ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Италехь мохк бегоран дакъа кхаьчна нохчийн зударшна а


Итали -- Модена-гIалахь килсана хьалха гулбелла мохк бегоро синтем байина нах, 29Стиг2012
Итали -- Модена-гIалахь килсана хьалха гулбелла мохк бегоро синтем байина нах, 29Стиг2012

ТIаьхьарчу иттех дийнахь масийттоза мохк бегийна Италехь, иттех сов стаг а вуьйш. Эзарншакахь ду тховкIело йоцуш бисинчу нехан терахь. Амма беккъа меттигера бахархой хилла ца Iа Италехь мохк бегорах бохам баьлларш. Царна юкъахь Нохчийчоьнан бахархой а бу, йохк-эцар лелон цу махка бахана болу.


Италерчу Эмилья-Романа цIе йолчу регионехь мохк бегор Стигалкъекъа-беттан 29-чу дийнахь Iуьйранна доладелира. Официлан хаамашца, Рихтеран бустамца 5,8 дакъа ондалла йолу и мохк бегор, инзаре хиларан тоьшалла ду, цу бохаман эпицентр Италерчу Модена олучу меттехь хиллехь а, латта дегор хаалуш хилла хилар 500 километр цунна гена Iуьллучу Австрехь а.

Карахь болчу хаамашца, мохк а бегийна вийна 15 стаг. Амма меттигерачу Iедало и терахь алсам дала мегаш ду боху. ХIинцале а кхечу меттигашкахь тховкIело карийначеран терахь ду 6000 стаг. Орцанан сервисийн белхахой хIинца а шайн белхаш дIахьуш бу йохийначу гIишлойн херцаршлахь.

И мохк бегор ловш йолчу Италера Эмилья Романья цIе йолу меттиг туристашна уггара а дукха езачерах ю. Цул совнах дерриг а дуьнентIера йохк-эцар лелош болу нах а оьху цига. КIезиг бац царна юкъахь Нохчийчура зударий а.

Соьлж-гIалин урамашкахь «Италмода», я «Италера духарш» боху йозанаш яздинчу туьканашкара духарш дукхачу хьолахь цу Эмильян Романа регионехь йолчу Болонья а, Римини а гIаланашкара эцна хуьлуш ду. Кху деношкахь а бу Италехь духарийн керла коллекциш эца бахана нохчийн зударий.

Мохк бегор бахьана долуш шинарин дийнахь аэропорташ кеманаш тIаьхьадисар ловш хиларна, шайн хеннахь Италера цIа баха йиш йоцуш бисинарш а бу царна юкъахь.

И тайпа некъахьовзам а хилла, Римини-гIалахь лаамаза масех де дакха дезначу Хьава цIе йолчу Нохчийчурча яхархочо дийцира, шаьш дIасалелаш дерш дукхачу хьолахь чартеран олу рейсаш еш долу кеманаш ду аьлла. КIирнах шозза шинарин дийнахь а, шоьтан дийнахь а Москохна а, Риминина а юкъахь дIасалела уьш бохуш, яра иза.

«Шинарин дийнахь Риминехь а, цунна уллехь йолчу гIаланашкахь а мохкбегор бахьана долуш, рогIера кема ца гIоттуш дисина. Цундела тхо хIинца тIедогIу шоьтан де тIекхаччалц цIа даха йиш йоцуш, Италехь дисина»,- бохуш, дийцира Хьавас.

Ткъа мохк бегор аша муха-мичахь лайра аьлла, шега хаьттича, Хьавас элира, ша а, шеца хилла кхин а ялх нохчийн зуда а шинарин дийнахь сахуьллучу хенахь Риминина гена йоццуш йолчу Фольи цIе йолчу гIала йоьдуш яра цигахь йорах хIуманаш юхкуш йолу туьканийн складаш хилар а хезна, аьлла.

Шаьш вовшашца хабаре а девлла, хIумма а гуш дацара, амма шайн жима автобус лелорхочо, цец а ваьлла, машен сацийра, бохуш дуьйцу Хьавас. Цо дийцарехь, карарчу хенахь цунна хууш мохк бегийначу регионехь цIа яха кемане хьоьжуш иттех механа еана Нохчийчура зуда ю. Царна мохк бегоро дина зе дац.

Хьахо догIу, кхул хьалха, Зазадоккху-беттан 20-чу дийнахь а хиллера цу меттигашкахь мохк бегор. ХIетахь а даккхий зенаш динера цигахь 7 стаг а вуьш, дуккханна а чевнаш а еш.
XS
SM
MD
LG