iора даьккхина хир дара цара. Дукха къайлаха лелош ду цара хIара гIуллакх.

Израилера цхьаьллиг цхьаьна ураман нохчийн цIе туьллуьйтур яц оьрсийн мухIажарша цара хIуъу бахахь, хIунда аьлча, Оьрсийн махкара Израилехь болу мухIажараш дуьхьал бу нохчашна. Жуьгтийн оьрсаша Израилан цхьаьллиг цхьана ураман нохчочуьн цIе туьллуьйтур яц.

Цу мухIажарша Iедале бохуг ишта ду - харц стеган цIе муха туьллу аша. Аша хIун до хаьий шуна? Дукхах болу Абу-ГIошера нах шаьш Нохчий бу аларна реза бац. Нахана хаьа цу Iедалера хьаькамашна юкъахь совдегаралла юй. Израило гуттар бохуш дерг - Iаьрбийн орамаш дан дац Израилехь, Израилан латта Жуьгтийн ду - хIокху теорино Израило бохург тIечIагIдо. ХIара нах цу моттаргIашна чIогIа оьгIаз бахана бу, шайна бакъадерг хуун дела.

Маршо радио: Абу-ГIош Фаридан, совдегаралла лелош, са а дезарш лоьхуш нах бу и Iаьрбийн, нохчийн бан гIертарш берш аьлла хетахь, кхин йолу Iаьрбийн зорбанан хьостанаш кхечу кепара туьду Абу-ГIош теори.

Мисар махкара «Ал-АхIрам» олу газето Чиллан беттан 9-гIа чохь цу Израилера Iаьрбийн нохчий бу боху теорин хьокъехь ишта цIе тоьхна таллам арахийцира « Москохна а, Израилна айкхалла а, шпионалла а, нохчашца йолийна шеконе юкъаметтиг» аьлла.

Цу талламан коьрта тема, Оьрсийчоьнна а, Израилна а юккъехь цкъа а чекх ца болу къайлечу эскарийн тIамех лаьцна ю. Жуьгтин Мосадо а, оьрсийн ФСБено вовшашна дуьхьала лелон айкхаллин а шпионаллин а юккъе нохчи озийна. Абу-ГIош нохчий бу боху пал лелийна, Кавказехь ког гIортон меттиг яккха гIерта Израил, бохуш дуьйца Ал-АхIрам газето. Амма оьрсий хIун яккха гIерта ца хьахош дуьту Ал-АхIрамо.

Абу-ГIош нохчий бу бохуш нохчийн Iедало лелориг чIогIа новкъа деана бу Урдунера нохчий. Урдунера Джамо Руслана дийцира оцу хьокъехь.

Джаммо Руслан: Цкъачунна, Израилехь нохчий бан бац, шаьш бу бахахь, уьш бац. Билгал болуш бу Туркойн чохь бу, Шемахь бу, Иракъехь бу, цаьрга хIунда ца хьовса уьш?

Израилера Абу-ГIошгIара шаьш нохчий ду бохуш массанхьа а кхайкхош ду. Интернет тIехь агIо йиллина шаьш ДегIастнара нускалш далор ду бохуш, дог этIош бу. ХIокху агIора хууш ду нохчий боций.
Шайна цхьа са яккха гIерташ хир бу уьш, цхьа пайда баккха гIерташ.

Интернет тIехь дуьйцуш бу шайна центр йоьллур ю бохуш нохчийн културан министро. Центр йоьллуш хилча, нохчий буй хууш болчу Иорданехь а, Шемахь а, Туркойчохь а, Иракъехь а нохчашна елла езаш ма ера. Амма и дIо Абу-ГIошгIарна и еллар хьекъало тIе ца лоцу.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG