ТIекхочийла долу линкаш

ФИФА-на а, Кадыровн фондана а дуьхьал кампани йолийна Transparency International-о


Transparency International сайтан агIонан даьккхина сурт.

Transparency International сайтан агIонан даьккхина сурт.

Коррупцица къийсам латточу Transparency International организацино йолийна «Гучуваккха коррупционер” цIе йолу кампани. Цу организацино доьху юкъараллин санкцеш кхайкхор коррупци лелочу 9 декъашхочунна. Царна юкъахь ю ФИФА а, Кадыровн фонд а.

Дуьненаюкъарчу Iедалшца йоьзна йоцучу Transparency International организацино интернетехь йолийначу кампанин цIе ю «Гучуваккха коррупционер" (Unmask the Corrupt). Цуьнан сайта тIехь Чиллан-беттан 10-чу дийнахь зорбане бахьна уггаре а шуьйра коррупцилелорхой.

Transparency International-ан Iаьржачу тептарна тIехь ю, ша аьлча, Нохчийчура Кадыров Ахьмадан цIарх фонд а, Украинин президент хилла Янукович Виктор а, Дуьненаюкъара футболан цхьанакхетаралла а (ФИФА), Тунисан президент хилла Зин эль-Абидин Бен Iела а, долахочуьнан цIе а ца хоьттуш, компанешна регистраци еш йолу Къилбаседа Iамеркера Делавэр штат а.

Цул сов, Transparency International-ан коррупционарашна юкъахь ву миллионаш пачхьалкхан хазнара ахча лачкъийна волу Доминиканан Республикан сенатор Баутиста Феликс а, 100 миллион сов доллар лачкъийна Панаман хилла президент Мартинелли Рикардо а, ткъа иштта 2 миллиард доллар барамехь кхаьънаш эцна «Петробрас» Бразилера пачхьалкхан мехкадаьттан компани а.

Transparency International-о шен сайта тIехь йолийначу кампанино тидам тIеозийна хIинцале а 170 000 стеган. Уггаре а ирча коррупци лелийнарш билгалбехира цу акцин декъашхоша адамаша кхаж а тосуш, царах алсам адамийн бакъонаш йохош берш тидаме а оьцуш.

Кху дуьнентIера ерриге а аьлча санна пачхьалкхашкарчу наха хаамаш бинера Transparency International-е шайн махкахь болчу коррупционерех лаьцна. Цу кехатана тIехь вара 383 коррупционер. Ткъа хIинца царах къастийначарна дуьхьала юкъараллан санкцеш кхайкхо еза аьлла кхайкхам бина Transparency International организацино.

Цо буьйцучу коррупцин дайшна юкъахь хьехаош ю 2004-чу шарахь кхоьллина «Кадыров Ахьмадан фонд». Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар динера, цу фонде ахча луш берш нохчийн къомах болу бизнессхой бу аьлла.

"Коммерсант" газето дийцарехь, цу фондан ахча гулдаран масийтта сурсат ду, шайна юкъахь шаьш доккхучу рицкъан 10 процент цига хьажош болу нохчийн бюджетера алап луш болу белхахой а болуш.

Transparency International-о шен сайта тIехь мелла а шуьйра дуьйцу шаьш шайн талламана юкъаозийначерах лаьцна.

https://unmaskthecorrupt.org/#section-contest

https://unmaskthecorrupt.org/download/kadyrov_ru.pdf

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG